Билгалдаьккхира яздархочун 85 шо кхачар

Соьлжа-ГIалахь А.Айдамировн цIарах йолчу Къоман библиотекехь хилира республикехь дика вевзаш хиллачу яздархочун дадашев Iабдуллин 85 шо кхачарна лерина долу цхьаьнакхетар. зала чохь гулбелла бара яздархой, къоман интеллигенцин а, юкъараллин  векалш а, литература езаш берш а, Iабдуллин гергара нах а.    Цхьаьнакхетар схьадиллира яздархочо Исмаилов Абус. Цо доцца дийцира Iабдуллин дахарх а, балхах а, кхоллараллех а лаьцна.  Цул тIаьхьа къамелаш дира дешар кхиоран институтан директора Арсанукаев

Iабдуллас, республикин журналистикин къаночо Магомаев Салавдис, яздархоша Кусаев Iадиза, Мамакаев Эдуарда, Такалашов Султана, кхечара а.    Цара дагалецира шайн хилла накъост, доттагI. Дийцира цуьнан дахарх а, доьзалх а, цуьнан кхоллараллин башхаллех а лаьцна. Билгалдаьккхира Iабдуллин ерриге а произведенеш цуьнан шен дахарера схьаэцна а, цунна гина а, цуьнан дагах, кхетамах хьакхалуш, чекхъевлла а хилар. Iабдуллин дуьххьарлера повесть – «Юнасан гIалат» – араяьлла 1961-чу шарахь, ткъа хьалхара книга араелира 1966-чу шарахь,

«Хьо вац сан да» аьлла цIе а йолуш. Цул тIаьхьа цо язйина, арахийцира иттех сов книга. Амма Iабдуллин кхоллараллехь шатайпа меттиг дIалоцуш ю «Цакагбелларш» аьлла йолу произведени. Иза Iабдуллин дахарехь хиллачу гIуллакхех лаьцна дуьйцуш ю.    Цхьаьнакхетар чекхдолуш, къамел динчу Iабдуллин хIусамнанас Тамусас даггара баркалла элира Iабдулла виц цаварна а, цуьнан шен а, цуьнан доьзалан а цIарах даггара мерза дешнаш аларна а, цхьаьнакхетар вовшахтохарна а.

С.МАМАЕВ

№1, кIира, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: