2015-гIа шо чекхдолуш Нохчийчоьнан агропромышленни комплексехь арахеца долийна «Сельский вестник» газет. ХIинца дуьйна дахарехь хуьлуш долчу хазахетарех, къинхьегамехь хьалхахьа йохучу гIулчех, хуьлуш болчу лазамех, кхечунах лаьцна шайн зорбанехь дийца таро хир ю лаьтта тIехь гIуллакх деш болчеран.
Хьалха лаьтта Iалашо гайтарца цхьаьна, газето иштта таро хуьлуьйтур ю оцу новкъахь Iитталуш йолу халонаш, дуьхьалонаш йовзийта, къастийна цхьалхадаха дезаш долу боккхачу мехаллин гIуллакхаш куьйгалле дIакхачо. Ма-дарра аьлча, иза диллинчарна хетарехь, газет ахархойн, лаьттаца гIуллакх догIуш болчеран массеран а жигара гIоьнча хилла дIахIотта декхар ду.
Вай долчохь ламасте дирзина ма-хиллара, газетан хьалхара агIо схьайоьллу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин суьртаца. Иза кхеташ а ду. ДIадолош долчу муьлххачу гIуллакхан юьхь, хьалхахьа йохуш йолу гIулчаш, дахарехь, экономикехь юкъадалош долу дерриге а керланиг вай дузу цуьнан цIарца, маьршачу дахаре Ахьмад-Хьаьжас схьабиллинчу некъаца. Халкъана гуттаренна а дагахь дисина хIаллакаллин тIом саца а бина, ша Iинах доьдучуьра кIелхьарадаккхар, шен дахар ца кхоош сирлачу хиндолчуьнга йолу юьхь хIоранна а схьагайтар, паргIато йолуш даха таро хилийтар.
Ур-аттал тахана а хала ду тIамо хIаллакбина бахам меттахIотторан новкъахь Ахьмад-Хьаьжас яьхначу хьалхарчу гIулчийн хьакъ боллу мах хадо. Иза гойту тIемаш мегарг дIаберзаза а болуш, республикехь юьртан бахаман министерство кхолларан хьокъехь 2000-чу шеран июлехь хIетахь Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхочо буха куьг яздеш арахецна хиллачу омрано а. Керла вовшахкхеташ йолчу Правительствон структурехь хьалхарчу ведомствех цхьаъ яра иза.
Iаламат чолхечу хьелашкахь хиллачу оцу хиламах лаьцна дуьйцу газетан хьалхарчу номерехь зорбатоьхначу шен статья тIехь регионан юьртан бахаман министра Дадаев Мусас а. Цо яздо: «ХIетахь, 2000-чу шарахь кIезиг бара республика меттахIотталур ю бохучух тешаш берш, амма Кадыров Ахьмад-Хьаьжас ша-шен ца кхоош къахьегаро, Путин Владимира, бахархойх дукхах болчара гIолацаро таро хилийтира далур дац аьлла хеттарг дан. Хьекъале политик, говза бахамлелорхо хиларе терра, иза кхетара хьалхарчу рогIехь юьртан бахам метта ца хIоттийча нохчийн лаьтта тIехь маьрша дахар дIахIотто ницкъ кхочург цахиларх. ТIемаша 90 проценте кхаччалц хIаллакбина бахам, цо тидам бар бахьанехь меттахIотта болабелира. Бахамашка кхача юьйлаелира керла тракторш, комбайнаш, кхиболу гIирсаш. ТIеийцира дакъа дендаран Iалашонан программаш. Ахьмад-Хьаьжас республикина тIехь куьйгалла дан долийначу хьалхарчу шарахь дуьйна гIолаца долийра лаьтта тIехь шаьш гIуллакх деш болчеран. Пачхьалкхан бахамашна санна, фермершна къасто йолийра юьртабахаман керла техника. Чуоза долийра буьртиган ялтийн керла сорташ, даьхни. Оцу дерригено а таро хилийтира республикин агропромышленни комплекс кхиамца кхуьург хиларх адамаш тешо.
Тахана регионан экономикехь тешам боллуш цхьанаэшшара кхуьучу дакъойх цхьаъ хилла дIахIоьттина вайн юьртан бахам…».
Шен дешархошна агропромышленни комплексан дерриге а дакъошкахь долчу хьолах лаьцна дийца хIума хилар гойту газето хьалхарчу номерехь дуьйна. Цунна тоьшалла деш ю, масала, Шелковски районерчу фермерийн «Жейна» бахаман коллективан гIуллакхех лаьцна долу дийцар, Веданахь баьпган заводана а, долахошна а юккъехь лаьттаца боьзна баьлла къовсам, гуьйренан ялтийн хIу дIадер дIадахарх лаьцна хаамаш, ведомствон куьйгалхоша латталелорхой тIеэцар, церан хьашташка сема ладогIар, уьш къастийна цхьалхадахар.
Республикехь дIахьош йолчу юьртабахаман сурсатийн ярмаркех лаьцна дуьйцуш, газето хаам бо кху шарахь уьш цхьа бIе сов вовшахтоьхна хилла хиларан хьокъехь. Шеца алссам суьрташ а долуш, юьртан бахаман министерствона хьалха ноябрь чекхболуш дIаяьхьначу ярмаркера йоккха репортаж а ю зорбатоьхна.
«Пачхьалкхо гIолоцу юьртан бахаман» аьлла йолчу статья тIехь ма-дарра гойту, вайн регионехь тIеэцначу «2014–2020-чуй шерийн муьрехь юьртан бахам кхиоран, юьртан бахаман сурсатийн, аьргаллин, кхачанан сурсатийн рынкаш нисъяран хьокъехь» йолчу программица нийса а догIуш, пачхьалкхан секторна санна ахархойн-фермерийн бахамашна, лаьтта тIехь гIуллакх дечу тайп-тайпанчу юкъараллашна, агрохолдингашна и гIо дар муьлхачу некъашца дIагIур ду. Тидам тIебохуьйтуш ду цу тIера иштта терахь: жижиг, жижиган сурсаташ, шура, цунах кечдина сурсаташ, иштта стоьмийн-хасстоьмийн сурсаташ дахарна оцу муьрехь юкъадилла билгалдина 39,5 миллиард соьман барамехь ахча. Цунах 33,8 миллиард сом бюджетана юкъайогIуш йоцчу хьостанашкара къастийна хир ду.
Дачникашна лерина говзанчийн хьехамаш а бу зорбатоьхна. Оцу номерехь дуьйцу Iаьнан муьрехь саьрамсекхаш кхиоран кепех лаьцна.
Республикерчу зорбанан гIирсашна тIекхетта кхин цхьаъ. Дуьйцийла йоццуш, цо шена хьакъ йоллу меттиг дIалоцур ю юьртан, цуьнан адамийн дахар шуьйра, ма-дарра гайтарехь. Цу тIехь газетан аьтто хуьлийла а лаьа. Дала тIаьхье беркате йойла!
Л.БАКАРОВ
№150, еара, гIуран (декабрь) беттан 31-гIа де, 2015 шо