«Иблисан пачхьалкхан» гIеранийн тхьамдас Абубакр Аль-Багдадис ауди кхайкхам дIасабаржийна. Цу тIехь цо кхерамаш туьйсу Россина а, Израильна а, ЕС-на а, США-на а.
***
Россин тIеман-космически ницкъаша тIаьхьарчу деношкахь йохийна «Иблисан пачхьалкхан» масех командни пункт а, мехкадаьтта хьош йоьлхуш хиллачу машенийн ковр а.
***
«Иблисан пачхьалкхан» террористаша юха а минометаш йиттина Домаскан маьрша нах бехачу каппашна. И бахьана долуш 9 стаг кхелхина, 16 стагана чевнаш йина.
***
Шеман Iедалан эскарша хIаллаквина «Шеман революционерийн фронтан» Дамаскехь волу куьйгалхо а, цуьнца цхьаьна хилла иттех террорист а.
***
США-н пхеа штатехь торнадо хилла. ЧIогIа хьоькхуш хиллачу мехаша эзар гергга цIа, иттаннаш машенаш йохийна, дитташ охьадиттина. Оцу Iаламан бохамехь 25 стаг кхелхина.
***
Великобританехь чIогIа догIанаш даьхкина. И бахьана долуш хиш дистина, урамашка хьаьвдда. Итт эзар цIа электросерло йоцуш дисина, бIеннаш адамаш кхерамечу меттигашкара ханна дIакхалхийна
***
Экстремистийн «Боко Хьарам» боламан террористаш ши-кхо де хьалха тIелетира Нигерерчу цхьана юьртана. Оцу юьртара 14 маьрша стаг вийна цара.
***
НАТО-н куьйгалло Германера кеманаш-разведчикаш Хонкара дехьа даьхна, оцу мехкан дозанашна тIехь терго латтор чIагIдаран Iалашонца.
***
Японерчу цхьана тоннела чохь цIе яларца доьзна мехкан къилбаседехьара схьабогIуш хилла 80 сов цIерпошт сацийна латтийра цхьана-шина дийнахь.
***
Чинехь хIокху деношкахь тIеэцна антитеррористически закон. Оцу махкахь террористашца Iедалан тIегIанехь къийсам дIабахьаран хьокъехь дуьххьара тIеэцна закон ду иза.
***
Сербин Iедало тIеттIа чIагIбеш дIахьош бу махкара коррупци дIаяккхарна тIехьажийна къийсам. ХIокху деношкахь схьалаьцна лаккхарчу даржашкара кхин а 80 гергга стаг.
***
Германерчу яккхийчу экономически цхьаьнакхетараллийн куьйгалхой резабац Канцлера А.Меркела дIахьош йолчу политикина.
***
Кхечу пачхьалкхашна герзаш дохкарехь дуьненахь хьалхарчу меттехь ю США, ткъа шолгIачу меттехь – Росси.
№149, шинара, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2015 шо