ХIокху деношкахь Швейцарин Броби гIалахь кхиазхошна юкъахь дIаяьхьира «Тоьллачарна юкъахь тоьлларг» паргIатчу кепара охьатохархлатарехула турнир
Цигахь дакъалоцуш вара Данера, Норвегера, Швецера 200 спортсмен. 11–14 шераш долчу спортсменашна юкъахь дIадаьхьначу къийсадаларшкахь толам баьккхира Норвегерчу спортан «Рюгге» клубан декъашхочо Эдаев Мохьмада.
М.Эдаевн шен йозаллин категорехь (35 кг) исс спортсменца лата дийзира. Царна юкъахь толам баьккхира Мохьмада. Нуьцкъала дIадаьхьначу къийсадаларшкахь 37 балл яккхарца, тоьллачарна юкъахь туьйлира спортсмен.
2015-чу шарахь Эдаев Мохьмада толамаш баьхна кхиазхойн дуьненаюкъарчу дуккха а турнирашкахь. Амма «Тоьллачарна юкъахь — тоьлларг» цIе йолчу къийсадаларшкахь толам баккхар – иза уггаре а лакхара кхиам бу спортсменан.
Л.ДАУТОВА
№149, шинара, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2015 шо