МЧС-н – 25 шо

   Соьлжа-ГIалахь билгалъяьккхира Россин чолхечу  хьолан ведомствон юбилей.

Соьлжа-ГIалахь Россин Федерацин кIелхьарбахархошна лерина долу дезде а, иштта, чрезвычайни хьолан ведомствон 25 шо кхачар а даздеш цхьаьнакхетар дIадаьхьира.

Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу  урхаллин куьйгалхой а, ветеранаш а, иштта цхьаьнакхетаре баьхкина хьеший а, цIеяйъархой а, кIелхьарбахархой а дезчу денца даггара декъалбира урхаллин куьйгалло.

2015-чу шарахь Нохчийн Республикин цIеяйъархой а, МЧС-н кIелхьарбахархой а бахьана долуш, чрезвычайни хьелашкахь а, 600 сов стаг кIелхьарваьккхина. Цхьаьнакхетарехь дикачу агIор цIеяьккхира урхаллин тоьллачу белхахойн. Нохчийн Республикин  МЧС-н кIелхьарваккхархо Накаев Турко а, иштта Нохчийн Республикин Октябрьски районан, цIеяйъаран  №3 йолчу декъан хьаькам  Солтукиев Iадлан а.

Иштта, оцу цхьаьнакхетарехь регионашна юкъахь дIаяьхьначу  фестивалехь тоьллачарна совгIаташ дира «Созвездие мужества» мидалца.

Фестивалехь толам баьккхинчарна юкъахь яра Шелара 14 шо долу Хатаева Хеда. Хи буха доьдуш долу бер кIелхьардаьккхинера Хедас, шена нека дан ца хуъушехь. Хедина диплом а, деза совгIаташ делла  ца Iаш, Россин МЧС-н «За спасение утопающих» мидал а елира.

Кхушара Бена юьртахь догучу цIа чуьра 5 шо кхаьчна бер арадаьккхира Исрапилов Адама. Цунна а елира Россин МЧС-н «За отвагу на пожаре» мидал. Иштта, Адаман лаамца цунна делира  цIеяйъархочун духар. Муьлххачу хенахь а ша адамашна  оьшучу хенахь орцахвала кийча хила лууш ву бохура цо.

Билгалдаккха деза Россин МЧС-н Нохчийчохь йолу коьрта урхалла мехкан субъекташна юкъахь тоьллачарах цхьаъ хилар. Цундела шайн корматаллин де юьхькIомаца билгалдаьккхира цуьнан векалша.

 

М.КАНТАЕВ

 №149, шинара, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: