Дозалла дан йиш йолу гайтамаш

Шен чаккхене дирзи кхин а цхьа шо. ХIун дуьту цо вайна? Ала деза, дуккханна а тIехь башхалла йолуш хилира иза  вайн агропромышленни комплексана, цуьнан дерриге а дакъошна. Лаьттаца гIуллакх догIуш  болчара, шайх дозург дерриге а дина  регионехь кхачанан сурсатийн токхо кхолларна тIехьажийна. Цундела бIаьрг бузу латталелорехь хуьлуш болчу бIаьрлачу хийцамаша – хIора шарахь  керла дозанаш кара а дерзош, меттахIоттош бу  тIемаша кхоччуш хIаллакбина хилла юьртан бахам.posev_kukuruzy

      Тахана республикин экономикехь иза коьртачу дакъойх цхьаъ хилар хьесапе а оьцуш,  регионан куьйгалло цунна тIехь хаддаза терго латторан а, йолуш йолчу таронашка хьаьжжина гIо даран а тIаьхье  лара еза юьртан бахамехь хилла кхиамаш. Муьлххачу бахамехь а карор ду цунна къеггина  тоьшаллаш: аренашкахь, дохнан, зIакардохнан дийнна цхьамогIа комплексашкахь кхиамца гIуллакх деш йолу кхузаманахьлера лаккхарчу эвсараллин техника,  лакхаяьлла агротехникан культура, иза дерриге а гуш адамийн жигараяьлла дог-ойла. Кхузахь  Iаламат мехала лара догIу и дерриге а бахьанехь, белхан меттигаш хаъал алсамъяха ницкъ кхаьчна хилар.  Оццу хенахь  дуккха а лахъелла белхазалла. Алсамдевлла бахархойн шуьне кхочуш долу меттигера сурсаташ, шоръелла церан тайпаналла. Аьлча а, бIаьрла гуш бу хуьлуш болу хийцамаш.

Иза уггаре а хьалха хьакхалуш ду кенан буьртиган ялтех. БIаьсте йовха, тIуналла алссам йолуш а, аьхкенан берриге а муьрехь йокъа лаьтташ а  Iаламан хьелаш   чолхе хилла хилар  бахьанехь бIаьстенан культураш хьекъарна боккха Iаткъам хиллехь а, вайн тахана долуш долчу хьелашкахь тоам бан йиш йолуш тоъалчу барамехь хьийкъина кхиийна буьртиган ялташ. ХIора гектара тIера юккъерчу барамехь чуийцира 22 центнер буьртиган ялта. Дерриге а гулдина ялта 232 эзар тонне кхечира. Дустархьама билгалдоккхур вай и терахь, дIадаханчу шарца дуьстича 45,5 процентана лакхара хилар. Вайн лулахоша хIора гектара тIера 60 центнере кхаччалц иза гулдеш хилар хьесапе эцча, башха бIаьрла ца хетахь а, оццул ялта цкъа а ца гулдина  вай долчохь.

Уггаре  а  хьалха оцу терахьаша гойту адамийн хаъал лакхаяьлла корматалла, хьуьнар,   хьалха хIоттийначу декхарна бIокъажор доцуш хилар, лаьтте болу безам. Цуьнца цхьаьна цо гойту латталелорхошка шаьш билгалдина декхарш кхиамца кхочушдайтарна тIехьажийна регионан куьйгаллера хуьлуш долу билггал гIо а. Масех шо хьалха и гIо хилар бахьанехь таро хилира   республикин дозанел арахьара чуузуш хилла гуьйренан ялтийн хIу  юха а тоьхна, вешан хIуца кхачоян. Масала, дIаяханчу аьхка 46 эзар тонна хIуьнна ялта кхиийра. Цунна юкъахь дара 3 200 тоннал алсам элитни хIу. Мехала маьIна лелийра ялтийн майданашка тесна хиллачу минеральни кхачанан барамо а.

Оцу кхиамашна юкъа коьрта хазна йиллинарш, кхеташ ма-хиллара, адамаш ду. Иза кхин цкъа а чIагIдира  дIабаханчу аьхкенан муьро а. ХIинццалц хIора шарахь буьртиган ялташ чудерзор беттанашка дахлора. Тайп-тайпана дара бахьанаш: техникан къелла, Iаламан хьелаш, дуьйцийла  йоццуш,   адамийн вовшахтохаралла. Цу тIе дIадуьйш дерг дикалла кхоччуш таллаза, арахьара деана хIу хуьлура. Ма-дарра аьлча, хила тарлучу тIаьхьенашка хьовсар доцуш дIадоьра иза аренашка.  Цундела тIаьхье а хуьлура цуьнга хьаьжжина.

Говзанчаша чIагIдеш ма-хиллара, агропромышленни комплексехь бакъонца массеран а юкъара гIуллакх хилла дIахIоьттира  масех шо хьалха болийна  вешан хIу кхиоран некъ, Iаламат яккхий харжаш еш, арахьара эца ца дезаш, регионехь шен хIу хилийтар. Цундела дIаяханчу гурахь коьртачу декъана аренашка вешан хIу ден таро хилира. Ткъа цуьнан тIаьхье яра  чолхечу хьелашкахь а регионан  аренашлелорхойн оцу кепара алссам   кенан ялта чуэца ницкъ кхачар.

Уггаре а коьртаниг дара арахь болх дIаболийначу  юьххьехь дуьйна вовшахтохаралла лаккхара хилар бахьанехь гуьйренан а, бIаьстенан а буьртиган ялта чудерзор цхьана баттахь чекхдаккха ницкъ кхачар. Цуьнан коьрта жамI дара, буьззинчу барамехь иза дан ницкъ ца кхаьчнехь а, ялтийн хIинццалц хуьлуш хилла дараш дикка лахдалар.

Иза гойту хIокху терахьаша а. Иштта, агропромышленни комплексехь хIора гектара тIера юккъерчу барамехь чуэцна 22 центнер буьртиган кенан ялта, я дIадаханчу шарахьчул 2,7 центнер алсам. КIай, муккхий ша-ша лерича, 150 эзар тонна гергга ду дерриге а гулдина кIа, 35 эзар тоннал сов бу мукх. Ткъа цхьана гектарана леринчу хьесапехь кIен хьекъар 24,5 центнере кхаьчна, мекхан – 20, 3 центнере. Цу тIехь уггаре а лакхара гайтамаш бу Курчалойн а, Хьалха-Мартан а районашкарчу латталелорхойн. Хьалхарчохь цхьана гектара тIера чуэцна 30,2 центнер кIа, ткъа шолгIачохь – 29,5 центнер.zerno_21

Ма-дарра аьлча, Гуьмсан, Невран, Теркан районаш йоцчохь (йокъа хIоттар бахьанехь  чIогIа лахара хилира цигахь ялта гулдаран терахьаш) дагна хьаам беш ду ялта чуэцаран юкъара  терахьаш. Ялтин юкъарчу барамца (майданаш алссам хиларан чоьтах) уггаре а лакхара гайтамаш Грозненски районехь бу. Шайн аренашкара латталелорхоша   чуэцна 36 712 тонна ялта, хIора гектара тIера 21,9 центнер  беркат а гулдеш. 9 200 тоннал сов ду тIехьамартанхоша шайн бахамийн хьаьтташка дерзийна ялта.

Нийса хир дацара агропромышленни комплексехь дикка дакъа шайна кхочуш болчу  регионан фермерша, агрохолдингийн латталелорхоша буьртиган ялта гулдарехь баьхна кхиамаш ца хьахош битича.  Фермерийн бахамашкахь а, арендаторша а шайгахь долчу латтанех 18 эзар гектарал сов йолчу майданийн хIора гектара тIера чуэцна 26,4 центнер  кIа, итт эзар гектарах хIоранна тIера 21,2 центнер мукх. Ткъа дерриге а гулдина ялта 90 эзар тонна гергга ду.

Царна юкъахь уггаре а лакхарчу гайтамашка кхаьчна 1 400 гектарал сов йолчу майданийн хIора гектара тIера 41,3 центнер ялта гулдина йолу   «Стандарт С» юкъаралла а, 4 340 гектарах хIоранна тIера 36,9 центнер беркат чуэцна йолу «Шовда» агрохолдинг а.

Юьртабахаман ведомствехь чIагIдарехь, хIора бахамехь а таро хир ю ишттачу гайтамашка кхача. Вайн латталелорхоша юьззина кхачойина шайна   аренашкахь оцу терахьашка кхача таро хуьлуьйтуш долчу хIуца. Оьшуш дерг, латталелоран агротехника кхидIа а лакхаяккхарца доьзна гIуллакхаш дар а, лаьттаца йолчу токхонийн барам алсамбаккхаран Iалашонца минеральни удобренешца кхачояр а ду.

Бакъду, бIаьстенан культураш, ша аьлча, хьаьжкIаш, маьлхахIуш, бIаьстенан мукх, сула кхиорехь болу гайтамаш цкъачунна  кхачаме лорийла дацахь а, цхьаа тайпа шеко ца кхоллало Iаламан чолхечу хьелашкахь а латталелорхоша оцу декъехь цхьана хенахь шаьш кхочуш хилла лаккхара дозанаш герггарчу шерашкахь карадерзориг хиларх.

Кхиамех лаьцна дуьйцуш иштта билгалдаккха догIу хасстоьмаш лелоран дакъа а. Майданаш алсамъяхарца цхьаьна хIора шарахь алсамболуш бу гулбечу тайп-тайпанчу хасстоьмийн, картолийн барам. Бахархойн шуьне кхаьчна   эзарнаш тоннаш помидораш, наьрсаш, жIонкаш, копастанаш, цIен буракаш, хохаш, соьналлаш. Хаъал алсамдаьлла картолаш гулъяр.  2013–2015-чуй шерашкахь регионехь хасстоьмаш лелор кхиорна  леринчу программина тIе а тийжаш, кху шарахь  вайн аренашлелорхоша  дикка алсамъехира хасстоьмийн, хорбаз-пастанан культураш кхиийна майданаш. ДуьхьалдIа пардоца дIакъевлинчу меттигашкара цхьа эзар тоннал сов лаьттан сурсаташ гулдира.

Регионехь кхиамца кхочушъеш ю «2014–2020-чуй шерашкахь Нохчийн Республикехь юьртан бахам кхиор а, юьртабахаман сурсатийн, аьргаллин, кхачанан сурсатийн рынкаш нисъяр а» аьлла йолу пачхьалкхан программа.  Программа кхочушъярехь яьхна хьалхара гIулчаш тIаьхье беркате хирг хиларна тешам луш ю.

Регионехь кхиамца гIуллакх деш ю импорт ма-хуьллу лахъярна тIехьажийна   цхьамогIа программаш. Цаьрца нийса а догIуш, жижигах гIуллакх даран дийнна комплекс йина «Лидер-А» юкъараллехь.  Республикехь дика девзаш ду  цуьнан сурсаташ. Цигара махлелоран сете (цхьайолчу гIаланашкахь, ярташкахь йолуш ю цуьнан туьканаш а) тахана дIадохьуьйту тайп-тайпана йоьхьаш, жижиган консерваш, кхидолу сурсаташ.

Ткъа «Лидер-Р» юкъараллехь юьхьарлаьцна шурин даьхнилелор кхиор, докъарийн йоккха центр кхоллар. Тахана еш йолчу шурин комплексехь 1 200 етт хир бу. Диъ эзар бежанна докъарца кхачоян ницкъ болуш хир ю докъарийн комплекс.

Кху шарахь вайн регионехь 53 процентана алсамдаьккхина картолаш дIаер. ТIаьххьарчу шерашкахь  картолаш кхиор тIеттIа алсамдоккхуш схьайогIуш йолчу Невран районна  кхочу оцу майданех коьрта дакъа. Цундела ларамаза дац цигахь бархI  эзар тонна картолашна лерина Iалашйойла йина хилар. Дийнна схьаэцча дIаяханчу бIаьста республикехь хасстоьмийн культурашна къастийна майданаш алсамъевлла итт процентана, ткъа бошмийн майданаш тIекхетта 3,7-зза. Оцу бакъдолчара гойту вайн юьртан бахам кхиаран новкъахь  хилар.

ТIеэцна кхачанан сурсаташца кхачояран программа кхиамца кхочушъярна юкъа шайн дакъа диллина  буракашлелорхоша а. Мерзачу орамаша дIалаьцначу йиъ эзар гектарах дикка декъана Iаламо хаъал боккха Iаткъам бина хиллехь а, цхьаболчу бахамашкахь 400 центнере кхаччалц буракаш гулйина. ТIаьхьарчу пхийтта шарахь иштта лакхара гайтамаш хилла бац вайн аренашкахь.

Латталелорхоша иштта гайтамаш бахарна юкъа шен дакъа дуьллуш доккха гIо до Нохчийн Республикин Правительствос а: дуьххьалдIа хIокху цхьана шарахь лаьтта тIехь гIуллакх деш болчарна бIаьстенан культурийн хIу эца цхьа бIе миллион соьман барамехь ахча къастийра. Цу тIехь а чекх ца делира царна гIо дар – юьртабахаман культурийн хьекъар лакхадаккхарехь ца хилча йиш йоцу  минеральни удобренеш эца 70 миллион сом ахча а делира. Ораматаш цамгарех ларъяран гIирсаш тоъалчу барамехь хилийта ткъеитт миллион сом къасторо таро хилийтира аренийн сурсатийн дукхаллин барам санна, дикалла а лакхаяккха. Аьллачунна тIетоха догIу  латталелорхошна федеральний, меттигерчуй бюджеташкара  субсидийн кепара гIо  деш хилла  хилар а.

Нохчийчоьнан агропромышленни комплекс айамехь хилар чIагIдеш кхин цхьа тоьшалла дало а лаьа. ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь хилла доцчу кепара лаккхарчу боларшца чекхдаьккхира латталелорхоша тIедогIучу шарна бух биллар Агротехникаца билгалйинчу хенашкахь ницкъ кхечира гуьйренан ялтийн хIу дIаден. Планаца билгалъяьхна хиллачул 11,5 эзар гектар гергга алсамъяьхна ялтийн майданаш, шайн юкъара барам 113 359 гектаре дIа а кхачош:  81 эзар гектарал сов майданашкахь кхуьуш ду кIа, 14 545 гектара тIехь – мукх, 2700 сов йолчу майданахь – Iаьржа кIа, 1 174 гектар майданахь – тритикале, 13 эзар гектара тIехь гуьйренан рапс. Элитни хIу дIадийна 15,8 эзар гектар гергга йолчу майданашкахь. Оцу дерригено тешам ло буьртиган кенан ялтийн юкъара барам алсамбаккхарца цхьаьна тоьллачу хIуьнан бух чIагIбан а карадогIучу шарахь таро хирг хиларна.

Кхиаме хилла шо Нохчийчоьнан латталелорхошна.

Л.МАГОМАЕВ

 

№150, еара, гIуран (декабрь) беттан 31-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: