1957-чу шеран 9-чу январехь Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIоттийча, цIа дахка бакъонаш а йохуш, Даймахка юхаберза буьйлабелира нохчий а, гIалгIай а, махках даьхна хилла кхидолу халкъаш а. Хьалхарчаьрца цIа даьхкира тхо а. Алды станцехь сацийра тхо тIехь долу киранаш кхоьхьу цIерпошт. Нах охьабиссо болийра. Амма уьш тIеховшо схьатеттинчу киранаш лелочу машинийн шоферашна тIедуьллура машенаш Невре, я Шелковски дIаяхийтар. Оцу районашка иштта дIабигна, бехаш бу хIинца цигахь Iаш болу нохчий. Амма тхан аьтто белира Соьлжа-ГIалахь совца. Заводской районехь ширъелла, дIатесна лаьтташ йолу пхоьазза тIекIелйина корматаллин дешаран училище хиллачу гIишло чу дIанисделира. Амма цу чохь нах баха хьелаш дацара. Чоьнашна юккъехь пенаш, кор-неI дацара, кхийолу бегIийлаш ца йийцича а.
Дукха адамаш гулделлера оцу цIеношкахь. Казахстанан а, Юккъерчу Азин республикашкара а нах цIа эхар алсамдаларе хьаьжжина дукха IаьIаш дара уьш. Дуьххьара цигахь вевзира суна Дадашев Iабдулла. ТIаьхь-тIаьхьа кест-кеста хуьлура сан, Iабдуллин цхьаьнакхетарш. ТIаьххьара а, вовшийн амалш, гIиллакхаш цхьаьнадеана, тIеттIа чIагIлуш дIадахара тхойшиннан доттагIалла. И гергарло дайшка-наношка а делира. ЦIенош дан Алдехь лаьттан дакъош декъа долийча, Iабдуллин дас Катис тхан дега чIогIа дийхира, шайца цхьаьна лаьттан дакъа даккхийтина, цига шаьш долчу дIавар. Амма тхуна Калилинан поселкехь кхечира дакъош. Цигахь даха дисира тхо. ХIетахь тхойшиннах цхьанна а ца хаьара тхойшиъ юха а балхахь цхьаьнакхетар вуйла.
1957-чу шеран июнехь юха а арахеца долийначу «Ленинан некъ» газетан хьалхара номерш, оха шимма дакъа а лоцуш арахийцира. ХIетахь тхан герггара накъостий бара Кагерманов Докка, Джабраилов Мохьмад, Матиев Ваха, Батаев Мустапа, Саракаев Хьамзат, кхиберш. Яккхий халонаш лан дийзира газет арахоьцуш. Амма оха белхаш бира, и халонаш эшош. Цу тIехь, тхуна гIо дира редакцин коллектив вовшийн диканехь-вонехь вовшийн гIо лоцуш, вовшашца ларам болуш, бертахь, шен декхарш хьанал кхочушдеш хилла хиларо.
Газетан болх шен орамашкара дуьйна караберзорхьама, нагахь санна газетан белхахо дешна, корматаллин журналист вацахь, газет даран къайленаш кхачам боллуш йовзархьама, къаьсттина пайдехь ду корректорски чуьра дIаволавалар. ТIаккха журналистана дика евза язъяран а, газет кечдаран а къайленаш. Оцу «кухни чухула» чекхдевлира тхо. Тхоьца цхьаьна Iабдулла а.
Алма-Атахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газетехь болх бина хиларна, суна мелла а бевзара болх. И сайн белхан зеделларг, хаарш ас комаьрша довзуьйтура сайн накъосташна. Уьш цара резахуьлий дIа а оьцура.
Iабдуллас белхаш бира корректорскехь а, выпускающи волуш а. И корматаллаш цо дика кара а ерзийра. Цул тIаьхьа, Iабдуллин белхан корматалла шаръяларе хьаьжжина, иза редакце схьавалийра. Юьхьанца цо болх бира корреспондент хилла. И болх а цунна йоццачу хенахь дика карабирзира. Iабдуллас язйора корреспонденцеш, очеркаш, статьяш, репортажаш. Къаьсттина дика нислора цуьнан публицистически статьяш.
Дукха хан ялале Iабдулла редакцин жоьпаллин секретаран балха хIоттийра. Иза хIинца редакцехь куьйгалхойн даржехь кхозлагIа стаг вара. Хьалха выпускающин болх бина волчу цунна, шен керла гIуллакх дика девзара, и белхаш цхьаьнабогIуш хиларна. Цунна хьеха ца оьшура муьлха материал, сурт мичхьа дилла деза, газет хIун дича хаза кечдина хир ду. Iабдуллин корматаллех, цуьнан хаарех, вовшахтохараллин хьуьнарех дозуш дара редакцин ерриге а коллективан болх кхиамца дIабахар, шена хьалхахIиттийна декхарш цо дуьззина кхочушдар.
Жоьпаллин секретарь хIоьттина аьлла, газете яздаран гIуллакх ца дитира Iабдуллас. ХIинца алссам тидам тIебахийта болийра цо ша язъеш йолчу материалийн исбаьхьаллин агIонна. ТIаьхь-тIаьхьа алсам язъян волавелира очеркаш а, публицистически материалаш а, дийцарш а. Газетехь зорбатоьхна ца Iаш, уьш арахоьцура «Орга» журналехь а, кхечу изданешкахь а. Шен произведенешкахь Iабдуллас дуьйцура къинхьегаман стагах, цуьнан гIиллакхех, гIуллакхех, дахарехь йолчу цуьнан меттигах лаьцна. ТIеман тема а ю Iабдуллин произведенешкахь йоккха меттиг дIалоцуш.
Республикехь цIеяххана бевзаш болчу яздархошца герггара доттагIалла дара Iабдуллин. Иза кест-кеста ган тарлора Музаев Нурдица, Сулаев Мохьмадца, Айдаев ЮшаIца, кхечаьрца а цхьаьна. Ткъа Мамакаев Мохьмадца цIенна адамийн хилла ца Iаш, герггара кхоллараллин доттагIалла дара цуьнан. Оцо доккха гIо дора цуьнан яздаран балхахь.
Iабдуллин дуьхьарлера повесть – «Юнасан гIалат» – араелира 1961-чу шарахь. Ткъа 1966-чу шарахь зорбатоьхна, арахийцира цуьнан хьалхара книга – «Хьо вац сан да». Цунна юкъаяхара «Хьо вац сан да» повесть а, «Цхьаьнакхетар», «Нуьйда» цIе йолу забаре дийцарш а.
Iабдуллин шолгIа книга араелира 1969-чу шарахь, «ГIалат» аьлла цIе а йолуш. Цунна юкъаяхара «ГIалат» повесть а, «Бер дайна нана», «Деса ведарш» цIе йолу забаре ши дийцар а. Цул тIаьхьа цо язйира «Чевнаш йоьрзу», «Цхьана буьйсанна», «ТIаьххьара аз», «Лаьмнашка некъ», «Кхайкхаза хьаша», «Зойрбекан шовда», «Бекхам», «Ракетчик лачкъор», кхиерш а – ерриге иттех сов книга.
Дадашев Iабдуллин кхоллараллехь ша тайпа башха меттиг дIалоцу, цуьнан уггаре а йоккхачу «Цакагбелларш» произведенино. Иза вайнах цIерабахарна тIера карарчу замане кхаччалц болчу боккхачу муьрехь хиллачу гIуллакхех лаьцна ю. Язъяран хотIаца а, шен чулацаман башхаллица а вукхарех тера йоцуш, шен къаьсттина йолу меттиг дIалоцуш ю иза.
Ала деза, Iабдуллин произведенеш нохчийн мотт, гIиллакхаш, дахар кIорггера довзарца, царех хаарца пайдаоьцуш язйина хилар. Шен кхоллараллица Iабдуллас йоккха хазна юкъайиллина нохчийн литература, журналистика, культура кхиорна.
Башхачу, баккхийчу хиламех юьзна хиллачу заманахь ваьхна Iабдулла. Цо шех бехк баккха ледарло ца йолуьйтуш, дуьззина кхочушдина шена юкъаралло тIедиллина декхар. Цуьнан жамI ду цо шел тIаьхьа, тIекхуьучу тIаьхьенна йитина шен произведенеш. Оцу тIаьхьено хьакъ боллу мах а хадор бу церан.
Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь. Деца-ненаца цхьаьна махках, цIийнах ваькхина, Казахстане дIавигна. ЦIерадахале школехь ялх класс а, дIадахийтинчохь школа а чекхйоккху цо. Цул тIаьхьа, юьртан бахамехь, гIишлошъярехь, шахтехь, кIади дечу комбинатехь белхаш бира. 1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайчу цIа веара. «Ленинан некъ» газете балха вахара. Чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультет.
1970-чу шарера 1980-гIа шо кхаччалц Хьалха-Мартан районерчу «Ленинская правда» газетан редактор вара. Цул тIаьхьа, Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзехь исбаьхьаллин литературин пропаганда яран бюрон куьйгалхо Iийра. Ткъа цигара пенсе вахара. Iабдулла кхелхира 2010-чу шеран 5-чу мартехь.
Iабдуллас ша ирс долуш лорура. Иза ларамаза а дацара. Хийла зуда шега нислур йоцуш, Iабдулла ша а санна, оьзда, гIиллакхе хIусамнана Тамуса нисъелира цунна. Иза Iабдуллин дика накъост, тешаме гIортор яра. Дахарх даккхийдеш, ирсе, цхьабарт болуш дехира и шиъ. Иштта оьзда, гIиллакхаш лардеш, шайн дерриге а дахарехь вочух, зуламечух ларлуш, хьалакхиъна церан доьзал а. ДадашевгIаьрца богIуш, церан амалехь, гIиллакхехь бу цара балийна церан кIентийн зударий а.
Iабдулла дийна мел ву вовшашна тIевоьдуш, къона долуш тхуна юккъехь хилла гергарло ца ходуьйтуш схьавогIура тхойшиъ. Цкъа иза волчу ваханчохь (цу хенахь иза меттахь висина вара), цо соьга элира:
– Салавди, вай цхьаьна мел деха а ца хаьа, вайх цхьаъ дIакъастале (схьа ца аьллехь а, цо дIакъостуьйтуш верг мила ву хууш дара) цкъа цхаьнакхетийтахь вай, со волчохь. Кхечарачул атта ахь дийр дара иза.
– Ткъа мила вало лаьара хьуна? – хаьттира ас.
Цо цIераш ехира ша волчохь шена ган луучеран. Цаьрга массаьрга а хьалххе хаам бира ас билгалйинчу хенахь Iабдулла волчу даха дезарх лаьцна. Массо а резахилира. Iабдуллас билгалбаьхначарех цхьаберш бига ницкъ ца кхаьчнехь а, амма дукхахберш вовшахтоьхна, IабдуллагIаьрга дахара тхо: Саракаев Хьамзат, Дадуев Абу (хIетахь иза цомгаш, кIелвисина, меттахь вара), Магомаев Леча. Гуттар а санна, мерза кхача кечбинера Iабдуллин хIусамнанас Тамусас. Массо а чIогIа самукъадаьлла вара, къаьсттина Iабдулла. Суьрташ дахийтира. И де цкъа а дицлур доцуш, дагахь дисира цигахь хиллачу массарна а. Оцу цхьаьнакхетарх лаьцна ас дийцира иза, Iабдулла адам дезаш, цаьрца ларам болуш хилла хиларан масал хиларна.
Дадашев Iабдулла а, цуьнан кхолларалла а бIаьрла хилам бу вайн нохчийн литературехь. Цуьнан маьIна гойтуш, хьакъ боллу мах хадор ду Iабдулла Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъ волу белхахочун цIе тиллина хилар. Правительствон а, ведомствийн а кхидолу совгIаташ дина а вара. Иза СССР-н (Россин) Яздархойн союзан а, СССР-н (Россин) Журналистийн союзан а декъашхо вара.
Тхуна, цуьнан хиллачу накъосташна, тхаьш даллалц, дагахь лаьттар ву тхешан доттагI, тешаме накъост. Дала декъалвойла иза.
С.МАГОМАЕВ
№148, шот, гIуран (декабрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо