Уггаре а хьалха орцахбовлу

(27-гIа декабрь — Россин кIелхьардахархочун де)

ХIора шеран 27-чу декабрехь вайн махкахь билгалдоккху Россин кIелхьардахархочун де. Цхьанна бохам хилча уггаре а хьалха орцах кхочуш берш уьш бу. И де кIелхьардахархочун корматаллин деза де санна билгалдоккхуш ду вайн махкахь 1990-чу шеран 27-чу декабрехь дуьйна РСФСР-н Министрийн Советан сацамца. Россин Федерацин Президентан 1995-чу шеран 26-чу ноябрехьлерчу №1306 йолчу Указца тIечIагIдира Россин кIелхьардахархочун де 27-чу декабрехь билгалдаккхар.

   Ткъа вайн махкахь чрезвычайни хьолан министерство (МЧС) вовшахтохар а 25 шо хьалха оццу дийнахь хилла. Иза чIогIа оьшуш яра вайниг санна боккхачу махкахь. ХIунда аьлча тIеттIа алсам нислора кIелхьардахархойн орца оьшуш меттигаш: хиш дестар, цIе ялар, мохк бегор, иштта дIа кхин а. И санна бохамаш хилча адамаш зенах, зуламах кIелхьардаха, лардан Iедалан цхьа министерство оьшура, шена юкъахь оцу гIуллакхана охIла болу говзанчаш а болуш.

Россехь вовшахтоьхна йолу чрезвычайни хьолан министерство тахана дуьненахь а шен боккха сий-ларам болуш ю. Мохк бегийна, хиш дистина, цIе яьлла я кхин кхераме хьал кхолладелча кхечу пачхьалкхаша уггаре а хьалха орцах кхойкхуш берш оцу ведомствера кIелхьардахархой бу. Иза ларамаза а дац. ХIунда аьлча лаккхара говзалла, доьналла, майралла йолуш, хIайтъаьлла бу уьш. Мел кхераме хьал хIоьттича а бIокъажош бац.

Оцу дийнахь (27-чу декабрехь) вайн махкара берриге а кIелхьардахархой корматаллин денца Россин куьйгалло декъалбар хIинцале дикачу ламасте дирзина. ХIокху шарахь а МЧС-н берриге а белхахой шайн корматаллин денца декъалбира Россин Президента В.Путина. Билгалдехира хиш тIедевлча, цIерш евлча, цаьрца къийсам дIахьош гайтина даккхий хьуьнарш. Царна лерина дIаяьхьира концертийн программаш.

Вуьшта аьлча, мехкан Iедало а, халкъо а дIахаийтира шайна МЧС-н белхахой оьшуш хилар а, шаьш церан боккха сий-ларам беш хилар а. Нохчийчуьра кIелхьардахархой а бу царна юкъахь. Цундела оха Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан декъалдарна тIе а товш, тхайн цIарах Нохчийн Республикера кIелхьардахархой даггара декъалбо шайн корматаллин денца.

Д.АНАДЕВ

№149, шинара, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: