Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос «Нохчийн Республикин тоьлла школа» аьлла конкурс ю дIахьош. Цуьнан коьрта Iалашо берийн дог-ойла дешарна тIеерзор а, церан толаме кхача болу лаам совбаккхар а яра. Март баттахь дуьйна схьаоьцуш яра заявкаш. Конкурсана лерина папкаш кечйинера школаша. Хьалхарчу очни турехь 10 школа елира финале. Царна юкъахь яра ЦIоьнтарара А-Хь.Кадыровн цIарах йолу школа, Старогладовски юккъера школа, Хьалха-МартантIера №5 йолу гимнази, ЧIуьлга-Юьртара №10 йолу гимнази, Аргун гIалара №13 йолу гимнази, Итон-Кхаьллара Хь.Исаевн цIарах йолу школа кхиерш. Республикин ерриге а школаша дика кечамаш а бинера, жигара дакъа а лецира оцу конкурсехь. Итон-Кхаьлларчу школин куьйгалло шайн хьехархойн балхах, дешархойн кхиамех лаьцна хаамийн таблицаш йинера. Дешархошца бечу а, кхетош-кхиоран белхан а, ЕГЭ дIаяларан жамIаш дара цу тIехь гайтина.
Финалехь оцу школин командо «Дешаран учрежденешкахь социально-психологин хьал – хьехархойн коллективан белхан дикаллин а, дешархойн кхиамийн а чIагIо» программа йовзийтира. Итон-Кхаьллан районан Iаламан хазалла а, школера хьал а довзуьйтуш яьхна роликаш а гайтира. Школин директора Рабуев Альберта дийцира школин хьехархоша а, дешархоша а цхьаьна хIоттийначу методикех лаьцна, ткъа школин дешаран декъан заведующис Горкавенко Татьянас йовзийтира хьехархочун, дешархочун, ден-ненан юкъаметтигийн методика.
– Вайн заманахь гуш ду дешаран хьаьрмахь керлачу тайпана говзанчаш оьшуш хилар, шайн хьуьнарш, говзалла дIахIоьттинчу керлачу социально-экономикин тIегIанехь гайта хууш, культурин, хаарийн, тIегIа лакхара долуш. Коллективо боккха тIеIаткъам бо берийн кхиарна», – элира Т.Горкавенкос.
– Тхо тешна ду тхайн школа республикин тоьллачу кхаа школина юкъахь хирг хиларх. Ткъа финалан жамIаш декабрь бутт чекхбаьлча хуур ду, – билгалдаьккхира А.Рабуевс.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Суьрта тIехь: «Нохчийн Республикин тоьлла школа» конкурсехь.
№150, еара, гIуран (декабрь) беттан 31-гIа де, 2015 шо