Шеман Iедалан эскарша тIаьхьарчу иттех дийнахь «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна юккъера масех бIе террорист хIаллаквина. ДIахьош ду царах махкара гIаланаш, ярташ цIанъяр.
***
Iаьрбийн Пачхьалкхийн Лигин декъашхоша Хонкаран куьйгаллина тIедиллина шайн эскарш сихонца Иракера арадахар.
***
«Иблисан пачхьалкх» террористийн организацина наркотикаш йохкарх хIора шарахь хуьлуш болу пайда 500 миллион доллар бу.
***
ОвгIанехь боккха некъан бохам хилла пассажирийн автобус а, бензин дIасакхоьхьу машен а вовшах а кхетта. Оцу бохамехь 50 стаг кхелхина.
***
СаIудийн Араверчу цхьана больницехь цIе ялар бахьанехь 25 стаг кхелхина. Лазийнарш а, багийнарш а бу.
***
Шемина 6,1 миллион доллар механа гIо дан тIелаьцна Чинин Iедало. И гIуллакх къобалдина Россин куьйгалло.
***
Масех шо хьалха дуьйна а Шемахь тIеман карчам бан гIерташ хилла США. ХIокху деношкахь гучудаьлла и бакъдерг.
***
Россин а, Индин а куьйгалхоша 15 бартана куьйгаш яздина. Цу юкъадогIу политикин, экономикин, тIеман, культурин, кхечу дакъошкахь цхьаьна гIуллакхаш дар.
***
Россин Президента В.Путина кху шеран тIаьххьара кхеташо дIаяьхьира правительствон декъашхошца. Царна тIедиллира тIедогIучу шарахь экономика кхиорехь кхин а жигара гIуллакхаш дар.
***
Россин оборонан министерствон Генеральни штабо Францин оборонан министерстве дIабелла Хонкарара террористаш Шема дехьа бохуш хиларан хьокъехь болу хаамаш.
***
СНГ-н оборонан министрийн Советан кхеташо хилира Москвахь. Церан барт хилира терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал цхьаьна, вовшех дага а довлуш, къийсам дIабахьа.
***
Леррина операци дIахьочу хенахь Кхарачойн-Чергазийчохь кхоъ а, Дагестанехь цхьаъ а террорист хIаллаквина.
№148, шот, гIуран (декабрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо