Соьлжа-ГIаларчу №51 йолчу «звездочка» берийн бешахь Керлачу шарна лерина даздарш дIадаьхьира. байташ ешарца дIадолийра даздарш. ЛайнАьзница цхьаьна ГIура-дада веара берашна совгIаташ дохьуш. иштта туьйранийн турпалхой а бара берийн самукъадаккха баьхкина. Цигахь гайтам а хилира. Берийн дайнаноша йина тайнигаш яра гайтаме ехкинарш. Царна юкъахь яра тайп-тайпана базалгаш: кIайчу, баьццарчу, сийначу, беснашкахь. ГIура-Дада, Лайн-Аьзний «лайн юргIанца» кIайдина ков-керташ дара. ТIехь бIаьрг а ца соцуш, чIогIа хаза яра тайнигаш. Туьйранийн турпалхойн бес-бесара духарш а дуьйхина, кечделла дара бераш. Берийн ирсо ирсе бина гора церан наной а. Бераша эшарш а лоькхуш, хелха а довлуш дIаяьхьира и самукъане Iуьйре. ГIура-Дадас совгIаташ даларца дерзийра Керлачу шарна лерина даздарш.
ВЕГИЕВА Макка
№1, кIира, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2016 шо