Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Россин МВД-н Къилбаседа Кавказан федеральни округан транспортан урхаллин куьйгалхочуьнца, инарла-лейтенантаца Симаков Николайца. Цара дийцаре дира ц1ерпоштнекъан а, хIаваан а транспортан кхерамазаллин гIуллакхаш.
Цигахь иштта дакъалецира Нохчийн Республикин МВД-н министра, инарла-лейтенанта Алханов Руслана, Соьлжа-ГIалин чоьхьарчу гIуллакхийн транспортан линейни отделан куьйгалхочо, полковника Ельсаев Лом-Iелас.
Цхьаьнакхетаран ц1ерпоштнекъан а, хIаваан а транспортан кхерамазалла латторехь Соьлжа-ГIалин чоьхьарчу гIуллакхийн транспортан линейни отдело бинчу белхан таллам бира.
Симаков Николайс лаккхара мах хадийра Соьлжа-ГIаларчу транспортан линейни отделан белхан. Цо дийцарехь, коьртачу берриге а гайтамашкахула Къилбаседа Кавказан федеральни округехь хьалхарчу меттехь ю вайн отдел.
Иштта, цхьаьнакхетарехь билгалдаьккхира Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствос, хIинццалц а санна, кху шарахь а дика болх бина хилар а, белхан гайтамаш вуно дика хилар а. Арахь, некъаца зуламаш лелор дан а дац ала мегар ду регионехь. Иштта, лаккхара бу бакъенаш талхор, зуламаш дар талларан гайтамаш а.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо баркалла элира Н.Симаковна республикин бакъонаш ларъяран органийн белхан лаккхара мах хадорна.
Дагадаийта лаьа Симаков Николайс дуккха а шерашкахь Нохчийн Республикехь болх бина хилар. Регионан МВД-н министран хьалхара заместитель хилла а, цкъа хьалха Къилба федеральни округехь а, цул тIаьхьа Къилбаседа Кавказан федеральни округехь а Россин МВД-н органийн а, подразделенийн а ханна йолчу оперативни тобанан (ВОГО и П) куьйгалхо хилла а ву иза.
А.ВАХАЕВА
№149, шинара, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2015 шо