Октябрьски школехь даздира Керла шо

базалгХууш ма-хиллара, вайн республикин ерриге а школашкахь дIахьош ду Керлачу шарна лерина даздарш. Иштта кху деношкахь Грозненски районерчу Октябрьски юьртан юккъерчу школин дешархоша а даздира и башха, самукъане цIей. Актови зала чохь бес-бесара тIе тайнигаш оьхкина, кечйина  дIахIоттийна яра базалг. Хаза, кегий полларчий санна, тIе кIайн кучамаш юьйхина зудабераша а, тайп-тайпанчу акхаройн костюмаш, туьйранашкарчу турпалхойн духарш дуьйхинчу божабераша а кхин а хаздора  даздарш. Шарахь цкъа бен ган йиш йоцу Керлачу шеран коьрта турпалхой: ГIура-Дада а, Лайн-Аьзни а гучудаьлча, берийн хазахетаран доза дацара. Дешархоша ша-ша дика еша а хьожуш, оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь байташ йийшира. И тайпа хаза совгIаташ кечдар тидамза ца дисира. ГIура-Дадас ша деана мерза совгIаташ дIаделира дешархошна.  Керлачу шарна лерина программа дIаяьллачул тIаьхьа, дешархоша ГIура-Дадица, Лайн-аьзница безамна суьрташ дохуш, нохчийн хелхарш деш кхидIа а дIадаьхьира керла шо даздар.

З.САГАЕВА

Суьрта тIехь: Октябрьски юккъерчу школин дешархой

№150, еара, гIуран (декабрь) беттан 31-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: