Ахматова Раиса, Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан поэтесса, йина 1928-чу шеран декабрь беттан 30-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь (кхалхар хилла 1992-чу шарахь). Дешна Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училищехь, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь.
Стихаш язъян йолаелла училищехь доьшуш йолуш дуьйна. Цуьнан байтийн хьалхара «Хьоме республика» гулар араелира 1958-чу шарахь. ХIетахь дуьйна нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь 30 сов стихийн гулар зорбане яьлла поэтессин («Дикалла», «Сан седа», «Цхьаьнакхетар», «Откровение», «Лунной тропою», «Поющая чинара», «Шовданан йистехь», иштта кхин а). Ахматова Раисин кхоллараллехь йоккха меттиг дIалоцуш ю нохчийн зударийн дахаррий, ойланашший, сатийсамашший гайтаран тема. Къаьсттина дагах хьакхалуш бу цо шен дукхахйолчу говзаршкахула чекхбоккхуш болу Даймахке, нене болу безам.
Р.Ахматовас жигара дакъалоцура республикин культурин а, юкъараллин а дахарехь. Дуккха а шерашкахь Нохч-ГIалгIайн Яздархойн союзан правленин председатель а, Нохч-ГIалгIайн АССР-н Лакхарчу Советан председатель а лаьттира иза.
Саракаев Хьамзат, яздархо, журналист, вина 1927-чу шеран 31-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь. Цуьнан да ИбрахIим-Бек нохчийн дуьххьарлера корматаллин журналист а, яздархо а хилла ву. Белхаш бина хьехархо волуш (нохчий Юккъерчу Азе кхалхоле хьалха), «Ленинан некъ» газетехь, радиохь, еххачу хенахь Нохч-ГIалгIайн книгийн издательствон редактор, «Вайнах» журналан коьрта редактор волуш а. Цуьнан дахаран коьрта гIуллакх хуьлий дIахIутту литературехь болх бар. 1962-чу шарахь дуьйна цо арахоьцу коьртачу декъана берашний, кхиазхошний лерина 10 сов прозин книга: «Дуьххьарлера хьуьнар» (1962 ш.), «Шира гIап» (1966 ш.), «Халачу некъийн ирс» (1969 ш.), «Нихлара тIай» (1972 ш.), «Ширачу гIопехь» (1980 ш.), «Лаьмнашкара гIап» (1983 ш.), «Эдалханан некъаш» (1984 ш.), «Малхана тIаьхьа» (1986 ш.), «Толамах тешарца» (1987 ш.), «Эдалхан доттагIий» (1988 ш.), «Довзазчу некъашца» (1991 ш.).
Нохчийн Республикин Интеллектуальни центран «Дато бухIа» совгIатан лауреат.
Кхалхар хилла 2013-чу шарахь.
№149, шинара, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2015 шо