Керлачу шарца, лулахой!

Коьртачу базалгехь

 МАЙКОП. Адыгейхь Керлачу шеран даздарш дIадолийра 22-чу декабрехь пачхьалкхан филармонин залехь. Хьалхарчу дийнахь коьртачу базалге хьошалгIа даьхкинера Теучежски, Кошехабльски, Красногвардейски, Тахтамукайски районашкара бераш, ткъа шолгIачу дийнахь Гиагински,  Шовгеновски, Майкопски районашкара кегий хьовсархой. КхоалгIа де дIаделира Майкопан берашна.

Оцу кхаа дийнахь билгалъяьхначу районашкара базалге далийра 1,5 эзар сов бер. Царах цхьа а ца дисира совгIат доцуш: филармонин кхоллараллин коллективо берашна хIоттийра керлачу шеран «Щелкунчик а, Мукадехкийн паччахь а» аьлла йолу спектакль, хIора декъалацархочунна – цхьацца кийланал сов мерза даарш.

 

Шатайпана совгIат

МАХАЧКАЛА. Керла шо дог-ойла гIаттарца даздан бахьана ду Кумторкалински районан Бамматханов Магомедкасыман цIарахчу «Торкъали» хоран коллективан. Шо чекхдала дисинчу хIокху тIаьххьарчу деношкахь хаза кхаъ кхаьчна цуьнга – Дагестанан культурин министран омрица «Халкъан хор» аьлла цIе тиллина коллективана.

Хьакъ йолуш тиллина цунна иштта сийлахь цIе. Россин халкъийн культурин туьшашна юкъахь дIаяьхьначу конкурсехь дакъалоцуш хиллачу кхоллараллин коллективашна юкъахь толам баьккхира цо дукха хан йоцуш.  Фольклоран коллектив а, цуьнан эшарш а шайн районехь евзина ца Iаш, ерриге Дагестанехь а евзаш ю.

 

Турпалхочун кхолларалла билгалйоккхуш…

ЭЛИСТА. Керла шо тIекхача дисина хIара денош тайп-тайпанчу хиламашца билгалдовлу ГIалмакхойн Республикин бахархошна. Царах цхьаъ бу ГIалмакхойчоьнан Турпалхочун Гаряева Валентинин сийнна лерина регионан филармонехь хилла концерт.   1958-чу шарахь дуьйна эшаран а, хелхаран а «Тюльпан» ансамблан солистка йолу иза евза «ут-дун» лакхаран говзанча санна.

Цхьа бIе сов произведени ю Валентинин репертуарехь. ГIалмакхойчоьнан цхьа чкъор кхиъна ца Iа цуьнан кхоллараллина тIехь. Шен халкъана хазахетар деш, тахана а искусствон тоьллачу векалийн  могIарехь лаьтташ ю халкъан турпалхо.

 

Коьртачу базалгин цIерш латийна

ВЛАДИКАВКАЗ. Ламаст хилла схьадогIуш ду кхузахь коьрта базалг ПаргIатонан майданахь хIоттор. Къастамалла йолуш ца хилла хIара шо а. ХIокху деношкахь базалган чиркхаша цIерша серлаяьккхина ерриге а майда.

Даздарийн йоккха программа билгалйина гIалахь Керлачу шеран даздаршна. Цига баьхкинчеран самукъадоккхур ду ГIура-Дадас а, Лайн-Аьзнис а. Болх бан йолаеллачу лерринчу почте берийн шайн кехаташ тийса таро ю тIедеанчу шарахь шайна лууш дерг билгалдоккхуш. Ловзарийн майданахь дIаяхьа йолийна хелхаран-самукъадаккхаран тайп-тайпана программаш, спортан ловзарш, Iаьнан темина лерина тайп-тайпана конкурсаш. Базалге  даьхкинчу берашна а, баккхийчарна а дала билгалдина чай а, мерза даарш а.

ДIадаханчу шерийн зеделлачунна тIе а тийжаш, гIалин Iедалша дечу хьесапашца Керлачу шеран базалгехь пхи эзарнал  кIезиг доцуш бераш а, баккхийнарш а хила декхар ду даздарш дIахьон долчу берриге а муьрехь.

 

Хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ

 

№149, шинара, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: