Книгин суьрто бIаьсте дагайоуьйту

А.Айдамировн цIарахчу къоман библиотекехь Альтемиров Iаьрбин «Даг чохь ю бIаьсте» книга йовзийтар дIадаьхьира хIокху деношкахь. Цигахь гулбеллера цуьнан кхолларалла евзарш, езарш, гергара нах, поэзиезархой, культурин белхахой. Вайн республикехь дика евзаш йолу нохчийн меттан хьехархо Вагапова Асет яра книга йовзийтар дIахьош.IMG_0381

    Хьалхара дош делира яздархочуьнга Айдамирова Машаре: «Книга арахецар чIогIа жоьпалле гIуллакх ду. Ша язйинарг ешархошка дIакховдо хууш хила везаш ву муьлхха а яздархо. Хууш ма-хиллара, поэзи уггаре а чолхе жанр ю. Iаьрби публицистикехь а, поэзехь а, прозехь а язъеш ву. «Даг чохь ю бIаьсте» книга арахецар Iаьрби доггаха къахьоьгуш хиларан  билгало ю», – элира цо.

Iаьрбин кхоллараллех шена хетарг элира Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председателан заместитела, «Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара: «Нохчийн маттахь язъечу хенахь уггаре а коьртаниг  цу маттахь ойла яр ду. Оьрсийн маттахь ойла а еш язйинарг гуш хуьлу. Iаьрбис арахецначу «Даг чохь ю бIаьсте» книги тIехь суна уггаре а дика хийтира цо язбина биъмогIанаш. Уьш хьаьнг-хьаьнгга а ца язло. Иза Iаьрбин кхиам бу аьлла хета суна».

Иштта шайн къамелаш динчара билгалдаьккхира Iаьрби шен доьзална дика да а, гергарчарна дика накъост а хилар, белхан накъосташна оьшучохь цо гIолоцуш хилар.

Баьхкинчарна хаза кхаъ хиллера вевзаш волу композитор, иллиалархо Димаев Iела цига веана хиларх. Книга зорбане яларца, автор декъал а веш, цунна совгIатна илли элира цо.

Цул тIаьхьа Альтемиров Iаьрбин дешнаш тIехь даьккхина илли элира Хаджаев Рамзана. Книгин автора баьхкинчарна баркаллин дешнаш а олуш, дерзийра цхьаьнакхетар.

З.ЛОРСАНОВА

Авторан суьрташ тIехь: Альтемиров Iаьрби а, цхьаьнакхетаран дакъалацархой а

№149, шинара, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: