Дешархошна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дика гIуллакхаш довзийтира

   Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Соьлжа-ГIаларчу мемориальни комплексехь пачхьалкхан Iедалан органийн а, юкъараллин организацийн а векалша Соьлжа-ГIалин школашкарчу дешархошца цхьаьнакхетар дIадаьхьира.Аллея Славы

И гIуллакх вовшахтохаран коьрта Iалашо яра Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дикачу гIуллакхийн масал тIехь дешархошкахь патриотизм кхиор.

Цхьаьнакхетарехь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан депутата Дерябина Верас, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн зорбанан, хаамийн министерствон зорбанан, хаамийн департаментан директора Хатуев Ислама, оццу министерствон къоман политикин департаментан директора Вахидов Iилмана, Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон отделан хьаькама Сайдаев Ислама, Соьлжа-ГIалин Заводской районан къедас Гайсултанов Iела-Хьаьжас, кхечара.

Цхьаьнакхетар дIадолош И.Хатуевс билгалдаьккхира дерриге дуьненахь а нехан экстремизмаца, терроризмаца йоьзна вуон ойланаш хилар: «Терроризм – иза уггаре а доккха зулам ду вайн дуьненахь даьржина. И тахана массарах а хьакхалуш ду. Вайн республикехь оцу зуламхошна дуьххьара дуьхьало йинчарех ву Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цо далийна вайн къам таханлерчу маьршачу дахаре. Иза хаа деза вайна массарна а».

Иштта цигахь дешархошна довзийтира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас вайн къам террористех кIелхьарадоккхуш дина гIуллакхаш.

– «Терроризм» боху дош шуна кест-кеста хезаш делахь а, иза хIун ду ца хаьа хIинца а. Амма шуна хаа деза террористаш зуламе а, галбевлла а нах хилар. Оцу зуламечу наха вай  даха а ца дуьту, шаьш а ца беха. Царна шаьш нийсачу новкъахь ду моьтту, амма уьш Iаламат харцновкъахь бу. Бусалба цIеначу динан мостагIий бу уьш. Вайн къомо дукха лайна церан харцо а, къизалла а. Уьш бахьанехь тIемаш бина. Делан къинхетамца вайн къоман Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьана долуш кIелхьардаьлла вайн къам оцу зуламах. Суна луур дара аш вайн таханлерчу цхьаьнакхетарх пайдаоьцийла а, шайн къоман турпалхой хиллий, тахана уьш бахьана долуш вайн республикехь машаре дахар дуйла шуна хуийла а, – дийцира Дерябина Верас.

Иштта, Сайдаев Ислама билгалдаьккхира телефона тIера а, компьютерш чуьра а террористийн леларех тера догIучу ловзарша кхиазхошна вуон тIеIаткъам беш хилар, интернет-сеташкара Iаламат доккха зулам долуш хилар. Царах муха ларвала веза а, шайна гуонаха берш муха ларбан беза а дийцира.

– Дукха йиттина неI елла ялаза ца йисина, олуш хилла вайн дайша. Иштта вай массанхьа а терроризман, экстремизман, вахабизман вуон некъаш дийцича, уьш галбевлла нах хиларх а, царах ларвала везаш хиларх а вайн кегийрхой кхетар бу бохучу дегайовхонца дуьйцу оха царах лаьцна юх-юха а. Шу хIинца кхиъна догIуш кегийнах ду, цундела шуна хаа деза галбевлла нах муьлш бу, нийсачу новкъахь муьлш бу. ГIазот доккху бохуш, дIаоьху нах Iаламат галбевлла хилар а хаа деза. Церан гIазот иза дац, церан гIазот да-нана реза дар ду, – бохура Гайсултанов Iела-Хьаьжас.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш хиллачу пачхьалкхан Iедалан органийн а, юкъараллин организацийн а векалша дийцинчуьнга леррина ла а дуьйгIира, цул тIаьхьа хаттарш а дира дешархоша.

 

Хь.ЭЛЬБЕРТОВА

№149, шинара, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: