«Шегара забар дIаяьккхича, цунах кхоччуш нохчи хир вацара» аьлла хиллера мацах цхьана гIараваьллачу яздархочо бохуш, наггахь дуьйцуш хеза вайна. Иза цхьамма аьллехь а, халкъо аьллехь а, нохчашца догIуш хетало. Вайн халкъо дуккха а баланаш лайна, амма забарх ца хаьдда… Я воккханиг а, я къонаниг а.
Соьлжа-ГIаларчу концертийн-театран зала чохь дIаяьхьира Кадыровн Кубок къовсарна лерина йолу рогIера КВН-н нохчийн Лига. Амма Лига «нохчийн» аьлла, къастийна хиллехь а, цу юкъахь дакъалацархьама Нохчийчуьра хилла ца Iаш, Ростовера а, Нальчикера а, Пятигорскера а, Махачкалара а тобанаш яра яьхкина – ерриге а 15 тоба. ХIинца дуьйна Кадыровн Кубок къовсарна лерина КВН-н Лига нохчийн хилла ца Iаш, регионашна юкъара а хир ю.
КВН-н фестиваль дIаяхьарехь Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствона гIо-накъосталла дина А-Хь.Кадыровн цIарахчу регионан юкъараллин фондо.
Фестивале хьовса баьхкина бара беза хьеший: Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Парламентан спикер Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, кхиберш.
Тобанийн гайтаршна жамIаш дайта вовшахтоьхна жюри а яра. Цунна юкъабогIуш бара гIарабевлла болу нах: Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волу министр Тагиев Мурат, оьрсийн кинон актер Бижоев Аслан, спортсмен Гучигов Альберт, кхиберш.
Кхузахь ала догIу, кхушара фестиваль кхойтталгIа дIаяьхьна хилар. Дакъалоцучу тобанаша, ламастех иза хиларе терра, чIогIа самукъадаьккхира баьхкинчу хьешийн: беламе забарш хилла ца Iаш, карарчу хенахь юкъараллехь йолчу проблемийн хьокъехь кечдина гайтарш а дара дукха.
– Аш чIогIа самукъадаьккхи тхан. ХIора а тоба яра таханлерчу къийсадаларшкахь дика кечам бина дакъалаца. Иштта, кхузахь шен метта хир ду, Нохчийчохь лаккхара демократи ю аьлча. ХIунда аьлча хIара зал юьззина болу хьеший тешна а болуш, аш шайн гайтаршкахь нехан хьокъехь йина ца Iаш, Iедалан хьокъехь а, вайн юкъараллин кхачамбацарийн хьокъехь а забарш йира. Баркалла шуна! – элира сцени тIе ваьллачу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р. Кадыровс.
Кадыров вистхилла ваьллачул тIаьхьа, жюрис фестивалан коьрта совг1ат – Кадыровн Кубок – муьлхачу тобанна кхочу хаийтира Жюрин берриге а декъашхойн хиллачу сацамца, 2015-чу шеран КВН-н Лигин коьрта совгIат Кадыровн Кубок кхечира Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан тобанна.
Иштта, фестиваль дIаерзош, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра Тагиев Мурата хаийтира, Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо фестивалан хIора а декъашхочунна ахчанца совгIат дина хилар.
Д1адаханчу шеран Лигехь Кадыровн Кубок яьккхинера Нохчийн пачхьалкхан университетан тобано. ХIинца, 2016-чу шеран Лига тIекхаччалц, Кадыровн Кубок лаьттар ю Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан коьртачу корпусехь.
И.ХАСАХАНОВ
Суьрта тIехь: КВН-н нохчийн Лигин декъашхой
№148, шот, гIуран (декабрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо