Даймохк матто кхуллу…

«Адаман гIиллакх-оьздангалла,

Хьоьца доьзна ду,

Цуьнан ирсан, дахаран орам,

Хьоьца боьзна бу!

Мотт а, гIиллакх-оьздангалла а – къоман цкъа а вовшех къаста йиш йоцу йиша-ваша ду.

Нанас Iамабо шен доьзална оьзда мотт, оьзда гIиллакхаш. Дукхахдерг ненах доьзна ду адаман дахар. Шен доьзалхо валарна кхоьруш, цамгаро лацарна кхоьруш, буьйсанна наб йоцуш, дийнахь тем боцуш, хала лелаво нанас.

Пхийттара ваьлчхьана дуьйна декхарш оьгу цунна тIе. Шен цIенна тIедеана дика а, вуо а, вуьшта аьлча, боккхучу когаца, олучу дашца, лелочуьнца шайн а, шайн цIийнан а мах хадабо цо.

Уггаре а хьалха дицдан мегар дац ша бусалба а, нохчи а хилар. Дала шена тIедехкина парзаш кхочушдеш, цуьнца цхьаьна нахаца лело гIиллакх хила деза цуьнгахь – вайн нохчийн къоман гIиллакх.

Хаза дешнаш ду нохчийн гIараваьллачу яздархочун Айдамиров Абузаран гIиллакх-оьздангаллех лаьцна: «Нохчийн халкъо шен машаречу дахарехьа латтийначу къийсаман истори шовзткъа шарахь гергга айса толлуш цуьнан ойла йинера ас. Моьттура цунна и ницкъ лург халкъан майралла, цуьнан баьччанийн хьекъал, маршоне, Даймахке безам, кху мехкан шатайпа Iаламан хьелаш хилла. Кху тIаьхьарчу шерашкахь, кIорггера ойла йича, хиъна суна оцу халкъан доьналлин, майраллин, собаран а хьоста гIиллакх-оьздангалла хилар».

«ГIиллакх ийманан ах ду»,  «ГIиллакх Ялсамани чуьра ду». «ГIиллакх хиларо лайх эла во, гIиллакх дацаро элах лай во».

ХIокху тIаьхьарчу хенахь гIиллакх-оьздангалла жимачуьнгахь а, воккхачуьнгахь а хилийта гIерташ ондда болх беш бу вайн яздархой а, Iилманчаш а, журналисташ а. Масала: кхин хилча ца маггал мехала ю вайн республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан коьртехь а волуш, «Грозный» каналехь – Шамсудинов Эзар-Iелас еш йолу «Синмехаллаш» цIе йолу передача. Оцу передачех боккха пайдаоьцу вайн махкахоша. Суна иза чIогIа мехала а, пайдехь а хета. Вешан меттан гIиллакхийн башхаллаш евзаш, уьш ларъеш хила деза, тIаккха вай гIалат девр дац. Шен мохк а безаш, цуьнан истори а хууш, цунах дозалла деш волчо буьйцу мотт цIена а, хаза а хир бу, цо иза шена хуучу барамехь кхиор бу, цуьнан сий а дийр ду, цуьнгахь гIиллакх а, оьздангалла а хир ю.

Ас доккха сий до нохчийн халкъан яздархочун Ахмадов Мусан а, цуьнан хIусамненан Ахмадова Хьаван а, ч1ог1а мехала хета суна церан «Хаарийн бIов», «Даймехкан аьзнаш» телепроекташ. Ас хьоьхуш долчу бераша ларйо «Хаарийн бIов» передача цара цунах боккха пайда а оьцу. Ткъа «Даймехкан аьзнаш» – передачехь Хьавас цIена, хаза буьйцучу ненан матто лерса хьосту муьлххачу а нохчичун. Цо ша далош долу кицанаш, хIетал-металш, юьйцуш йолу байташ–цIеначу нохчийн маттахь, цIеначу дог-ойланца, даггара юьйцу. Дела резахуьлда цунна!

Даймохк матто кхуллу. Мотт ларбар  цуьнан сий-пусар дар ду. Нохчийн гоьваьллачу поэта Кибиев Мусбека аьлла: «ГIиллакхан новкъа бер долу, Нохчийн мотт ша буьйцуш даккхахь». Нохчийн мотт ца хиъча, гIиллакх-оьздангаллех хьо хаьдда хилча, хIун до кху дуьненах а, лелочу хIуманах а? ХIун вахар ду иза?

Ас дукха ойла йо дуьне мел ду Европехула, Iамаркахула дIабаханчу вайн нохчийн.

Дукхачу хIуманах хаьдда бу уьш, царна бицлур бу шайн ненан мотт, шайн дайн гIиллакхаш, цхьа-ши чкъор хийцаделлачул тIаьхьа муххале а. Адамийн, хIара вайн тIеман бохамаш бахьана долуш, шайн махках довла дезна, делахь а, шен махках хада ца веза, хIунда аьлча эццахь шен буха тIера дIаволуш ву стаг. Буха тIера дIаваьлча хIун хуьлу? Имам Шемалан тIом дIабаьллачу хенахь Хонкара а, Iаьрбийн мехкашка а дIабахана нах. Шаьш бусалба пачхьалкхе кхачар бахьанехь, цхьана-шина чкъуро ларбина мотт, амма таханлера церан тIаьхьенаш, наггахь воцург, я дешна воцург, я баккхийчех воцург, нохчийн мотт хууш вац цара лахь.

Ден-ненан, хьехархочун декхар ду дешархой гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиор, уьш Iамош, хIора урокехь гIиллакхах доьзна ши-кхо хаттар талла деза. Масала: «Воккхачун лерам муха бан беза? Шайн цIахь дений-нанний гIодархьама, хIун гIуллакхаш до? Накъосташца муха хила веза? Шайл кегийрчарна х1ун гIо дан деза? Хьайна тIедиллина гIуллакх, кост–тесна ца дуьтуш – кхочуш муха дан деза? Мехкаршца болу лерам муха хила беза?» и. дI. кх. Вайна юккъехь, Делан къинхетамца, дукха ду дика адамаш. Дегнаш къинхетаме хила деза, ойла цIена хила еза.

Уггаре йоккха хазалла – иза деган хазалла ю, адаман оьздангаллин хазалла ю. Хаа деза, хьал дарц хьовззалц бен цахилар, хазалла сарралц бен цахилар. ЦIена дог, гIиллакх-оьздангалла, тешаме доттагIалла, адамашка болу безам – иза гуттар а хилар, иза доза доцуш хилар. Тахана, Дала мукъ лахь, нисделла, тоделла дIахIуттуш ду вайн дахар. Цу тIехь къахьоьгуш схьавогIуш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Дала Iалашвойла иза!

Вешан ненан мотт хаар, гIиллакх-оьздангалла лелор – иза вайн массеран а декхар ду. Литтина деши санна цIена, мазал мерза, ховха вешан мотт а, гIиллакхаш а лело хьекъал а, кхетам а лойла вайна АллахI-Дала. ГIиллакх лаьттар ду, вайн нохчийн къам мел деха. Дала шен шортта болчу къинхетамца даржехь совдохийла вай!

Дерзош, дало лаьа суна хIара сайн дешнаш:

Сан нохчийн мотт,

Сан деган мерз,

Сан ненан мотт,

Сан Даймехкан – орам.

Хьо хууш, хьо буьйцуш,

Суо хиларна – ирсе хета,

Хьо Iамош, хьо хьоьхуш,

Суо хиларна – ас дозалла до!

АБДЫРАШИТОВА Маьлх-Аьзни,

Шелара №9 йолчу юккъерчу школин хьехархо,

НР-н хьакъйолу хьехархо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: