Билгалдаьккхира Россехь Культурин шо доладалар

IMG_2638

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Пачхьалкхан театран-концертан залехь хилира Россехь Культурин шо доладаларна лерина цхьаьнакхетар.

Россин Президента Путин Владимира куьг яздина 2014-гIа шо Россин Федерацехь Культурин шо хилар дIакхайкхош долчу Указана.

Указаца нийса а догIуш, коьрта Iалашо ю культура кхиоран а, культурно-исторически тIаьхье Iалашъяран а, дерриге а дуьненахь Россин культурин маьIнин а гIуллакхашна юкъараллин тидам тIебахийтар.

Цхьаьнакхетарехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочо Даудов Мохьмада, республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана, культурин министра Дааев Хож-Баудис, Соьлжа-ГIалин мэра Кадыров Ислама, районийн администрацийн куьйгалхоша, официальни кхечу наха.

Официальни дакъа дIадоладале хьалха «Кавказ» йиш лекхира Нохчийн Республикин хьакъ йолчу артисткас Исаева Iайнаа а, республикин Пачхьалкхан симфонин аркестро а.

Цул т1аьхьа Кадыров Рамзана билгалдаьккхира Россин Культурин шо хьакъ ма-дду дIадахьа Нохчийн Республикин таро хилар.

 

– Нохчийн Республикехь дерриге а хьелаш кхоьллина халкъа юкъахь культурин гIуллакхаш дIадахьарна: йина культурин кхузаманахьлера учрежденеш, цигахь болх беш ю дерриге а дуьненна евзаш йолу кхоллараллин коллективаш. Вайн республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас гуттар а олура: «культура ца хилча, къам дац». Цундела вай къаьсттина тидам тIебохуьйту иза когах1отторна, – элира цо.

Р.Кадыровс къаьсттина тидам тIебахийтира, культурин гIуллакхаш вовшахтухуш берш уьш доккхачу жоьпаллица дIадахьа декхарийлахь хиларна.

Вай декхарийлахь ду нохчийн халкъ террористаш, экстремисташ, националисташ цахилар дерриге а дуьненна гайта. Нохчийчоь а, цуьнан бахархой а массарна а оьздангаллин, кхетаман масал хила декхарийлахь бу: закон, Конституци ларъян а, Россин хьакъ болу гражданаш хила а, – д1ахьедира Р.Кадыровс.

Дааев Хожа-Баудис билгалдаьккхира хIокху тIаьхьарчу шерашкахь Нохчийн Республикехь дехачу халкъийн культурин мехаллаш а, гIиллакхаш а, Iадаташ а лардарехь а, Кадыров Рамзан коьртехь а волуш, республикин куьйгалло Iаламат боккха болх дIахьош хилар.

Х.-Б.Дааевс дийцарехь, Россехь Культурин шо доладаларца цуьнан ведомствос дан дезачу гIуллакхийн план тIеэцна. Цуьнца нийса а догIуш, жигарабоккхур бу министерствона чуйогIучу организацийн коллективийн болх.

– Ша аьлча, оха планаца билгалдо театрийн постановкашна а, исбаьхьаллин гайтамашна а, Нохчийчоьнан историко-архитектурин тIаьхьенца доьзна долчу гIуллакхашна а, библиотекийн фондана а, концертийн-самукъадаккхаран программашна а къаьсттина тидам тIебахийтар. Билгалдаккха лаьа Россин кхечу регионашкарчу коллегашна белхан зеделларг вовшашна довзийтаран  болх а тобийриг хилар, – хаам бира Х.-Б.Дааевс.

Цхьаьнакхетаран официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа концерт хилира, дакъалоцуш хелхарийн «Вайнах», «Даймохк» ансамблаш а, нохчийн эстрадин артисташ а болуш.

Гулбеллачарна республикехь дехачу халкъийн башха хелхарш гайтира. Уьш дира республикин районийн этнокультурин центрийн кхоллараллин коллективаша.

«Грозный-информ» агентство

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: