Бомбанаш етташ долу Россин СУ-24 кема Хонкаран кемано дохоре хьаьжна доцуш, оцу шина мехкан халкъашна юкъара юкъаметтигаш шаьш ма-хиллара, доттагIаллин хилла юьсург хиларх тешна ву Россин Федерацин кхечу мехкийн гIуллакхийн министр Лавров Сергей.
Цу хьокъехь министра хаам бира Хонкаран халкъийн демократин курдийн Партин сопредседательца Демирташ Селахаттинца хиллачу цхьаьнакхетарехь.
«Россихойн-туркойн юкъаметтигашкахь хала хенаш яьхкина… Амма Хонкаран куьйгалло, терроризмана дуьхьал тIеман гIуллакхаш деш хилла вайн кема дохийнера аьлла, берриге а туркошца вуон юкъаметтигаш хуьлийла дац, дерриге а халкъ оцу хIуманна бехке дойла дац. Хонкаран а, Россин а халкъийн хьалха дуьйна вовшашка тешам, ларам болуш, дика юкъаметтигаш а хилла, культурин, экономикин, кхидолчу а дакъошкахь цхьаьна проекташ кхочуш а йина. Со тешна ву, кхидIа а иштта хирг хиларх», – элира С.Лавровс.
СУ-24 кема дохор а,
Россис цунна дуьхьал дина гIуллакхаш а
Москван а, Анкаран а юкъаметтигашкахь хала мур беана кху шеран 24-чу ноябрехь терроризмана дуьхьал тIеман гIуллакхаш кхочушдеш, Хонкаран дозана уллехь, Шемана тIехула лелаш долу Россин бомбанаш етта СУ-24 кема Хонкаран тIеман-хIаваан ницкъаша дохор бахьанехь. Анкарас чIагIдарехь, Россин кемано, Шемана тIехула лелачу хенахь, Хонкаран «хIаваан доза» дохийна. Россин Федерацин оборонин министерствос дIахьедо СУ-24 кема Шемина тIехула бен лелла цахилар а, «Хонкаран хIаваан доза дохийна» бохург бакъ цахилар а. Россин Президента билгалдаьккхира бомбанаш етташ долу вайн кема дохор вуон тIаьхьалонаш йоцуш дуьсур дац, россихойн, туркойн юкъаметтигашна цо тIеIаткъам бийр а бу, аьлла.
28-чу ноябрехь Россин Фередацин Президента Путин Владимира «Россин къоман кхерамазалла латторехь а, Россин бахархой зуламечу а, законца догIуш доцчу а гIуллакхех ларбарехь а, Хонкаран Республикина дуьхьал леррина экономически гIуллакхаш кхочушдарехь а бан безачу белхан хьокъехь» долу Указ тIеийцира. Оцу Указца нийса а догIуш доьхкуш ду Россин Федераце Хонкарара цхьадолу сурсаташ чукхехьар а, Россехь болх бечу организацешна шайн гIуллакхаш кхочушдар а. Ткъа 2016-чу шеран 1-чу январехь дуьйна Россехь туркой цхьадолчу белхашка схьаэцар магош дац.
А.ХАСБУЛАТОВА
№148, шот, гIуран (декабрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо