Дерриге а декхарш цхьаьна кхочушдийр ду

    Россин Президент Путин Владимир куьйгалла деш а волуш, Пачхьалкхан Советан кхеташо хилира Москвахь.466

    Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Кхеташонехь дакъалоцуш бара иштта регионийн, политически партийн куьйгалхой а, федеральни министраш а, юкъараллин деятельш а.

  Дийцаре дира Россехь юкъарчу дешаран система кхиоран гIуллакхаш.

«Герггарчу иттех шарахь Россин школа дуьненахь уггаре а тоьлашха яран доккха декхар ваьшна хьалхахIотто вайн таро ю аьлла хета суна. Со тешна ву керла декхар политически берриге а ницкъаш, Iедалан дерриге а тIегIанаш, мехкан бахархой цхьаьнатоха таро йолуш а, декхарийлахь а хиларх, юкъараллин хьашташна а, къам кхиоран гIуллакхана а жоп луш  иза хиларх. Мехала ду вайн планаш кхочушъяран  эвсаре некъаш, гIирсаш цхьаьна билгалбахар», – элира В.Путина, кхеташо схьайоьллуш.

Пачхьалкхан Совет хьаьжира дешарехь кхолладеллачу хьоле, билгалдехира федеральни а, региональни а тIегIанашкахь дешаран система кхиорехь хьалхарчу рогIехь кхочушдан деза декхарш. Иштта дийцаре дира «2013–2020-чуй шерашкахь дешар кхиор» пачхьалкхан программа кхочушъяр дIадахьар.

В.Путина хаам бира 2016-чу шарахь махкарчу школашна ремонт ярна а, тоеш-карлаяхарна а федеральни бюджетера 50 миллиард сом ахчанах харжаш ян билгалдеш хиларх лаьцна.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира дешаран системехь орамашкара реформа яран декхар Пачхьалкхан Советан кхеташонехь Россин Президента Путин Владимира хьалхахIоттийна хилар.

Цунах лаьцна цо яздина Инстаграмехь йолчу шен аккаунтехь.

«Россин Президента Путин Владимира Россин Федерацин Пачхьалкхан Советан кхеташонехь хьалхахIоттийна Россехь дешаран система орамашкара тояран декхар. Хьалхарчу рог1ехь къамел ду итт шеран хенахь Россин школа дуьненахь тоьлашха йолчарех цхьаъ яран хьокъехь.

Цо иштта хаам бира оцу Iалашоне кхачархьама, герггарчу хенахь кхочушдан дезаш долу дуккха а гIуллакхаш В.Путина билгалдаьхна хиларх лаьцна.

«Уггаре а хьалха, дешаран гIуллакхана тIеерза еза Iедалан федеральний, региональний, меттигерий органаш, ткъа иштта юккъерчу а бизнесан векалш. ДIаса ца таьIIаш кхача деза хьехархойн белхан алапаш экономикехь юккъерчу барамехь долчаьрца нисдаран проблема д1аяккхаре. ЧIогIа мехала бу таллам латтош йолчу органаша тIех совнаха Iуналла дарх а, кехатийн язораш лелорах а школа паргIатъяккхаран лехам», –  яздина Р.Кадыровс.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира Россин Федерацин Президента йовзийтинчу дешарехь йолчу ерриге а проблемех уггаре а ира лаьтташ школашкахь йолчу кхоалгIачу сменин гIуллакх хилар.

«Нохчийн Республиках къаьсттина хьакхалуш ду Владимир Владимировича дийцина долу кхоалгIачу сменах лаьцна долу гIуллакх. Федеральни центро гIо а лоцуш, Нохчийчохь хIокху цхьана шарахь еш ю ткъе итт школа. Цкъачунна эзарнаш бераш ду кхоалгIачу сменехь доьшуш. Иза Iедал доцуш а, тIемаш болуш а хиллачу муьран девзаш долчу гIуллакхийн тIаьхье ю. Вай ваьшна хьалха Iалашо хIоттийна и гIуллакх ницкъ ма-кхоччу сихачу боларшца кхочушдар. Президента тидам тIебахийтира берашна хаарш делла ца Iаш,  уьш ийманехь кхетош-кхиош а хила безаш хиларна. Оцу гIуллакхана вай къаьсттина тидам  тIебохуьйту», – дIахьедира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.

Цо ч1аг1дира В.Путина йийцина йолу дешаран декъера ерриге а проблемаш регионаша федеральни центраца цхьаьна дIайохург хиларх ша тешна хилар.

С.ЛАЛАЕВ

 

№148, шот, гIуран (декабрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: