Пхьарматхой – яздархойн цIийнехь

Хууш ма-хиллара, 2015-гIа шо Россин Федерацехь «Литературин шо»,  аьлла дIакхайкхийна дара. Цунна лерина Нохчийн Республикехь дуккха а цхьаьнакхетарш хилира. Иштта кху деношкахь Нохчийн Республикин Яздархойн цIийнехь цхьаьнакхийтира къона яздархой: Даудов Гилани, Арсалиева Люба, Багаев Акроман, Хабаев ИсмаьIил, Виситаева Тумани, Петирова ПетIамат, Турлаев-Турпал-Iела, Матагов Исхан, Тумчаев Адам, Аздиева Иман, Абдулкадыров Адам, Махмудов Iийса, иштта кхиберш а.IMG-20151227-WA0046

Къоначу яздархоша шайн литературин хаарш зуьйш шатайпа программа кечйинера. Бевзаш болчу а, къоначу а яздархойн байташ дика хьанна хаьа хьаьвсира уьш. Цигахь хьалхара меттиг Арсалиева Любас, шолгIа меттиг Даудов Гиланис яьккхира.  Ткъа «Шеран поэт» номинацехь Матагов Исхана яьккхира хьалхара меттиг.

Кегийрхоша шайн байташ йоьшуш, забарш еш, литература йийцаре еш дIадаьхьира цхьаьнакхетар.

З.САГАЕВА

Суьрта тIехь: къоначу яздархойн тоба       

№149, шинара, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: