Кху деношкахь Соьлжа-ГIалахь схьайиллира бахархойн пачхьалкхан а, муниципальни а хьашташ кхочушден йолу Республикин дуккха а таронаш йолу центр.
ДIадаханчу шеран мартехь ян йолийна яра центр. И гIат а, ларми чохь чоьнаш а йолуш, бахархошна тIебахка, белхахошна оьшу дерриге а хьелаш долуш, хIинцалерчу лехамашца йогIуш, йина ю гIишло.
Центр схьайоьллучохь, дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин региональни кхиоран министр Слюняев Игорь, Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин МВД-н министр Алханов Руслан, Нохчийн Республикин экономика а, мохк а кхиоран, махлелоран министр Хучиев Муслим, иштта районийн куьйгалхой, кхиберш.
– Доккха ниIмат ду хIокху кепара центр вайн республикехь схьаеллар, – бохура цхьаьнакхетар дIадолош, къамел динчу Хучиев Муслима, – БIе эзар вахархочун хьашташ кхочушдан лерина ю хIара. ТIедогIучу шарахь бен чекхъяккха лерина а яцара, амма республикин куьйгалло оьшучуьнца тIех дика кхачояр бахьанехь билгалйинчу хенал хьалха йина яьлла. Карарчу шарахь вайн республикерчу районашкахь а хIара тайпа кхин а 9 центр ян Iалашо ю. Шеко яц, дуккха а таронаш йолу центраш яхкарца бахархойн алссам проблемаш дIаевриг хиларх.
Таханлерчу хиламца гулбелларш декъал а беш, къамел дира республикин Куьйгалхочо.
– Россин Федерацин Президента Путин Владимира тIедохкуш долу декхарш хенал хьалха а, кхачо йолуш дина а кхочушдеш схьайогIуш ю вайн регион. Республикехь иштта хенал хьалха йина схьайоьллучу объектех цхьаъ ю хIара центр а. Вайн декхар ду бахархойн Iер-дахар тодар, хаздар. Цу новкъа яьккхина рог1ера гIулч а ю хIара, – бохура Р.Кадыровс.
Россехь а уггаре а сихачу боларшца кхуьуш йолчех цхьа регион Нохчийчоь хилар билгалдаьккхира Слюняев Игора а.
– Вайна массарна а гуш ду Россин Федерацин Президентан тIедахкаршца Нохчийн Республика тIех дика ларош хилар. Де дийне мел дели толуш схьадогIуш ду дахар. Регионийн куьйгалхойх а тоьллачех цхьаъ ву Кадыров Рамзан, иштта Куьйгалхо хьалха волуш шуна хIумма а хала дац республика кхио, – билгалдаьккхира Россин Федерацин региональни кхиоран министра.
Къамелаш динчул тIаьхьа ламасталлин цIен аса а хадийна, гIишлонна чоьхьабевлира хьеший. Массанхьахула а бIаьрг тухуш, чекхбевлира уьш, къамелаш дира Республикин дуккха а таронаш йолчу центран белхахошца.
Белхахойн балха тIехь кадолийла а, тIаьхье беркате хуьлийла а шайна лууш хилар а хаийтина, дIасабахара хьеший.
Р.Мусипов
Авторан сурт
