Вахош долчу маларшна хьесап даран система

Керлачу шарахь дуьйна Нохчийчохь боллх бан йолалур ю вахош долчу маларшна (алкоголан продукцина) хьесапдаран система (ЕГАИС). Цунна лерина махлелоран  фирмийн векалшца а, предпринимателшца а цхьаьнакхетарш хIинцале дIадаьхьна Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министерствон говзанчаша.

   – «ЕГАИС» автоматизированни системи чохь Россехь еш а, кхечу пачхьалкхашкара чуйохьуш а мел йолчу алкоголан продукцех лаьцна хаамаш бу. Карарчу хенахь оцу системина тIетесна бу Россехь алкоголан продукци еш ерш. Амма тIедогIучу шарахь дуьйна, ткъа иза тIекхача масех де бен дисна а дац, оцу системица терго алкоголь ечарна латтийна ца Iаш, духкучарна а тIехь латтор ю. Иза дIахаийтархьама, тхан министерствос Нохчийчохь алкогольца йохка-эцар лелош болчу предпринимательшца цхьаьнакхетарш дIадаьхьна, – элира Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министерствон экономикин, махлелоран хьашта хойн рынкан Департаментан директора М-Х.Мустафиновс.

Мустафиновс билгалдаьккхира, Федеральни законца,  «Этилан спирт а, алкоголь а, спирт  шайца долу продукци яр а, йохкар а, алкоголан продукци мийлар даржорна доза тохаран а хьокъехь» долчу Россин Федерацин 2015-у шеран 29-чу июнехьлерчу №182-ФЗ йолчу Федеральни законехь хийцамаш бина хилар. Хийцамаш тIеэцначул тIаьхьа, алкоголан продукци юхкучу организацешна ЕГАИС-н тIеIаткъам бар чIагIдина. 2016-чу шеран 1-чу январехь дуьйна, алкоголан продукци организацеш ЕГАИС-на тIетесна хила езаш ю шаьш продукци эцар тоьшалле чIагIдархьама. Ткъа 2016-чу шеран 1-чу июлехь дуьйна яккхийчу гIаланашкара а, 2017-чу шеран июлехь дуьйна 3 эзар вахархо волчу шахьаршкара а алкоголан продукци я йий дохкаран организацеш ЕГАИС-на тIетесна хила езаш ю, (шаьш продукци йохкар тоьшалле чIагIдархьама).

Министерствон белхахоша дийцарехь, предпринимательшца дIадаьхьначу цхьаьнакхетаршкахь ЕГАИС система дIахIотторан а, цунна шайн организацеш тIетасаран а хьокъехь дукха хаттарш дора цара. Экономикин мохк кхиоран, махлелоран министерствон говзанчаша билгалдаккхарехь, ЕГАИС система дIахIотторан лаххара мах 5 эзар сом хир бу. Цунна юкъадогIу криптодогIа (JaCarta) а, йохкархочун электронни кепехь долу куьг яздар а. Цо таро лур ю алкоголан продукци йохкаран хаамаш «Росалкогольрегулированига» дIакхачо.

Шаьш алкоголан продукци эцар а, йохкар а къайладаьхьна болчу предпринимательшна дуьхьал законца догIуш а долуш, таIзаран некъаш лелор ду: 15 000 сом гIуда – физически яххьашна (компанин куьйгалхой, ИП, иштта кхидIа а), 150 000 соьмана тIера 200 000 соьме кхаччалц – юридически яххьашна а.

Иштта предпринимательшца дIадаьхьначу цхьаьнакхетаршкахь дIакхайкхийна, карара шо чекхдала хан кIезиг йисина хилар. Нагахь санна царна шайн бизнес кхидIа а болх беш ган лаахь, уьш хIинцале а декхарийлахь бу ЕГАИС дIахIоттон оьшуш болчу гIирсашна гIайгIа бан.

И.ХАСАХАНОВ

 №149, шинара, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: