Пенсийн хьокъехь долчу законодательствехь хиллачу хийцамашца нийса а догIуш, болх беш болчу пенсионерашна 2016-чу шарахь дуьйна лур ду страхови пенси а, цунна тIе дIаяздина луш долу ахча а, бакъду, планан индексацеш а йоцуш.
Цу тайппана, 2016-чу шеран февралехь хир йолу страхови индексаци 2015-чу шеран 30-чу сентябрь кхочуш болх беш хилла боцчу пенсионерашна бен хир яц. И де билгалдоккхуш ду пенсионер балхахь хилар 2016-чу шеран 1-чу февралехь индексаци яле хьалха Пенсионни фондехь болчу, болх луш болчарна тIаьххьарчу отчетан муьран тIаьххьарчу денна Россин Пенсионни фондан персонифицированни учетан хаамийн буха тIехь хIоттош хиларна – иза 2015-чу шеран 30-гIа сентябрь ду.
Нагахь санна пенсионер ша цхьаъ болх беш ларалуш велахь, аьлча а, ша волу предприниматель, нотариус, адвокат, иштта дIа кхин а хиларе терра Пенсионни фондехь дIаязвина велахь, иштта пенсионер болх беш лоруш хир ву, нагахь санна иза 2015-чу шеран 31-чу декабрехь Пенсионни фондехь дIаязвина велахь.
Нагахь санна пенсионер 2015-чу шеран 30-чу сентябрал тIаьхьа, аьлча а, 2015-чу шеран 1-чу октябрера 2016-чу шеран 31-чу марте кхаччалц болчу муьрехь балхара дIаваьллехь, цунах лаьцна цо хаам бан мегар ду Пенсионни фонде, оцунна пенсионеро Пенсионни фонде заявлени дала деза, балхара дIаваларан хьокъехь тоьшалла деш долу документ а луш. Заявленига хьаьвсинчул тIаьхьа страхови пенси дала долор ду, индексаци хьесапе а оьцуш. Аьлча а, нагахь санна пенсионер индексаци йинчул тIаьхьа балхара дIаваьллехь, цуьнан заявленига хьаьвсинчул тIаьхьа тIебогIучу баттера дуьйна индексацица алсамдаьккхина пенси а, цунна тIе луш долу дIаяздина ахча а оьцур ду цо.
2015-чу шеран 1-чу октябрера 2016-чу шеран 31-чу марте кхаччалц болчу муьрехь балхара дIаваларна тоьшалла дан а, хьакъ долччу документашца цхьаьна пенсионни фонде заявлени дала а йиш ю пенсионеран 2016-чу шеран 31-гIа май кхаччалц. Цул тIаьхьа и заявлени дала ца оьшу, хIунда аьлча, 2016-чу шеран II-чу чийрикехь болх луш болчарна аттачу даьккхина долу хIора баттахь отчеташна юкъадалориг хиларна а, пенсионер болх беш хилар болх луш болчара хIора баттахь луш болчу персонифицированни хьесап дарехь гойтуш болчу хаамийн буха тIехь Пенсионни фондо ша билгалдоккхург хиларна а.
Пенсионер балхара дIавалар гойтуш йолу отчет дIакхаьчначул а, иза теллинчул а т1аьхьа цо страхови пенси оьцур ду, иза болх беш волчу хенахь хилла йолу индексацеш хьесапе а оьцуш. Нагахь санна пенсионер цул тIаьхьа юха а балха водахь, цуьнан страхови пенсин барам лахбийр бац.
Цу тайппана, Пенсионни фонде заявленеш 2015-чу шеран IV-чу чийрикехь, я 2016-чу шеран I-чу чийрикехь балхара дIабевллачу, я дIабевр болчу пенсионераша бен дала ца деза. Заявлени дала мегар ду хьакъ доллу федеральни закон гIуллакх дан дола ма-делла, аьлча а 2016-чу шеран 1-чу январехь дуьйна. Заявленеш дIаоьцур ду Россин Пенсионни фондан ерриге а территориальни органаша а, пенсеш хIитторан хьокъехь заявленеш дIаоьцуш а, пенсионерашка пенсеш дIакхачош а йолчу туьшаша а. Заявленеш шаьш дIадала а, ткъа иштта почтехула дIадахьийта а мегар ду.
Юха а балха вахаран (дIаваларан) хьокъехь долчу заявленин бланк а, ткъа иштта иза язъяран бакъенаш а, Россин Пенсионни фондан сайта тIехь «Дахарехь нислуш долу хьелаш» аьлла долчу декъехь ю.
Болх беш боцчу пенсионерийн страхови пенсешна индексаци ярх дерг аьлча, 2016-чу шеран февралехь уьш 4 процентана алсамдохур ду. Пачхьалкхан пенсешца кхачо ярехула долу, царна юкъахь социальни пенсеш а, пенсионер болх беш хиларх я цахиларх дозуш доцуш, 2016-чу апрелехь дуьйна берриге а пенсионерашна 4 процентана алсамдохур ду.
2015-чу шарахь болх беш хиллачу пенсионерашна страхови пенсеш алсамдохур ду (заявлени а ца яздеш, юха лорур ду) 2015-чу шарахь язйинчу пенсийн баллашна тIе а доьгIна, амма ахчанца лерича, пенсийн кхаа баллал сов доцуш. «Страхови пенсийн хьокъехь» долчу 2013-чу шеран 28-чу декабрехьлерчу № 400-ФЗ йолчу Федеральни законан 18-гIа статья.
Цу тайппана, 2015-чу шеран 30-чу сентябрал тIаьхьа балхара дIабевллачу страхови пенсеш оьцуш болчу берриге а пенсионерашна Россин Пенсийн фондо магадо, февралехь хилла индексаци хьесапе а оьцуш, страхови пенсеш эца шен хеннахь заявлени далар.
С.ЛАЛАЕВ
№149, шинара, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2015 шо