Хьанал вахаран бIаьрла масал

Киндаров Iабдуллин дахаран некъе бIаьргтохар

    1979-чу шарахь дара иза. Дешаран керла шо долалуш хIора шеран август баттахь хуьлуш йолу Гуьмсан кIоштарчу хьехархойн конференци ерзош, гулбеллачеран хаттаршна жоьпаш луш вара хIетахь оцу гIалин исполкоман куьйгалхо волу Киндаров Iабдулла. Цхьамма хоьттура: «Зала чохь болчу зударех-хьехархойх ах сов коьртахь йовлакхаш долуш бу. Царах хьехархой  хир бу аьлла, хетий хьуна?» Кхета хала дацара, кехат тIе яздина, и хаттар хIоттийначун дагахь долчух: коьртахь йовлакх хилар, зуда нохчийн Iадатийн йийсарера ялаза, шен кхетамца а, хьекъалца а заманна тIаьхьайисина хиларан билгало лорура цо. Iабдулла ца вуьйхира, шен дахарера масал а далийна, иштта дерзийра цо жоп: «Стеган мах хадориг цуьнан коьртара хIума яц, ткъа цуьнан коьрта чохь дерг ду». Шен сица, дагца оьзда, ийманехь хила веза стаг, тIаккха цунна когахь, коьртахь хIун лело еза а хуур ду бохург дара иза. Вуьшта аьлча, хьекъалца деллачу жоьпаца, нохчийн зударша йовлакх лелор емал-м муххале а ца дира, цара и лелор шена товш хилар хаийтира цо. Дахаран муьлххачу хьелашка, дарже нисваларх, шен сица, цIийца йолу нохчийн оьздангалла ларъеш, кху дийне схьавеана Iабдулла.bb6068fdbf6fe2d945a8542a72a7d907

ХIокху деношкахь БелгIатой-Эвлахь цуьнан хIусамехь хьошалгIахь хилира тхо. Телефон тоьхна, дахка мегий баха бегIийла ца хийтира, ганза ши-кхо шо хиларна, могашалла муха ю те бохуш, шеконаш яра. Мел хIуъа аьлча а, чекхдолуш долчу шеран аьхка 80 шо ма кхаьчна Iабдуллин. «ХIей, нах», – аьлла, тхо уьйтIа девлча, хье ца луш, араваьллачу хIусамдас, ерриге а шеконаш сихонца дIаехира. ТIехь-когахь долуш, мичча а диканна-вуонна хьалха вала кийчча, дуьхьалваьлла Iабдулла ванне а тера вацара юкъ яьстинчу воккхачу стагах. Чохь къамелаш деш, ас тидам бира, куьзганаш доцуш цо йоьшуш а, цуьрриг эшаза лерса а цуьнан хиларан. Милла а хьоьгур волуш дара иэс а: шо хьалха хилча санна, терахьаш далош, цIерш йохуш, дуьйцура цо 40–50 шо хьалха хиллачех..

– Тайп-тайпанчу даржашкахь (районан а, республикин а тIегIанехь) белхаш беш, ахь бIаьрла лар йитина республикин дахарехь а (къаьсттина культурин), адамийн дегнашкахь а. Тахана хьайн шерийн гунан лакхенера юхахьаьжча, хьан дагна хьаам бийриг хIун ду?  – хоьтту ас.

– Со воккхавийриг хIун ду хаьий хьуна? ТIаьхьарчу тIаьхьенна юьхькIоме сайн цIе ларъялар. Кхетош аьлча, ахь ма-боххура, тайп-тайпанчу даржашкахь белхаш беш, динца волуш, нохчаллех ца вухуш, чекхвалавалар ду суна деза хеташ дерг. Iедалан балхахь волчу стагана тIехь, жоьпаллечу балхахь велахь муххале а, шен декхарш хуьлу. Иза массарна дика хилалуш вац. Бехк баьллачуьнгара жоп дехар а, шен декхаршца ца ларош верг мукъа витар а, шен меттиг ца ларйийриг шен метта виллар а хуьлу. Иштта нисделла сан а, амма дуйнаца чIагIдан йиш ю: сайн «ас-со», сайн хьашт хьалхадаьккхина, дарже сатесна я даржах вохарх кхеравелла, цхьанна а тешнабехк, ямартло ца йина. Цундела, цхьанна а со декхар волуш а, цхьаннах а ас юьхь лечкъо езаш а меттиг яц. И бу сан бахам а, сан хьал а, – иштта дара жоп.

Киндаров Iабдулла вина 1935-чу шеран июнь беттан  25-чу  дийнахь БелгIатой-Эвлахь. 9 шо кхачаза бер долуш, дерриге а халкъаца цхьаьна махках ваьккхира. Кхойтта шаре дахделлачу Къематдийнан къахьо буьззинчу барамехь Iаьвшира КиндаровгIеран доьзало а: бевза-безачарех къестарш (Казахстане дIакхаьчна дукха хан ялале кхелхира цомгаш волуш дIавигна да ГIарси), мацалла, шело, махкалдаран цамгарш. «Ца леш, мацаллех хьалхабевллачу нохчашна (кхалхийначу кхечу къаьмнашна а санна) уггаре а халаниг хIун дара хаьий хьуна? – дагалоьцу Iабдуллас. – Со нохчи ву ала йиш цахилар. Хьайца цхьаьна хьалакхуьуш болчу кхечу къаьмнийн кегийрхошца цхьанийсса бакъонаш хьайн цахилар новкъа дара, чIогIа новкъа. Шен мохк а, мотт а, истори а, культура а йолуш, нохчийн къам хилла бохург-м хьехош дацара, «чеченцы» дош а дихкина дара зорбанна. ХIетахь арайийлинчу энциклопедин словараш тIехь ца карадора и дош. ДIа ког баькх-баьккхинчохь хьуна хазош дерг «бандит», «спецпереселенец», «враг народа» дара. Оцу балхо, оьгIазлонца цхьаьна, яхь самайоккхура, «ас гойтур ду со цхьаннел оьшуш цахилар» боху ойла кхуллура. Балхаца, дешарца, доьналлица нохчаша ган а гойтура шаьш цхьаннал оьшуш цахилар…».

И харцо лан къаьсттина хала хилла шайн кхиар кхалхийначохь нисделлачу кегийрхошна. ТIехдика дешарца юккъера школа чекхъяьккхинчу Iабдуллина йогIуш йолу дашо мидал дIа ца елира. ХIара нохчи хилар  дара цуьнан бахьана. Оццу бахьанина институте ца воьдуш а висира. Эрна хан ца йойу аьлла, Токмакерчу юьртабахаман техникуме деша вахара хIара. Кхузахь а тIехдика дешарца а, юкъараллин дахарехь жигара дакъалацарца а билгалвелира Iабдулла. Кестта техникуман комсомольцаша шайн тхьамда а хаьржира. Амма неIарехь I957 шо дара. Казахстан а, Юккъера Ази а мел ю дIасакхийсинчу нохчашлахь ткъесах баьржира Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIотторан хьокъехь болу, оццул шега сатийсина, хаза кхаъ. Техникум чекхъяккха бисинарг кхо-биъ бутт бен ца хиллехь а (аьхка пачхьалкхан экзаменаш елчахьана волура иза), 1957-чу шеран бIаьста шайн доьзалца Даймахка цIа вирзира Iабдулла.

Дукха хан ялале, оццу шеран май баттахь, комсомолан Шелан райкомехь инструктор волуш, дIаболабо къинхьегаман некъ. Кхин а биъ бутт баьлча, 1957-чу шеран сентябран 22-чу дийнахь райкоман секретарь хоржу. ХIетахь дуьйна дукха хиш дIаихна, белхан дукха меттигаш а хийцина, амма хийрачу махкахь, уггаре а боккха лаам Даймахка цIадерзар а болуш, хан йоккхучу хенахь, нохчийн къомана хьанал ваца дагца йина чIагIо ца йохош, кху дийне ваьлла Iабдулла. Шайн кхиар а, дахаран новкъа бовлар а Казахстанехь а, Юккъерчу Азехь а нисделлачу кегийрхошна нохчийн мохк а, нохчийн къам а, къоман истори, культура, литература  бохург дукха деза, доккха хIума дара. Республика меттахIотторан а, къоман сий айаран а дуьхьа къахьегар церан дахаран гIуллакх, дахаран къилба хилла дIахIоьттира. Оцу къилбанна уьш тешаме а хилира. Киндаров Iабдулла а царах вара.

Шелахь дукха ца Iийра иза. 1958-чу шарахь Эскарехь гIуллакх дан воьду жима стаг. Бакъду, цига вахале Ерригсоюзни зоочни юридически институте деша дIахIотта лараво. Эскарера мукъа ваьллачул тIаьхьа, юха а комсомолан органашкахь болх бо: ВЛКСМ-н  Нохч-ГIалгIайн обкоман инструктор, Шелан райкоман хьалхара секретарь, обкоман шолгIа секретарь волуш. 1963-чу шарахь КПСС-н Нажи-Юьртан райкоман секретарь хоржу I.Киндаров. Цул тIаьхьа, Нохч-ГIалгайн АССР-н Министрийн Совете балха кхойкху. 1978–1985-чуй шерашкахь Гуьмсе гIалин исполкоман председатель волуш болх бо. 1985–1993-чуй шерашкахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н (Нохчийн Республикин) культурин министр лаьтта…

Iабдуллин биографин агIонаш луьстуш, дагадогIу, ма шера, кхиаме хилла кхуьнан дахаран некъ бохург: райком, обком, правительство… Амма компартин кадрийн политика жимма а евзинчунна-м хуур ду хIетахь партин а, пачхьалкхан а органашкахь белхаш бинчу нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнех болчу нехан белхан гIуллакхаш атта нислуш цахилар. Обкоман а, райкомийн а декъашхошна а, советийн депутаташна а юкъахь муьлхачу къомах маса стаг хила веза бохург дукха лерина лардеш дара, цхьацца жоьпаллин даржаш вайнахах болчу гIуллакххойх тешош дацара. Динан а, къоман ламастийн а гIолоцуш волчунна дукха сиха «националист» олий, цIе туьллура. Вуьшта аьлча, къаьмнийн говзанчех тешам бацара. Цкъа ойура, цхьана тIегIане кхаччалц, тIаккха, партис хьох кхин а жоьпалле дакъа тешош ду олий, юьстах воккхура. Iабдуллин чкъурах болчу наха шайна тIехь зийнарг ду иза…

ВЛКСМ-н обкоман шолгIа секретарь вара Iабдулла. Герга яра рогIера харжамийн-отчетни конференци. ЦIе яьлча  санна хьаьвзий, конференци хиллалц ца вуьтуш, партин органашка сехьа воккху хIара.  ХIоттийна сурт, даржехь лакха воккхуш санна нислора, нийсса долу бахьана, комсомольцаша шаьш лоруш волу I.Киндаров комсомолан обкоман хьалхара секретарь харжарх кхерар дара. Ткъа нохчех стаг оцу дарже хIоттор партин обкоман планашца догIуш дацара. Иштта нисделира Гуьмсе гIалин исполкоман куьйгалхо хIара волуш а. КПСС-н Гуьмсан горкоман хьалхара секретарь, шен белхан декхаршца цаларорна, оцу даржах мукъа вуьтуш вара. ХIетахь I.Киндаровца цхьаьна белхаш бинчара чIагIдарехь, Iабдуллел и меттиг хьакъ йолуш стаг вацара: юридически институт яккхарал сов, КПСС-н ЦК-хь йолчу  Юкъарчу Iилманийн Академехь дешна вара, партин а, пачхьалкхан а органашкахь бинчу белхан зеделларг дара, масийтта шарахь районехь болх барна, и дика евзаш а, сий-ларам болуш а вара. Амма новкъарло еш дерг хIара нохчи хилар дара. Гуьмсе гIалин горкоман хьалхарчу секретаран дарж а хIинца  нохчех тешош дацара. Гуш хIоттийна бахьана, правительстве дехьа  ваккхар дара. И хIуманаш, и язораш ца Iеткъийла дацара, делахь а даржех тийсалучех а, дегабаам бинарг хилла, юьстах вуьйлучех а вацара Iабдулла. Цунна хаьара, и уггаре а атта некъ буйла. Шех тешийначу муьлххачу а даржехь, гIуллакх ма-хуьллу толур долчу агIор, ша-шен ца кхоош, къахьегар яра цо шена хьалха хIоттош йолу Iалашо. Даржо веш стаг а хуьлу (уьш хьалха  хилла,  хIинца кIезиг бац), шайн балхаца, хьуьнарца, хьекъалца белхан меттиган сий ойурш а хуьлу. Оцу тIаьхьарчех ву Iабдулла. Иттаннаш шераш девллачул тIаьхьа а хаалуш ю ша белхаш бинчу меттигашкахь цо йитина беркате лар. Цунна масалш дукха ду. Иштта,  комсомолан Шела райкоман секретарь волуш юьртан бахамашкахь кхуьнан дIадолорца вовшахйиттинчу кегийрхойн-комсомольски коллективийн куьйгалхойх тIаьхьа бахамийн куьйгалхой а, юьртан бахаман тоьлла говзанчаш а хилира, ткъа и тайпа коллективаш ерриге а республикехь яьржира. Эскарера цIа вогIуш, эпсаран чин долуш веара Iабдулла (лаккхара дешар дешна воцчунна эпсаран чин далар наггахь бен нислуш дацара хIетахь). Боккхачу безамца дагалоьцу I.Киндаровс Нажи-Юьртахь балхахь яьккхина хан. Нохчийн меттан, къоман ламасталлин культура йовзаран шатайпа университет хилира шена Нажи-Юьртахь болх барх бохуш, чIагIдо цо. Исбаьхьаллин самодеятельность айар (и бахьанехь кхузахь кхиъна республикехь дика бевзаш болу артисташ), районан Культурин цIа а, зудаберийн школа-интернат а схьаеллар, школа чекхъяьккхинарш райкоман магорашца Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институте деша хьийсор (тахана а школашкахь болх беш бу, хIетахь цо шен куьйга ректоре дехарш а деш, деша хIиттийна кегий нах), луларчу Дагестанан районашца доттагIаллин уьйраш чIагIъярна лерина гIуллакхаш… Кхин а мел дара уьш, шен белхан декхаршца догIуш а, ца догIуш а, амма районан бахархойн хьал-дахар тодарна кхунна шена оьшуш хеташ, Iабдуллас оцу шерашкахь вовшахдиттина гIуллакхаш.

Гуьмсе гIалин исполкоман председатель волуш коьртачу тидаме эцнера халкъан депутатийн советийн сий-ларам айар, оьшуш хетара хIора юьртахь шен Iедал (юьртан совет) хилар. Иштта, Азамат-Юьртахь, Къеди-Юьртахь, кхечу ярташкахь ехкира шайн Советаш. Бахархошна аьтто беш дара иза. Предприятийн а, юьртан бахамийн а гIоьнца дуккха а ярташкахь йира дешаран а, культурин а учрежденийн керла гIишлош. Дагна там хиларца дагалоьцу Iабдуллас Дачиев Хансолтина Советски Союзан Турпалхочун цIе юхаерзорехь шен дакъа хилар а.

Шен сина гергара гIуллакх хиларе терра йоккхачу жигараллица къахьийгира I.Киндаровс республикин культурин министран даржехь волуш. И шераш билгалдевлла 10 сов музей а (Старогладовскехь, Лаха-Неврехь, МахкатIехь…), 45 сов клуб, Культурин цIа схьаделларца, керла исбаьхьаллин тобанаш кхоллаяларца. Махкахь а шуьйра евзаш яра «Вайнах» ансамбль, иштта гIараяьллера Х.Нурадиловн цIарах йолу нохчийн театр, Москвахь билгалдаьккхира Мамакаев Мохьмадан 80 шо кхачар, Шелковски кIоштахь дIаяьхьира «Терк – доттагIаллин хи» регионашна юкъара культурин фестиваль.  Республикин дахарехь маьIнечу оцу а, кхечу а гIуллакхийн теш хилла Iаш вацара Iабдулла, иштта ала тарлахь, оцу гIуллакхийн архитектор вара, нийсса аьлча, цуьнан дахар дара иза.

1997-чу шарахь дуьйна пенсехь ву I.Киндаров, амма мукъа Iаш вац. Оцу шерашкахь цо арахецна «Исповедь чеченца» (кхо книга), «ХIайба», «Беллачуьра гIевттинарш», «Амал. ГIиллакх. Оьздангалла» книгаш. Йозанца жимма а гIуллакх деанчунна хуур ду мел боккха къинхьегам бу иза. Ша хIун яздо а, муха яздо а, стенна яздо а хууш, язйина книгаш  ю уьш, амма царах къамел ша хила деза, цкъа мацца и хир а ду.

Киндаров Iабдуллин дахаран некъе бIаьрг кхарсторо, шеко йоцуш, цхьана бакъдолчух тешаво: цIеначу нийятца шен халкъан а, мехкан а дуьхьа хьанал вахаран масал ду цуьнан дахар. Даггара лаьа, тIедогIучу Керлачу шарца иза декъалван  а, шен даго хьоьху дика мел дерг цунна хуьлийла а.

ХЬ.АБОЛХАНОВ

 

№149, шинара, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: