Р.Кадыровн пресс-конференци

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана 28-чу декабрехь суьйранна пресс-конференци дIаяьхьира шуьйрачу хаамийн федеральни а, меттигерчу а гIирсийн векалшца. Коьртачу декъана иза лерина яра 2015-чу шарахь бинчу белхан жамIаш дарна а, оцу шарахь вайн махкахь а, дуьненахь а хилла маьIне хиламаш бийцаре барна а.

   Деа сохьтехь гергга лаьттинчу пресс-конференцехь (буьйса юкъал тIехъяьлча чекхъелира иза), журналистийн 40 сов хаттарна жоьпаш а луш, Кадыров Рамзана дийцира чекхдолучу шарахь вайн республикин экономика, промышленность, юьртан бахам, могашалла Iалашъяр, культура, дешар, кхидолу дакъош кхиорехь баьхначу кхиамех, тIедогIучу шарна хьалха лаьттачу даккхийчу а, жоьпаллечу а декхарех лаьцна. «Вай оцу кхиамашка кхаьчна Россина дуьхьал США-с, Евросоюзана юкъайогIучу пачхьалкхаша а санкцеш юкъаялийна хиларе хьаьжна ца Iаш. Атта дацара чекхдаьлла шо. Атта хир дац тIедогIу шо а. Делахь а, со тешна ву вайн Iалашонехь йолу цхьа а программа, цхьа а проект кхочуш ца еш юьсург цахиларх… ХIара дахар хIора дийнан къийсам бу, луьра къийсам. Оцу къийсамехь тоьлларг зовкхе а, токхе а, ирсе а вехар ву. Вай оцу къийсамехь тоьлар а ду», – чIагIдира цо.

Арахьарчу политикех, терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал дIахьош болчу къийсамех хьакхалуш динчу хаттаршна жоьпаш луш регионан Куьйгалхочо тидам тIебахийтира Шемахь долчу хьолана, Хонкарца кхоллаеллачу юкъаметтигашна. Россин Президента В.Путина оцу декъехь йохуш йолу гIулчаш ша юьззина къобалъеш хилар хаийтира цо. Билгалдаьккхира «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша, Малхбузенан заказаш кхочуш а еш, бусалбанашна тIехь къизалла латтош хилар, уьш бусалбанийн мостагIий хилар, Россица йолу юкъаметтиг галъяларна Хонкаран куьйгалла бехке хилар, оцу пачхьалкхера Нохчийчоьнна а, Нохчийн халкъана а цкъа а гIо-накъосталла хилла цахилар, питана доцург.

Пресс-конференцехь тидамза ца дисира Нохчийчуьра бевдда дIабаханчу «ичкерихоша» даржош долу питане эладитанаш а, харцдерш а. «Нохчашна эхь хета деза доцург дийца, тIаьхьашхула лиэн, эладита дийца. Вай бакъдерг дийца деза. Вай бакълен  деза», – бохура Кадыров Рамзана.

Вайн халкъан салаьтташ долчу массо а хIуманан хьокъехь дара хаттарш (налогех, транспортех, ЕГЭ дIаяларехь хуьлучу шогачу хьолах, вахабизмех, терроризмех, и.дI.кх.). Оцу дерриге а хаттаршна дуьззина а, кхетош а жоьпаш  делира Кадыров Рамзана. Цуьнца цо кхин цкъа а гайтира ша хьекъале политик, похIме куьйгалхо, халкъана а, махкана а тешаме, муьтIахь кIант хилар, Даймехкан бакъволу патриот хилар. Цуьнан къамело тешавора цуьнга халкъ керлачу кхиамашка кхачалург хиларх.

Д.ХУСЕЙНОВ

 

№150, еара, гIуран (декабрь) беттан 31-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: