Арзимиев Идрисан лаамаш

Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телеканалехь Газалапова зараа дIахьош йолу «Могаш-маьрша» передача йолаелча цуьнан дакъалацархошца Арзимиев идрис хиларе сатосий хуьлу къона телехьовсархой. Царна юкъахь иза хилча шатайпа самукъане хуьлу передача.   ХIокху деношкахь Сайдулаева Iайнаъ шен кIантаца Идрисца вайн газетан редакци еача, кIанта олучу иллешка а, кIанта ечу забаршка а ладоьгIуш, самукъадаьлла Iийра тхо.   Идрисан бIаьрса цахилар Iайнаана гучуделира кIентан кхо бутт кхаьчча. Соьлжа-ГIалин №9 йолчу больницин лоьраша, хьан кIентан бIаьрса дац аьлча, легашка шад хIоьттина, цаьрга дош ца алалуш, араяьлла, дIаяханера иза. Новкъахь, «зачисткашна» тIенисъелла, салтичо «саца» бохуш, шега мохь бетташ ца хезнера цунна. Цул тIаьхьа кIантана дарба хиларе сатуьйсуш, Махачкаларчу, Краснодарерчу, Москварчу больницашкахула дукха лелла Идрисан да Асламбек а, нана Iайнаъ а.    «Врожденная катаракта», «Косоглазие» ю кIантана хIиттийна диагнозаш, – дуьйцура Iайнаа. – Цхьа бIаьрг бIаьрса долуш бац, важа 5 процент бен сагуш бац. Москварчу лоьраша операци-м йийр ю, амма кIантана гIоли хир ю аьлла-м ца хета аьлча, болх Далла тIе а биллина, Дала а бахьанаш леладе, дарба Шегахь ду, аьлла хиларна, операци яйтира. Цхьана бIаьргана шозза, вукхунна цкъа операци йина кхунна. ТIедогIучу шеран май баттахь кIантана операци яйта Уфа гIала вига ойла а ю церан. Куга вахаза вара Идрис телевизор чохь моллалла кхойкхуш, назма олуш хезча, текхачуьра саца а соций, леррина цаьрга ладугIучу хенахь. Цу хенахь дуьйна, хезнарш цец а буьйлуш, иллеш олуш ву».   Соьлжа-ГIаларчу БIаьрзечеран а, бIаьрса ледара долчеран а юкъараллина юкъавахана жимма хан яьллачул тIаьхьа цигарчу белхахойн а тидам тIебаханера кIантана, цо дIалокху иллеш а, деш долу хелхарш а дезаделлера царна. Цундела Газалапова Зараъ, «Могаш-маьрша» передачи юкъадахийта самукъане бер оьшура шена аьлла, цига яхча Идрис хьахийнера цара. КIентан самукъа а доккхур, цуьнан къамелашка ла а дугIур шаьш аьлла, АрзимиевгIаьрга телевиденера баьхкинчу хьешаша шаьш новкъадовлуш: «Тхо

дахка-м Идрисан самукъадаккха даьхкинера, амма хIокхо тхан самукъа а даьккхина дIадоьлху тхо», – аьллера. Ялх шо кхаьччахьана дуьйна оцу передачехь дакъалоцуш ву кIант. Дистанционни дешаран туьшан 7-чу классан дешархо а, СоьлжаГIаларчу №1 йолчу музыкальни школин 3-чу классан дешархо а (хьехархо – С.Межидов) ву.   Фестивалашкахь, конкурсашкахь дакъалацарна делла дуккха а дипломаш а, грамоташ а ю кIентан. Царна юкъахь ду Дуьненаюкъарчу VIIчу музыкальни фестивалан диплом а.    Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу «Димаев Iумаран мукъамаш девр дац» аьллачу конкурсехь, дечиг-пондар дика лакхарна совгIатан меттиг яьккхина И.Арзимиевс. «Айса толам боккхур бу аьлла хеташ а вацара со, цигахь дакъалоцуш дуккха а говза а, соьл даккхий а бераш хиларна», – бохура кIанта.   ИсмаиловгIеран Шарпуддин а, Ризавдин а репертуарера иллеш ду Идриса дIаолуш. Уггаре а хазахетарг хIун ду аьлла хаьттича, дечиг-пондар лакха Iамар а, вайн Республикин Куьйгалхочуьнца къамел дар а ду, элира кIанта.  Сольни концерт яр а, цо ша ма-аллара, «айсачул дика цхьаьнгга а дечиг-пондар цалакхийтар» а ю кIентан Iалашонаш.

Л.ДАУТОВА

Авторан суьрта тIехь: Арзимиев Идрис

№1, кIира, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: