Базалг – бераллин ирс

Басах чухьаьдда аьрха бер санна, сиха, иккхина даьлла дIадаха 2015-гIа шо. «Кхана базалг» ю бохуш, цуьнга сатуьйсуш, наб ца кхеташ Iара бераллехь, базалго хаздина ирс.    – ГIура-Дада вогIур вуй вайга? – хоьттура.    – Дера вогIур ву. Шу вуон лелахь гали деса хир ду цуьнан, амма аш шайн дас-нанас аьлларг дахь – гали доккха, тайнигех, марзаллех дуьзна хир ду!    Хаза ю бералла! Хаза ду машарца мел доккху хIора шо, бутт, де, сахьт. СоьлжаГIалахь дIахIоттийна республикин коьрта базалг ю. Иштта вайн махкара хIора юрт, гIала хазйина, къагийна дIахIоттийна цо.    Доьзалш ирсе хилча ирсе хуьлу дайнаной, баккхийнаш. Ткъа базалг – изамаршонан билгало ю. Мел генарчу районашкара а нах богIу кхуза шайн берийн самукъадаккха. Тайнигаш, совгIаташ, ловзарш, беларш даима а лаьттийла хьомечу Нохчийчохь!    Ирс, беркат, ийман совдоккхуш деана хуьлда вайн хIусамашка 2016-гIа шо! Дала декъалдойла шу, тхан махкахой!

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№1, кIира, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: