Халкъан тидамаш

Баттана гуонаха цIен хIоз хIоттахь, догIа хир ду, къегина хилахь, екхна хир ю.

   Шийла  хенахь коран бIаьргашна хьацар деттахь, йохлур ю, ткъа аьхкенан хенахь – йочана хир ю».

    Дуьххьара стигал къовкъар къилбаседа агIора хьоькхучу мохца хилахь – бIаьсте шийла хир ю; малхбалехьара хилахь – екхна а, йовха а хир ю; малхбузехьара хилахь – тIуьна хир ю; къилбехьара хилахь – йовха а, садолу хIума дукха йолуш а хир ю.

   Зингатий бен чу лечкъа довлахь, стигал а къекъаш, догIа  догIур ду.

   Мархаш лоха лелахь, йочана хир ю.

   Сентябрехь стигал къовкъахь, гуьйре йовха хир ю.

   Аьхка  гIа маждала долалахь, гуьйре хьалхе йогIург хиларан билгало ю.

   Стиглан къекъар алсам хилахь, догIа  сиха чекхдер ду.

   Лоппагаш а хIуьттуш догIа  дагIахь, йочана яхлур ю.

   Дохк лаьтта дижар екхна хиларан билгало ю.

   Хенан хIоттам хийцалуш туьха тIунло.

   Тидамаш дIаязбинарг – Р.КАДИЕВ

 

№150, еара, гIуран (декабрь) беттан 31-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: