Кадыров Рамзана бIаьрлачу толамца декъалвира

«Грозная битва – 13» дуьненаюкъарчу турнирехь толам баьккхина Самедов Забита

 IMG_5048

   26-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира «Грозная битва – 13» дуьненаюкъара турнир. Оцу турниран коьрта тасадалар Самедов Забитаний, Словенски Полоний юкъахь хилира. Къийсадаларшка хьовса баьхкинчу безачу хьешашна юкъахь вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, дуьненахь дика вевзаш волу олимпийски кхузза чемпион Сайтиев Бувайсар, кхиберш.

   Турнир чекхъяьллачул тIаьхьа Нохчийчоьнан Куьйгалхочо инстаграмехь йолчу шен агIонехь, шен дагна хилла хьаам хьул ца беш, яздира: «Грозная битва – 13» дуьненаюкъара турнир хазйира, къагийра Самедов («Маугли») Забита («Ахмат» клуб») схьавалар Польшера долчу австралихочунна Словенски «ю» Полона тIехь баьккхинчу бIаьрлачу толамо. БархI шо хьалха Забит эшийнера Полос. ХIетахь дуьйна цунах юха а лата а, цунна тIехь толам баккха а сатесна вара Азербайджанера латархо. БархI шо даьллачул тIаьхьа цо иза дан а дира: «Хаза, къеггина, тешам боллуш шех леташ хиллачунна тIехь толам а боккхуш, шех леташ хиллачун боккха сий-ларам а беш. Баккъал а, иза хьакъ а вара шен сий-ларам бан», – яздина Кадыров Рамзана.

Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхина ма-хиллра, З.Самедовс тIех лерина кечамбинера австралихочуьнца хила дезачу тасадаларна. «Иза хааделира цаьршиннан цхьаьнакхетар дIадоладелча. Шен дегI чIагIдина ца Iаш, ойла а чIагIйинера цо. ДегIаца а, сица а кийча вара иза тасавала. Забит, декъалво хьо бIаьрлачу толамца! Иштта, декъалбо Азербайджанера, Россера, Белоруссера – дерриге а дуьненара цуьнан гIолацархой. Баккъал а, спорт машаран геланча ю», – дерзийра Кадыров Рамзана.

Оцу суьйранна «Колизей» спорт холлехь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу турниран рингехь 12 тасадалар хилира. Цигахь дакъалецира «Ахмат» клубан декъашхоша а. Шийтта цхьаьнакхетарех исс нохчийн спортсменийн толамца дирзира. Цхьа цхьаьнакхетар цхьа а ца тоьлаш дирзира. Турнирехь дакъалоцуш бара Бразилера, США-ра, Украинера, кхечу пачхьалкхашкара дуьненахь шайн цIерш евзаш болу дика спортсменаш.

 

С.ХУСЕЙНОВ

№149, шинара, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: