Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин белхахоша дагалецира Правительствон комплексехь террористически зулам дар бахьана долуш кхойтта шо хьалха, 2002-чу шеран 27-чу декабрехь, кхелхина болу шайн накъостий. Нохчийн Республикин Пачхьалкхан Советан гIишло эккхийтар бахьана долуш 83 стаг кхелхира, ши бIе сов стагана тайп-тайпана чевнаш йира.
Накъостий дагалоцуш хиллачу цхьаьнакхетарехь къамел дира республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин Аппаратан белхахочо Дениев Хасмохьмада.
«Тахана суна дагалаца лаьа генарчу 2000-чу шарахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжина юххе хIиттинарш, Нохчийн Республике дуккха а баланаш беана болу тIом сацорхьама цунна тIаьхьахIиттинарш. Оцу адамашна дагахь материальни зовкхаш а, даржаш а дацара. Оцу адамийн фамилеш 2002-чу шеран 27-чу декабрехь кхелхинчеран иэсана хIоттийначу мемориальни уьн тIе дIаязйина ю. Вайн бIанакъостий, доттагIий, гергара нах гуттар а буьсур бу вайн дегнашкахь», – элира цо.
2000–2001-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхочун заместитель хилла волу – Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхочун Аппаратан куьйгалхо хилла волу Х.Дениев Нохчийн Республикин халкъе кхайкхира шен баьччина, Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна гуонаха ваьштатаIаре.
Митинг чекхйолуш, зезагаш дехкира 2002-чу шеран 27-чу декабрехь теракт яр бахьана долуш кхелхинчеран цIерш тIеязйинчу мемориальни уьнна хьалха.
С.МАМАЕВ
№149, шинара, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2015 шо