2015-чу шеран 24-чу декабрехь 325 шо кхочу гIараваьлла вевзачу оьрсийн бIобаьччано Александр Васильевич Суворовс Измаил гIопехь толам баьккхина. Оцу толаман мехалла йовза лаахь, сих ца луш, кIорггера ойла еш, дIадаьлларг карладаккха дезар ду, Россин а, наггахь дуьненан историн а шира тептарш кегош. Тахана дуьненахь хIоьттинчу хьолах кхета лууш волчунна муххале а хиллачун ойла яр новкъа дац. Иза еккъа Россин истори хилла а ца Iа, цу юккъера цхьадерг вайн декъазчу къомах хьакхалуш ду. Цунах дерг довза вай декхарийлахь ду. ДIадаьлларг довзаро хила тарлучу гIалатех ларво.
А.Суворовн хьалха а хиллера Хонкаран эскаршца тасадаларш. 1768–1774-чу шерашкахь туркашца хиллачу тIемашкахь Туртукай, Козлудже олучу меттигашкахь баьхначу толамашна деллера цунна инарлин чин а. Оьрсийн дипломаташ 1495-чу шарахь дуьйна бу Хонкарахь. Шина къоман йохка-эцаран уьйраш а XVI-чу бIешеран юьххьехь дIайолийна ю. Делахь а, сутаралло кест-кеста тIеман цIерга кхуссура ши пачхьалкх. Къуьйсург юьхьанца Iаьржачу хIорда тIехь олалла дан лаар дара, тIаьхьо цу къовсаман хьаьтта Каспий а, Кавказ а йиллира. Юккъерчу бIешерашкахь (средневековье) ах дуьне туркойн Султанан когакIел дара, цунна ясакх луш дара. Бакъду, масех шарахь туркой шаьш лаьттира астагIчу Тимуран когакIел. ХIинца Анкара лаьттачу меттехь хиллачу тIемашкахь, Мурадан кIант Баязед паччахьаллехь а волуш, 1402-чу шеран 28-чу июлехь астагIчу Тимура хIаллакдинера туркойн эскар, шена ясакх ялар тIедожош. (Дуьненан исторехь «Ангорски тIом» олу цу киртигах). Амма 1405-чу шеран февраль баттахь Тимур дIакхалхар бахьанехь, дагахь доцуш, паргIатбевллачу туркоша иттех шо далале меттахIоттийра шайн мехкан нуьцкъалалла, нехан латтанашка сутара бIаьрг беттар карладоккхуш. 1520–1566-чуй шерашкахь паччахьаллехь хилла Селиман кIант сийлахь Сулейман волуш дуьйна туркой сатесна бара Iаьржачу хIордера Азов хIорда тIе татол даккха. Царна хетарехь, цу татол чу шайн хIурдан кеманаш дIахIиттича, ерриге а Кавказана гуо лоцуш, цигахь деха къаьмнаш санна Султанан когакIел а далош. Амма Иван Грозный паччахь волуш 1556-чу шарахь оьрсаша Астрахань шайн куьйгакIел ялоро новкъарло йо туркошна и сутара сатийсамаш кхочушбан. Цул сов, Астрахань Хонкарна ясакх луш яра. Оьрсийн цу меттигашкахь эвхьазабийлар туркошка лалур долуш дацара. Цкъа мацца а цу тIехула тIом эккха безаш бара. Цундела, кхеташ ду Россис Теркаца гIалгIазакхийн станицаш яхкар. Кавказерчу къаьмнашца йолу юкъаметтиг шайн дIанисъелла яллалц, герзаца дуьйлина тешаме адамаш ду цара Теркаца, Соьлжа-хи йистошца туш тоьхна, даха охьаховшийнарш. Бакъду, чаьмза денош алссам хилла вайнехан исторехь Россица йолчу юкъаметтигашкахь. … Делахь а, хьанна хаьа кхуза туркой схьакхаьчнехь и юкъаметтигаш муха хир яра?! Хонкара махка дIакхаьчначу вайнахана цара дина «хьошалла», Айдамиров Абузара «Еха буьйсанаш» романа тIехь гайтина.
1556-чу шеран 2-чу июлехь дуьйна Россин Iуналлехь ю Астрахань. Цу муьрехь Хонкаран паччахь Сулейман кхечанхьа тIемаш беш вара. Цундела, иза оьрсашкара схьаяккхар тIаьхьалонна дIадиллира цо. Амма Сулейман 1566-чу шеран 6-чу сентябрехь дIавелира. Султанат цуьнан кIентан Селиман караяхара. Шина шарахь сов шен ден чIир кхобу кеп хIиттош Iийначу Селимас, 1568-чу шарахь Къосум-Пашина тIедиллира Астрахань оьрсашкара схьаяккхар. Хьем боцуш 19 эзар гIашсалти валош Къосум-Паша Астрахани схьакхечира. Амма и варе сатуьйсуш Iийча санна, 50 эзар гIашсалти эцна дуьхьалваьллачу Астрахань гIалин коменданта эла Серебрянныйс хьаьшна, дIадаьккхира туркойн эскар. Азов хIорда чу таттаделла хIурдакеманаш, цIеххьана баьллачу мохо (шторм) хIаллакдира. Иштта Россин толамца дIабирзира дуьххьарлера тIом. 1676-чу шарахь кхин цкъа а хилира Россин Хонкарца тIом. Иза Украина бахьанехь бара. Украина шайн мохк лоруш бара туркой. Цаьрца и къуьйсуш полякаш бара. Украинна орцах яьллачу Россис, дIахаийтира полякашна, туркошна нехан латтанаш тIе кхийдаро юьхькIам ца бойла. 1681-чу шарахь Бахчисарайхь бинчу бартаца, Днепр хил дехьа кхийсира Украинех сутара кадетта мостагIий. Бакъду, 1682-чу шарахь Россин паччахь хIоьттина Петр хьалхарниг волавелира Москвана генахь Iоьхкучу хIордашка бIаьрг бетта. Муьлххачу хIордана Iуналла дар, иза пачхьалкхан экономика йохка-эцарца кхиоран, уггаре а атта некъ бу. Цунах бераллехь дуьйна дика кхеташ волу оьрсийн паччахь 1457-чу шарахь дуьйна туркойн когакIел йолу Азов схьаяккха сакIамделла вара. Цу Iалашонца 1695-чу шарахь Кавказехула тIегIурту иза Азовна. Амма нохчаша, гIумкаша шозза шайн латтанаш тIехула дехьа ца волуьйту. ШозлагIа чугIоьртинчу Петр хьалхарчун эскар Эндерийн арахь хиллачу тIемашкахь хIаллакдо, дийна виснарг Iинах чукхуссу. Делахь а, кхозлагIа Воронеж гIалахула 1696-чу шарахь чугIоьртинчу Петр хьалхарчо луьрачу тIемашца Азов схьайоккху. Толамо таро ло оьрсашна Iаьржачу хIордах дIатасабала. Бакъду, нехан толамаш цкъа а лалуш бацара туркой. Россина хаьара уьш хаддаза тIамна кечлуш буйла. 1735-чу шарахь кхозлагIа тIом ГIирмин ахгIайри бахьанехь хилира. 1475-чу шарахь дуьйна, ГIирма Хонкаран долахь ларалуш яра, цунна ясакх луш яра. Амма Россица хиллачу тIемашкахь эшар ца лалуш, туркоша хаддаза кIамдарш деш карзаха бохура ГIирмара гIезалой, Россин дозана тIехь цхьацца талораш, зуламаш дойтуш. Цкъа-шозза дIахьедарш динера Россин паччахьо. Цхьадолчу декъана Россина оьшуш дара и зуламаш. Iаьржа хIорда тIехь долу олалла шордан лааран ойла дIатесна Iаш Росси яцара. Цундела, даима Хонкаран мостагI хиллачу Австрица барт бина, тIом дIаболийра Россис. Амма Росси тола йоьлча, Австри тIамна юкъара дIаелира. Iаьржачу хIорда тIера олалла шордан кхин аьтто ца болуш, 1739-чу шарахь тIом дIаберзо дийзира оьрсийн. Делахь а машар беха ца лаьттира. Полякашца тIом беш долу оьрсийн эскар толамца 1768-чу шарахь Балтике кхачар лан ца делла Хонкаран паччахь волчу Мустафас кхоалгIачо тIом кхайкхира Россина. Оьрсийн эскарна хьалха ваьлла эла Голицын волуш, луьра тасадаларш хилла оцу тIамехь. ТIом бахбала боьлча Екатерина шолгIачо Голицынан метта бIобаьчча эла Румянцев хIоттаво, эххар а цига Александр Васильевич Суворов кхочу. Доцца аьлча, 1774-чу шарахь оьрсийн толамца чекхболу тIом. ГIирма паргIат йолу Хонкаран олаллех, Россин когакIел ца ягIахь а. Бакъду, Россин дола йолу ГIебарта, иштта цхьамогIа гIаланаш а: Керчь, Еникале, Кинбурн. Днепрана, Къилба Бугана юкъахь йолу аре а оьрсийн Iуналлехь юьсу. Уьш дерриге а цу тIамехь туркошкара схьадаьхна латтанаш ду. Россин лулахошка лалур болуш толам бацара иза. Россин бIе шаре даьлла дIадоьду дов тергал деш ца хилла йолу пачхьалкхаш саготта хьаьвзира оьрсашна чу са дан доьлча. XVIII-чу бIешарахь, къаьсттина Петр хьалхарниг, цул тIаьхьа, иштта хьуьнаре паччахь ларалуш йолу Екатерина шолгIаниг куьйгалле хIоьттичхьана Росси кхиаран новкъахь яра. Цуьнан флот де-дийне мел долу ницкъах, говзаллех юзуш яра. И беркате хьал деза ца делира ингалсхошна, французхошна, Пруссехь бехачарна. Уьш цхьацца питане кIамдарш дан буьйлабелира цу муьрехь Хонкаран паччахь хиллачу Iабдул-Хьамидана. ХIоьттинчу хьолан ойла еш ша Султан а вара. Амма 1774-чу шарахь бинчу машаро цунна бакъо ца лора цхьа а бахьана доцуш Россина тIелата. Цундела, ингалсхоша хаддаза Iиттарш, кIамдарш деш ша ца витча, 1787-чу шеран август баттахь цо дIахьедар до Россига оьрсий Гуьржеха гIертарна ша реза цахилар хоуьйтуш. Росси дIахьедарна реза ца хуьлу. Иштта, дIаболало 1787-чу шеран 24-чу августехь кхин цхьаъ оьрсийн туркойн тIом. Туркоша, даима санна, юьхьарлаьцна Iалашо дукха йоккха яра. Уьш Гуьржийчохь шайн олалла чIагIдаларх тоам бан дагахь бацара, царна ГIирма юхаезара, цуьнца цхьаьна Кинбурн, Херсон юха схьайоккхуш, ерриге а Къилбаседа Кавказехь шайн олалла чIагIдан дагахь бара уьш. Шайх Мансур волу зама ю иза. Туркой бусалба вежарий хеташ, цаьрга гIо-накъосталла дехна Мансура, къоман маршонехьа болу сийлахь некъ чекхбаккха. Амма цунна кхин билггал жоп ца луш, нохчийн къоман бIобаьчча Шайх Мансур шайн махкахь сецош, Россица тIом дIаболийна туркоша. Ши эзар гIашсалти, Iаламат нуьцкъала хIурдан флот хилла цаьргахь. Кхин ледара цу тIамна кечъелла Росси а ца хилла. Екатерина шолгIачо ши эскар даьккхина туркошна дуьхьал. Фельдмаршалан Григорий Александрович Потемкинан куьйгакIел 82 эзар гIашсалти хилла. Фельдмаршалан Пётр Александрович Румянцев-Задунайскин куьйгакIел 37 эзар гIашсалти хилла. Шина а фельдмаршалин куьйгакIел нуьцкъала хIордан флот хилла. Екатерина шолгIачунна уллера волчу Потемкинан мот-эладита бахьанехь, фельдмаршал Румянцев дIаваьккхина, цуьнан метта инарла Репнин Николай Васильевич ваийтина паччахьо. Репнинан Iуналлехь тIом бина ву Александр Васильевич Суворов. Цкъа делахь, контр-Адмирал Федор Федорович Ушаков коьртехь волчу оьрсийн флото доь ца дуьтуш Керчехь, Тендра гIайри тIехь а хIаллакдина туркойн дерриге а хIурдан кеманаш. Оцу толамо аьтто бина дукха цIий ца Iанош Хаджибей (хIинцалера Одесса) схьаяккха. Инарла Репнин коьртехь волчу эскаро лаьхкина Дунайл дехьа кхийсина туркой, цул тIаьхьа Бабадага, Мачина олучу меттехь хIаллакбина дукхахберш. Цундела олу инарлех Репнин-Задунайский. Кавказехь туркошкара схьаяьккхина Анапа гIала. Цу тIамехь Россин долаяьлла ерриге а ГIирма. 1790-чу шеран шийлачу гуьйранна Измаил гIопехь хьулбелла Хонкаран эскарх бухабисина пекъарш. Дуьхьало, дагахь доцчу кепара, чIогIа йина цара. Ша гIап хилла Iаламат нуьцкъала. И тIом дIаболабайта немцойн, французхойн говзачу инженерашка, церан пачхьаша туркошна совгIатна йогIийтина хилла и гIап. Цуьнан сийлалла лакхайокхуш Хонкаран паччахьо шен кIентан Исмаилан цIе тиллина гIопана. Шина бастионах лаьтташ яра гIап, царна чохь дIахIоттийна 260 йоккха топ а йолуш. Цул сов 6 чаккхарма беха, 8 метр лекха говран ленан куьцехь, нуьцкъала пен бара цунна гуонаха боьттина. Пенна хьалха итт метр кIорга, шийтта метр шуьйра ор дара. ГIопана къилбехьа, пенан дуьхьало йоцчохь Дунай хи дара. ГIопа чохь 35 эзар бIаьхьо вара. 1790-чу шеран ноябрь баттахь оьрсий 31 эзар стагах лаьттачу эскарца тIегIоьртира гIопана. Царах 28,5 эзар стаг гIашсалти вара. 2,5 эзар дошло вара. Оьрсийн эскарца 500 йоккха топ яра. Хин кеманаш Дунай тIехь дIанисделла, гIап Iалашо лоцуш дIахIиттира. Оьрсий шозза тIелатаро толам ца белира. Цхьаболу оьрсийн инарлаш шайн бIаьхой Iаьнан хIусамашка дIанисбаран ойла еш бара, толамах дог а диллина. ХIоьттина гIайгIане хьал хийцира 1790-чу шеран 25-чу ноябрехь Измаил гIап яккхар инарла Александр Васильевич Суворовна тIедилларо. Дерриге а оьрсийн эскарна коьртехь лаьтташ хиллачу Потемкина Григорий Александровича шен лаамехь витира Суворов, цуьнан бIаьхаллин хьуьнарех шен шеко ца хиларна. 1790-чу шеран декабрь беттан 2-чу дийнахь схьакхечира Суворов Измаил гIопе. БIаьстене ца хьоьжуш, катоьхна гIап схьаяккхар бегIийла хийтира цунна. Исс дийнахь тIелатарна кечам бина велира инарла. ГIопана гена йоццуш йолчу Броска юьртахь сихонца лекха пен бина, цунна уллехь кIорга ор даьккхина, Измаил гIопана уллехь долчарах хьелаш тардина, салти Iамор дIадолийра Суворовс. Кест-кеста «алссам хьацар–кIезиг цIий» бохучу дешнашца, бIаьхойн дог-ойла ир-кара хIоттош. ТIаьххьара тIелатар дIадоладале инарла Суворовс оьрсийн эпсарийн кхеташо гулйира. Къамел доца дира бIобаьччано: шозза тIелатар дина вайн эскаро, шозза юхадаьлла. КхозлагIа тIелата ойла чIагIъелла гулделла ду вай. Цундела, я гIап схьаяккха еза вай, я летта дала деза вай! Берриге а эпсарш реза хилира инарлас динчу къамелана. 1790-чу шеран 7-чу декабрехь Потемкинан цIарах яздина туркошка кехат дахьийтира Суворовс, тIом ца беш, гIап схьаялар тIедуьллуш, шайн лаамехь гIопера арабевлла туркойн бIаьхой дийна буьтург хилар хоуьйтуш. Ойла ян делларг 24 сахьт дара. Туркой реза ца хилира. 11-чу декабрехь, Iуьйранна сатосуш 3 сахьт даьлча дIадолийра оьрсаша Измаил гIопана тIелатар. Инарла Михаил Илларионович Кутузов вара цу тIелатарехь дакъалоцуш. Iуьйранна 6 сахьт долуш гIопана гуонаха болчу пена буьххьехь яра инарла-майора Ласси Борис Петровича куьйгалла ден колонна. Массарел хьалха гIопан кевнехь яра Кутузовн колонна. Iуьйранна 11 сахьт долуш, церан аьтто белира кевнаш схьаделла. ШолгIачу дийнахь пенал чоьхьа беш бара тIом. Цхьа гIулч герга кхаьчнера оьрсийн эскар Измаил гIопана. Амма кхоччуш толам баккха кхин а кIирнах сов тIемаш бан дийзира. 20-чу декабрехь дIатийра кхаа кIирнах хаддаза лилхинчу герзийн гIовгIа. Даима санна, толам баьккхинчу салташна, кхаа денна дIаелира Измаил гIап. 1790-чу шеран 22-чу декабрехь Михаил Илларионович Кутузов туркойн бIаьхойх дIацIанйинчу Измаил гIопан комендант хIоттийра. Инарла Александр Васильевич Суворовн хьекъал, доьналла, бIаьхаллин хьуьнар бахьанехь 325 шо хьалха Измаил гIопехь оьрсийн эскаро бIаьрла толам баьккхира. Россин халкъийн иэсехь массо ханна яха йисина цуьнан сийлахь цIе. Тахана Измаил гIопах гIала хилла. Иза Украинерчу Одессин областана юкъайогIуш ю. Ткъа 1787-чу шарахь тIом болийна Хонкаран паччахь Iабдул-Хьамид хьалхарниг Измаил гIопехь шен эскарх хилларг хиъча, инсульт хилла метта воьжна. Беа баттахь шен дегIана дан дола доцуш, меттахь Iиллинчул тIаьхьа, дIаваьлла иза. Цул тIаьхьа паччахь хIоьттинчу цуьнан кIанта Селима кхоалгIачо цхьацца ка-мIараш йиттина, кхидIа а тIом беш ву ша боху кеп хIиттош. Амма 1791-чу шеран декабрь баттахь кхидIа тIом бан ницкъ боцчу Селима кхоалгIачо машар бехна оьрсийн эскаре. Цу машаран мах Iаламат лакхара хилла. «Ясский мир» олу цунах дуьненан исторехь.
А.ГАЗИЕВА
№148, шот, гIуран (декабрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо