Нохчийчоьнан прокуратурехь

Адамийн хьашташка ладуьйгIира

ДIадаханчу оршотдийнахь Нохчийн Республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис рогIера тIеэцар дIахьочу хенахь лерина ладуьйгIира ша волчу веанчу ворхI вахархочун дехаршка.

Тайп-тайпана дара и дехарш, хIораммо а сатуьйсура шегара бала мелла а байбаларе, шена гIо хиларе. Иштта, воккхачу стага Юсупов Вахас доьхура шен хьалха хиллачу несо Ужаховас лелош йолу ямартлонаш совцаяйтар шен хIусам зудчо шен цIартIе йоккхуш кечдина харц документаш бух боцуш ларар. ХIусамах хьакхалуш дара Солтамурадов Ризвана дина дехар а. Цо дийцарехь, Нохчийчохь контртеррористически операци дIахьош   йохийначу шен хIусамна таханлерчу дийне кхаччалц компенсаци делла дац, цунна оьшуш долу дерриге а кехаташ шен хеннахь кечдина хиллехь а.

Шен лазам бохьуш веанера прокурор волчу Ташухаджиев Джамалайла а. Цо чIагIдарехь, шегара машен оьцуш Сулеймановс ямартло лелор бахьанехь цунна дуьхьал долийначу уголовни гIуллакхана тIехь латтош хьакъ боллу таллам бац. Ша ларвеш волчу Шамилевн гIуллакх кхид1а а таллийта Старопромысловски районан талламан отделе дIадахьийтарна резавацара адвокат Амагов Зелимха. Шен гергара стаг прокуратуре балха дIаэцар доьхура Алиева Зураа… Иштта, долуш дара прокуратурин белхахойн болх билгалбаккхар доьхуш дина дехарш а.

Регионан прокуратура юкъагIорта езаш долу гIуллакхаш хьесапе эцна а, уьш билггалчу хенахь къастийна а хирг хилар дIахаийтира терго латторан органан куьйгалхочо.

 

Жимачу берана еттар теллина

Йиттина хиларна тоьшалла деш йолу дуккха а билгалонаш шена тIехь йолу итт шо кхаьчна йоI берийн больнице кхачийна хиларан хьокъехь болу хаам теллина прокуратуро. Оццу хаамца нийса а догIуш, йоIана йиттинарг цуьнан деваша ву.

Терго латторан гIуллакхаш кхочушдеш толлур ду беран дахаран а, иза кхетош-кхиоран а хьелаш, доьзалан социальни хьал. Хьакъ боллу мах хадийна профилактика яран системин органийн белхан, тидам тIебахийтина беран бакъонаш ларъярна тIехьажийна гIуллакхаш цара дина цахиларна.

И гIуллакх республикин прокуроран тергоне эцна.

 

Нанас шен йоI йийна

Гучудаьлла ма-хиллара, кху шеран 14-чу июнехь Соьлжан районерчу Серноводскана юххехь  Мусаева Марема, дерриге а дегIа тIехь чевнаш еш, чIогIа йиттира шен ялх шо кхаьчначу йоIана.  И чевнаш бахьанехь циггахь кхалхар хилира беран.

Районашна юкъарчу прокурора Ферзаули Ислама дакъа а лоцуш, ТIехьа-Мартан районан суьдехь къастийра РФ-н УК-н 105-чу статьян 2-чу декъаца догIуш долу зулам дарна Мусаева бехке еш долу уголовни гIуллакх. Суьдехь таллам дIахьочу хенахь гучуделира, суьдан-психиатрин экспертизин сацамца нийса а догIуш, иза психика талхош йолу цамгар шеца йолуш хилар, делахь-хIета, берана еттачу хенахь ша деш дерг хIун ду хууш цо дина цахилар.

Прокурорана хетарг хьесапе а эцна, суьдо кхиэл йира Мусаева уголовни жоьпаллех паргIатъяккха а, психиатрин леррина йолчу стационарехь цунна нуьцкъала хьакъ доллу дарба леладайта а. Суьдан сацам законан ницкъе бирзина.

 

Кхаъ бала гIоьртира

Соьлжа-ГIалин Заводской районан суьдехь къастийна 63 шо кхаьчна волчу Хамахмадов Ахьмадана дуьхьал долийна хилла уголовни гIуллакх. Иза бехке лерина РФ-н УК-н 30-чу статьян 3-чу декъаца, 291-чу статьян 1-чу декъаца догIуш долу зулам дарна (гIуллакхехь волчу стагана кхаъ бала гIортар).

Суьдехь гучуделира бакъо йоцуш наркотикаш йохкарна хьалха хан тоьхна хилла волу Хамахмадов административни жоьпаллех кIелхьаравала а гIерташ гIуллакхехь волчу стагана – полицин белхахочунна ахчанца кхаъ бала гIоьртина хилар. Пачхьалкхан бехкевархочунна хетачунна тIе а тийжаш, суьдо йинчу кхиэлаца Хамахмадовс товаран чIогIачу рожан колонехь бархI бутт хан йоккхур ю.

 

Дешархочунна еттарна

Республикин прокуроран тIедиллар кхочуш а деш, Соьлжа-ГIалин Октябрьски районан прокуратуро таллам бина законо лардеш долу кхиазхочун хьашташ хьехархочо кIоршаме талхийна хиларан бакъдерш. Хьалха хаамбина ма-хиллара, регионан цхьана школехь урок дIахьочу хенахь берашна хьалхха хьехархочо йиттира кхиазхочунна, цуьнга маьттаза бага а лееш.

Бинчу талламо гайтира и меттиг 2013-чу шеран декабрехь Соьлжа-ГIалин цхьана школехь хилла, хьехархойн кхеташонехь йийцаре йина хилар. Бераца иштта юкъаметтиг хилларг дуккха а шерашкахь хьехархочун болх бина йолу Автаева Малика хилла хиллера.

Школин директоран омрица Автаева балхара дIаяьккхина. Юкъа йоккха хан йолар бахьанехь прокуратуро иза жоьпалле озоран хьокъехь долу гIуллакх ца долийна.

 

Дехарна жоп делла

Пенсионера Сулуев Сайд-Iальвис регионан прокуроре Абдул-Кадыров Шарпуддига дийхира юридически маьIна долу бакъдерг меттахIотторехь гIо дар.

Бинчу талламо гайтира Сулуев 1935-чу шеран январехь Хасав-Юьртан районерчу Бамат-Юьртахь вина хилар. Амма и бакъдерш Гуьмсан районан ОВД-хь цунна деллачу паспорта тIехь нийса ца гайтина. Цуьнца доьзна Сулуевн гIо лоцуш прокуратуро суьде заявлени делла вина де нисдар доьхуш.

Гуьмсан гIалин суьдо кху шеран 14-чу декабрехь бинчу сацамца буьззинчу барамехь жоп делла прокуратурин заявленина.

 

Уголовни гIуллакх долийна

Республикин прокуратуро бинчу талламо гайтира кху шеран 17-чу декабрехь шен цабезам дIагойтуш Байсулаев Амадис шеца цхьаьна ехаш йолчу Висханова Айзанна дуккха а барамехь чевнаш йина хилар. Коьртана йоккха чов яр бахьанехь иза кхетамчуьра яьлла.

Амма цуьнга хьаьжна доцуш, РФ-н УК-н 111-чу статьян 1-чу декъаца догIуш долу зулам дина хилар даррехь гуш доллушехь, Нажи-Юьртан районан ОМВД-н юьхьанцара таллам баран органо сихха гIуллакхаш ца дина уголовни гIуллакх долорна тIехьажийна.

И талхораш дIадахаран Iалашонца республикин прокуроран заместитела Джанхотов Заурбека 19-чу декабрехь (аьлча а, зулам дина кхоалгIачу дийнахь)  т1едиллира дийлийтина гIалаташ нисдар. Оццу дийнахь Байсулаев бехкеваран уголовни гIуллакх долийна. ДIахьош ду хьалхарчу рогIан талламан гIуллакхаш.

 

Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Л.БАКАРОВ.

 

№149, шинара, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: