А.Айдамировн цIарахчу республикин къоман библиотекехь Литературин шо дерзош цхьаьнакхетар хилира 25-чу декабрехь. Нохчийн Республикин ерриге а районаш юкъалоцуш Iаламат боккха болх бира библиотекин директора Исраилова Сацитас куьйгалла дечу библиотекин коллективо. Кхочушйинчу проектийн, дIаяьхьначу конкурсийн жамIаш, хьесапаш, тидамаш – дуккха а дара шайх лаьцна дийца хьакъ долуш.
Даздаран хьолехь дIадаьхьначу цхьаьнакхетаран хьеший бара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча Алиев Тимур, Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, «Орга» журналан коьрта редактор, Нохчийн Республикин халкъан яздархо Минкаилов Эльбрус, яздархо Нунуев Сайд-Хьамзат, поэташ Ахматукаев Адам, Борхаджиев Хож-Бауди, Петирова ПетIамат, композитор Димаев Iела, иштта, литература езаш болу нах, студенташ, дешархой. Цхьаьнакхетар дIахьош вара яздархо-критик Минкаилов Эльбрус. Хьалхара дош олуш вистхиллачу Алиев Тимура элира: «Зама компьютерша дIалаьцна бохуш, вай даккхийчара книгаш кIезиг ешахь, вайн кегийрхоша кхин а кIезиг йоьшур ю. ТIаккха книга ешар, цунах пайдаэцар дIадаларна кхерам бу. Иза ца хилийта вайн вешан нохчийн яздархойн книгашна тIера оьрсийн а, дозанал арахьарчу а яздархойн книгашна тIекхаччалц евзаш, йоьшуш хила деза. Вай санна халонех чекхдаьллачу къомана Литературин шо чекхдала дезаш дац».
Цул тIаьхьа зала чу «Пушкин», «Гоголь», «Ахматова» кхечира. Библиотекин ешархоша шаьш кечйина монологаш йийшира. Пушкинан ролехь – Алиев Мурад, Гоголан ролехь – Дудаев Гиназ, Ахматован ролехь – Бисултанова СаIада яра актерийн костюмаш, гримаш йина. Баккъал а яханчу заманаре баьхкича санна бара уьш. Ткъа церан монологаш оьрсийн яздархой, поэташ вайн заманахь хилча царна хIун хетар дара-те, я хIун хьехар дийр дара-те вайна аьллачу кепехь дуьйцуш яра. Цул тIаьхьа къоначу книгашъешархошка вистхилира К.Ибрагимов а, I.Димаев а.
Книга езаре а, иза гуттар а йоьшуш хиларе кхайкхира цара студенташка а, дешархошка а.
Лакхахь ма-аллара, Къоман библиотекин белхахоша Литературин шарахь дуккха а проекташ кхочушйира. Цунах лаьцна йоцца доклад йира библиотекин Iилманан-методикин отделан заведующис Вискаева Маликас. Республикин хIора районехь яздархойн а, дешархойн а цхьаьнакхетарш вовшахтухуш – мел генарчу районе а «библиобус» олучу библиотекин шен долахь йолчу автобусца хьошалгIа боьлхура библиотекарш.
Яздархоша, поэташа шайн кхолларалла йовзуьйтура, совгIатна библиотекашна шайн книгаш а лора. Оцу проектан цIе «Литературин круиз» яра. КIорда ца деш, ладогIа дог догIуш дара композитора Димаев Iелас шайн деца, Димаев Iумарца гергарло хиллачу яздархойх лаьцна дина къамел. Иллица совгIат дира композитора. Цул тIаьхьа массеран а самукъадоккхуш Нохчийн Республикин пачхьалкхан симфонически оркестро нохчийн а, оьрсийн а композиторийн – классикийн гIарадевлла девзаш долу иллеш, эшарш лекхира. Концерт хазъеш шатайпа бекара Нохчийн Республикин халкъан артистан, композиторан Паскаев Рамзанан кехат-пондар. Классикин музыке сатесна хилар гора оцу цхьаьнакхетаре баьхкинчеран яххьашкахь. Пайде а, самукъане а дара Къоман библиотекин куьйгалло Летературин шо дерзош вовшахтоьхна цхьаьнакхетар.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой
№149, шинара, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2015 шо