Белхазхой тидам боцуш ца буьту

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун тIедиллар кхочушдеш, Аргун гIалахь жигара дIахьош ду балхахь боцчу бахархошна балхаца кхачояр. 2015-чу шеран кхоалгIачу чийрикехь Нохчийн Республикин учрежденешка а, предприятешка а балха дIанисвина 49 белхазхо.

   Аргун гIалин нах балха нисбаран туьшан директора Х.А.Эльжуркаевс дийцира «Нохчийн Республикехь къинхьегаман рынкехь гIоьртина долу хьал тодарна дан дезачу гIуллакхийн хьокъехь» йолу программа кхочушъеш, аьхкенан каникулаш йолчу хенахь 14 шарера 18 шаре кхаччалц хенаш йолу 120 кхиазхо цхьана ханна болчу балха дIанисвина хиларх лаьцна.

Жигара дIадоьдуш ду «Нохчийн Республикехь бахархой балха нисбарехь гIо даран программа» кхочушъяр. Деша а хьажийна, тоьшаллаш луш, корматаллин дешар чекх а даьккхина, болх беш воцчу 25 стага. Аргун гIалин бахархой балха нисбаран туьшо, болх беш боцчу бахархоша корматалла харжарехь кхочушдина 365 стеган пачхьалкхан хьашташ, балхахь воцчу 110 стагана психологически гIо дина.

ГIалин мэрица цхьаьна дIахьош бу, дIаязбина боцуш, белхаш беш берш билгалбахаран а, болх луш болчаьрца бахархоша барташ баран а, белхазаллина законехь доцуш ахчанаш оьцуш берш гучубахаран а болх. Жигара кхочушдеш ду бан болх боцу бахархой Аргун гIалин а, Нохчийн Республикин а дозанел арахьа балха бахийтар. Соьлжа-ГIалахь шайн болх дIаболош йолчу, Россехь «Лента», цIе йолчу гипермаркетийн воккхачу векалца дIаяьхьира паргIатчу белхан меттигийн ярмарка. Хир ду аьлла хеташ долчул а дика хилира ярмаркин жамIаш. Балха вахийта тIе а кхайкхира, къамел а дира вайн республикерчу 300 сов белхазхочуьнца, царех 56 стаг Аргун гIалара вара. И берриге а болх дIабахьар бахьана долуш гIалахь белхазаллин барам карара шо долалуш хиллачу 12,9 процентера 2015-чу шеран 1-чу ноябрана 8,9 процентана тIекхаччалц лахбелира.

С.МУМАЕВ

 

№149, шинара, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: