дIасадийкъира ерриге а Къилбаседа
Кавказехула
Хетарехь, Нохчийчохь санна чIогIа даздеш дац дуьненан цхьана а махкахь Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла РаббиIул-Аввал беттан шуьйтталгIа де. Оцу Iуьйранна кхо сахьт далале дуьйна «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь вовшахкхийтира вайн республикера а, Россин тайп-тайпанчу регионашкара а эзарнаш бусалбанаш. Цига кхача аьтто ца хиллачара шайн цIахь буьйсанаш денйира, Далла Iамал-Iибадат деш, Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салаваташ дохкуш.
Оцу а, цул хьалхарчу а деношкахь сагIанаш дехира, мовладаш дийшира Нохчийчоьнан ярташкахь, гIаланашкахь. Даима санна, шен комаьршалла гайтира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо. Цуьнан президентан Кадырова Айманин дехарца сагIийна шекар, дуга, дама, кхидолу кхачанан сурсаташ а, ткъа иштта Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лелийначу кедаца дIасадоьттина хи дIасадекъийтира Дагестанерчу, ГIалгIайчуьрчу, Къилбаседа ХIирийчуьрчу, ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу, Кхарачойн-Чергазийчуьрчу, Ставрополан крайрчу кхечу регионашкарчу эзарнаш бусалбанашна. Цигарчу гIийлачу-мискачу нахана, дIасадийкъира 40 эзар гали шекар, дуга, дама, ворхI эзар шиша хи (Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лелийначу кедаца дIасадоьттина долу). Вуьшта аьлча, Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу хIора регионехь сагIийна дIасадийкъира 57 тонна кхачанан сурсаташ а, цхьа эзар шиша хи а.
Оцу регионашкарчу бахархоша боккха кхаъ хиларца схьаийцира шайна даийтина сагIа. Уьш тахана а, цуьнца доьзна, баркаллаш бохуш бу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан президентана Кадырова Айманина а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а шаьш дагадахкарна а, шайн гIайгIа барна а, бусалбанийн хIора дезачу дийнахь шайна совгIаташ дарна а, шаьш долчохь даккхий сагIанаш дахарна а.
Баккъал а, комаьршалла езаш ву-кх вайн хастаме АллахI. Делахь-хIета, шегара Шен дуьхьа комаьршалла гойтург а веза-кх Далла. Везачу Дала къобалдойла цуьнан а, вайн массеран а сагIанаш. Шен комаьршонехь кхин а совйоккхийла фонд а, цуьнан куьйгалхо а.
Д.АНАДЕВ
№148, шот, гIуран (декабрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо