26-чу декабрехь Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствехь «Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделенин XXVI-гIа конференци хилира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан депутаташа, Нохчийн Республикин Правительствон декъашхоша, «Единая Россия» партин меттигерчу 20 отделенин делегаташа, районийн администрацийн куьйгалхоша, кхечара.
Кхеташонан председатель хаьржира Нохчийн Республикин Парламентехь «Единая Россия» фракцин председателан заместитель волу Лечхаджиев Рамзан. Цо шен къамелехь билгалдаьккхира партис хIокху шарахь боккха болх бина хилар.
««Единая Россия» парти – политикин ницкъ бу. Цо юкъадаьккхина кхажтасар йиллинчу кепехь дIадахьар. Вай оцу партин векалш хиларе терра, вайна тIехь ду политикин система дIахIотторан жоьпалла. Партин куьйгалло сацам бина цкъа мацца а суд йина верг «Единая Россия» партин цIарах депутаташка кандидат вина юкъа ца вахийта», – элира «Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделенин куьйгалхочо Зайналабдиев Валида.
«Единая Россия» Нохчийн региональни отделенин керла политсовет чIагIйира партин декъашхоша, иштта, партин XV-чу съездан делегаташ а хаьржира.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрта тIехь: Конференцин дакъалацархой
№150, еара, гIуран (декабрь) беттан 31-гIа де, 2015 шо