Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан Керлачу, 2016-чу шарна долу декъалдар

Хьомсара махкахой!

Декъалдо шу Керлачу шарца!Рамзан Кадыров (2)

    Аттачех ца хилира вайна массарна а чекхдаьлла 2015-гIа шо. Делахь а, иза вайна дагахь дуьсур ду цу шарахь хиллачу къеггинчу хиламашца. Малхбузено а, США-с а вайн махкана дуьхьал санкцеш йина хиллехь а, вай коьртачуьнга кхечира – экономикин блокада лайра вай, дерриге а дуьненна дIагайтира Россица ницкъана тIетийжаш къамел дар эрна гIуллакх хилар. Оцу муьрехь вай кхин а нуьцкъала хилла, вайн къоман баьччина, Россин Федерацин Президентана Путин Владимирна уллехь кхин а чIогIа ваьштатаьIна дIахIиттина.

Социально-экономикин дикачу гайтамашца тIекхочу Керлачу шарна Нохчийн Республика. Дикка кхиамаш баьхна промышленностехь, юьртан бахамехь, гIишлошъярехь. Регион инвестицешна бегIийла хилар лакхадолуш ду. Воккхавево культурехь, дешарехь, могашаллаIалашъярехь, спортехь хиллачу кхиамаша. Бахархойн Iер-дахар толуш ду, лахъелла белхазалла. Ян а йина, пайдаэца дIаелла миллионаш квадратни метраш хIусамаш. Деш ду кхузаманан некъаш, тохкуш ду тIайш.

Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа тешна вара социальни дакъа кхиорций бен хьалхахьа некъ бойла хирг цахиларх. Республикин куьйгаллин балхахь коьртачех цхьаъ хилла лаьтта и дакъа кхиор. Вай долчохь дIаса ца таьIаш кхочушъеш ю ерриге а социальни программаш. ГIийла-миска бохкучарна дIакхачош ю царна йогIуш мел ерг. Цул совнаха, царна кхачоеш ю оьшуш мел долчуьнца.

Чекхдаьллачу шарахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо бIеннаш миллионаш соьмашна тайп-тайпана гIо дина республикерчу гIийла бохкучу бахархошна, шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу МВД-н белхахойн доьзалшна. Мискачу нехан иттаннаш цIенош тодина, бIе сов керла цIа дина, хIусамаш эцна. Керла, исбаьхьа маьждигаш дина Эвтарахь, Серноводскехь, Хьалха-МартантIехь, ТIехьа-МартантIехь, ЧIуьлга-Юьртахь, кхечу ярташкахь.

Соьлжа-ГIалахь ян йолийна «Ахмат» цIе йолу бIов. Цунах тераниг дерриге а дуьненахь а яц. Иштта, ян йолийна «Казбек» технопарк. ДIахьош ду лаьмнашкахь когсалазаш хехкаран «Ведучи» курорт яран проект кхочушъяр. Тешна ву тIедогIучу 2016-чу шаро вай керлачу кхиамашца даккхийдийриг хиларх. Вайна хьалха лаьтта экономика чIагIъяран, бахархойн хьал-де кхидIа а тодаран, мехкан нуьцкъалалла чIагIъяран даккхий декхарш. Вай Керлачу шарна тIекхочу вайн халкъан, вайн сийлахь-боккхачу Даймехкан – Россин дуьхьа керла лакхенаш яха боккха лаам болуш.

Лаьа шун ирс, могашалла, аьтто хуьлийла! Керлачу шарахь кхочуш хуьлда шун берриге а сатийсамаш!

Керлачу шарца!

 

№150, еара, гIуран (декабрь) беттан 31-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: