«СтелаIад» – 12

Араяьлла «СтелаIад» журналан 2015-чу шеран тIаьххьара номер. Иза, коьртачу декъана, лерина ю Керлачу шарна. Нохчийн башха поэт Мамакаев Iаьрби винчу денца дагалацарна леринчу агIонца йолийна номер. Поэтах аьллачу довхачу дашца цхьаьна, оцу агIон тIехь зорбане даьккхина цуьнан «Даге» стихотворенин цхьа дакъа а. Марша, марша хьо догIийла, Хьоме хьаша – Керла шо, Ирс а, беркат ахь дохьийла, Машаре а хуьлда Хьо!    Ишттачу лаамца ерзайо Макалов Шамсуддис шен «Керла шо» стихотворени.    Бераша хазахетарца доьшур ду Ахмадов Мусан «Марша да хьо, Керла шо!», Мумаидов Мохьмадан «ЦIоьмалг» туьйранаш а, Юсупов Муслиман «Хьамца юккъехь маса лаг хуьлу» дийцар а, Талхадов Хьамзатан «Iа» стихотворени а. «Дийнатийн дуьне» рубрикехь кIайн ча йовзуьйту вайна и рубрика дIахьош волчу Гелагаев Сайд-Мохьмада. Берашна санна, баккхийчарна а хазахета «Бераша олу» рубрикера кегий дийцарш. Царах цхьаъ довзуьйту оха: «ГIала яха новкъаяьллера Тумиша!    – НеI дIа ма еллалаш… Грипп ю, шуна, лелаш, – бераш чохь совцо дагахь, кхерамаш тесира цо.    И дIаяхана дукха хан ялале, цхьаъ-м хьаштхилла лулахо еара цаьрга. Дехха ков деттарх, цхьа а ара а ца ваьлла, дIаяхара.  Кхано, нана цIа еача, пхи шо долчу ПетIамата хаам бира:     – Мама, вайга грипп еанера, хьуна, оха чу-м ца яийтира».    Берашна маьIна девзачу дешнийн барам алсам баккхарехь мехала ю «СтелаIодан дошам». ХIокху номерерчу дошамехь маьIна туьду акъари, бора бос, гIура, жоммагIа, кондар, кхолар, лайн хIур, тунгари, туьтмIаьжиг, цIен муьрг, чайтаI, иштта кхечу дешнийн. Бераш ойла ян а, тидаме хила а Iамадо 23-чу агIон тIерачу кроссвордо. РогIера номер ерзайо Кусаев Iадизан дешнашна Муцаева Седас мукъам баьккхинчу «Керло шо» эшарца.

Хь.АБАЕВ

№1, кIира, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: