Нохчийчоьнан спортсменаш – хьалхарчу меттехь

ХIокху деношкахь Элиста гIалахь дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула кегийрхошлахь хьалхеяккхаран Ерригроссин 15-гIа турнир. Иза лерина яра СССР-н кубок яккхархочунна, РСФСР-н халкъийн 3-чу спартакиадин чемпионна, СССР-н спортан мастерна Р.Т.Балдашановна. Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. СССР-н хьакъволчу тренера Умаров Пайзуллас куьйгалла деш йолчу Нохчийн Республикин командо лаккхара кхиамаш бехира турнирехь. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира: Д.Умхаджиевс (27 кг.) – Невран районера ДЮСШ, И.Магомадовс (30 кг.) – №7 йолу ДЮСШ, А.Исаковс (32 кг.) – №7 йолу ДЮСШ, И.Яндаровс (35 кг.) – Соьлжа-ГIалара ШВСМ, И. Микаевс (42 кг.) – №7 йолу ДЮСШ, А.Элиевс (46 кг.) – заводской районера ДЮСШ, Т.Исаевс (54 кг.) – №3 йолу ДЮСШ, Д.Дикаевс (100 кг.) – №3 йолу ДЮСШ.

     ШолгIа меттигаш кхечира: Газиев Исламана (32 кг.) Ленински районера ДЮСШ, К.Жухалиевна (58 кг.) – ДЮСШ. КхоалгIа меттехь бара: Р.Масаев (25 кг.) – Невран районера ДЮСШ, И.Исмаилов (27 кг.) №7 йолу ДЮСШ, А.Асалаев (32 кг.) Невран районера ДЮСШ, М.Исаев (38 кг.) – №3 йолу ДЮСШ, З.Яшуркаев (54 кг.) №7 йолу ДЮСШ, С.Гериханов (69 кг.) – №3 йолу ДЮСШ, М.Бабиев (85 кг.) №5 йолу ДЮСШ, Д.Дикаев (100 кг.) – №3 йолу ДЮСШ.

Турниран суьдхошна юкъахь, уггаре а дика суьдхо ву аьлла билгалваьккхира Нохчийн Республикера суьдхо Тулаев Беслан.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА

 

№150, еара, гIуран (декабрь) беттан 31-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: