«Сан дозалла ду хьо – Дада»

Вайн республикехь кегийрхошца тайп-тайпана мехала гIуллакхаш дIахьош дуккха а организацеш ю, царах цхьаъ ю юкъараллин «Иман» клуб. Цуьнан векалша мехкаршца болх бо. Клубан декъашхошца шайн хаа мел луург паргIат дийцаре дан аьтто хуьлу зудаберийн. ХIора денна республикерчу районашкарчу учрежденешкахь тайп-тайпана гIуллакхаш дIахьо цара. Дийцина ца валлал дукха ду «Иман» клубо тIаьхьарчу кхаа шарахь дина мехала гIуллакхаш. ХIинца цара дIахьош ю «Сан дозалла ду хьо – Дада» аьлла конкурс. Цу тайпа конкурс вайн республикехь дуьххьара дIахьош ю. Жимачунна а, воккхачунна а аьтто бу цигахь дакъалаца. Кхаа номинацехь дIахьур ю конкурс: ша яьккхина байт, йиш, сочинени. 

   Конкурсан коьртачу Iалашонах а, иза хьенан дIадолорца дIахьош ю дийцира «Иман» клубан куьйгалхочо Мужедова Имана: «Тхан клубан жигархочун Аюбова Матин лаам кхоллабеллера и тайпа конкурс дIаяхьа. Суна хаза а, мехала а хийтира цо и хьахийча. Вай кхоьллинчу АллахIа ма-аьлла, Ша бохург де, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бохург де, дас-нанас бохург а де. Вайх хIоранна а тIехь долу декхар ду иза. Оцу конкурсехь къаьсттина вайн дайшка болу безам, ларам, вай царех деш долу дозалла, вайн хIоранна дахарехь дайша дIалоцу башха меттиг гайта аьтто хир бу конкурсан дакъалацархойн».

– Дел-ненал сийлахь хIумма а дац цхьана а берана. Дала могаш-маьрша латтабойла уьш массарна а. Сан исс шо долуш дIавигна сан да. Цуьнга сатийсарца дIадоьду сан хIора а де. Да санна сийлахь дош цхьа а ца хета дуьнен чохь. Дега болу безам вай нохчашна юкъахь гойтуш ца хилахь а, со санна шен дех ала довха дош долуш кхин а хир бу-кх аьлла, и конкурс ян сайн лаам хилар хаийтира ас. «Иман» клубан декъашхоша суна цу тIехь гIо-накъосталла дийриг хилар хаийтира», – дийцира «Иман» клубан жигара дакъалацархочо, конкурс вовшахтоьхначу Алиева Матас.

Конкурс дIахьош ю декабрь беттан 5-гIа дийнера январь беттан 5-гIа де кхаччалц. 12-чу январехь конкурсан жамIаш даран цхьаьнакхетар дIахьур ду Кегийрахойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон актови залехь.

Конкурсан толамхой къастор байтан чулацаме, илли аларе, йиш лакхаре  хьаьжжина хир ду.

ХIокху номеран  8(938)-020-50-51 «WhatsApp» тIе яийта шайн материалаш.

Хь.АВХАДОВА

 

№150, еара, гIуран (декабрь) беттан 31-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: