Кишин Кунта-Хьаьжа (дала къайле цIинйойла цуьнан!) вина 1830-чу шарахь. Цуьнан ден цIе Киши хилла, ненан цIе – Хеда. жима волуш дуьйна шатайпа бер хилла Кунта. дукхахьолахь цхьалха хуьлуш хилла иза, адам доцчохь ойланашка вуьйлуш, шен хенал воккха хеталуш. Дуьненан а, Iаламан а, динан а къайленаш йовза
лууш, хуьлуш долчун духе кхиа гIерташ, шена хьалха чолхе хаттарш хIиттош хилла цо, масала, малх хьала хIунда гIотту, чу хIунда бузу, чаккхе юй техьа лаьттан, мичара схьадолу вуон, иштта дIа кхин а. Бер долуш Iаьрбийн йозанна боккха тидам тIе бохуьйтуш хилла цо. Схьахетарехь, иза доьзна хилла цуьнан бусалба динца йолу юкъаметтиг шуьйра а, кIорга а хиларца. Къуръан яздина болу мотт беза а, хьоме а ца хуьлийла дацара ерриге а ойла динехьа йирзинчу кIантана. Шен 18–19 шо долуш деца Кишица цхьаьна ХьаьжцIа воьду иза 1848–1849-чуй шерашкахь. Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) винчу а, ваьхначу а меттигашкахь хиларо кхидIа долчу дахарна боккха Iаткъам бо цунна. Цу заманчохь баьхначу
наха тоьшалла дарехь, жима стаг волуш дуьйна кхечарна юккъехь иза къаьсташ хилла ийман чIогIа хиларца, хьекъал хиларца, кхетам хиларца. Адамашца бийца мотт карош хилла цунна, шена хьалха хIиттийначу хаттаршна цо луш долу жоьпаш къаьсташ хилла доккха маьIна хиларца а, массо а агIо схьайоьллуш хиларца а. Кхуьнга ладогIа а, кхуьнца къамеле бовла а тIеоьхуш хилла ханна кхул дуккха а баккхий болу нах. Юьхьанца дуьйна цо шена тIе тидам бохуьйтура динах долу хаарш гуонаха долчу дахарца герггара зIе йолуш хиларна, адамийн ойланашца, церан сингаттамашца, лаамашца цхьаьнадогIуш хиларна. Доьзалан да Киши а, нана Хеда а, воккхах волу ваша Мовсар а, кхиберш а билгалбовлура ийман чохь хиларца, нахаца тIекаре хиларца, хьарам-хьанал къастош хиларца, къахьоьгуш хиларца. Замано вайна дуккха а тоьшаллаш дитина ша Кунта-Хьаьжа собаре, къинхетам болуш, хIуманах сиха кхуьуш, дуьненан риц
къанах, бохамах я даржах Iехалур воцуш стаг хиларан хьокъехь. Леларца а, духарца а мискачу нахах къаьсташ ца хилла иза. ТIеюхучу бедарца беркъа, юучу-молчунна тIера воцуш, вижар-гIаттар буьйса тIееанчохь долуш хилла. Кунта-Хьажин дахар а, къийсам а цхьаьнабеана Имам Шемалан заманца. Дуккха а долчу хIуманашна тIехь церан некъаш галморзахдовлуш а хилла. Дина
даржоран а, чIагIдаран а хьокъехь йолу имаман ойланаш чIогIа къаьсташ хилла Кунта-Хьаьжичух. Масала, Шемал дуьхьал хилла зуькарш дарна. Шен къийсамехь цо коьрта тидам тIебахийтина туьранатоьпана, тIом барна, ницкъана тIетовжарна. КунтаХьаьжас хьалхарчу рогIе хIоттадора адамийн дегнаш цIандар, хьагI-гамо юккъера дIаяккхар, хьанал къахьегар, ойланаш а, гIуллакхаш а цIена хилийтар, вовшашца йолу юкъаметтигаш тояр, чIагIъяр, Iилма карадерзор, нийсонна тIегIертар, иштта дIа кхин а. И некъ къобалбеш эзарнаш нах карийра цунна Нохчийчохь а, гIалгIайн махкахь а. Цуьнан ницкъ кхечира гIалгIашна юккъехь цкъа топ ца кхуссуш масех шарахь Имам Шемале шен эскарца цадалуш дерг дан: бусалба динан хазалла, аьхналла, нийсалла йовзий
тарца цо шена тIеберзийра Белхароев БатIал-Хьаьжин мурдаш. Цу кеппара бусалба дин даьржира ГIалгIайчохь. Шемал реза вацара КунтаХьаьжина а, цо дIакхоьхьучу некъана а. Ведана гIопе дIа а кхойкхий, цо барт хотту цуьнга. Амма цунна дуьхьал вала а, цунна цхьа таIзар дан а имам ца хIоьттира. Халкъана юккъера схьаваьлла волу Кунта-Хьаьжа оцу халкъан хьашташца, гIайгIанашца, сатийсамашца, вехара. Дог Iийжара цуьнан нохчийн къам гIелделла, лахделла доьдуш хилар гуш. Хаддаза беш болчу тIемашкахь хIу кхачош лаьттара нохчийн. Паччахьан Iедал а, паччахьан эскарш а де дийне мел дели чIагIлуш, таронашца совдуьйлуш схьадогIура. Устаза нийса кхетадора герзан некъаца Iалашоне кхочург цахилар, халкъана цунах пайда бериг цахилар. Нахана юккъехь машар, барт кхайкхабо цо, тIом акхаралла а лоруш. МаслаIатан бакъволу да хуьлу иза. Юьхьанца дуьйна КунтаХьаьжа дуьхьал вара халкъана юккъехь къестамаш бар
на, цхьа къам кхечу къомана коча тийсарна. Шен берриге а хьехамашкахь, кхайкхамашкахь цо билгалдоккхуш дерг иштта ду: вовшашца ларам хила, мостагIалла ма леладе, чIираш йита, бертахь даха, Далла гIуллакх де, нийсонна, бакъонна тIе-гIерта. Устаза магош дацара кхечу динехь болу нах емалбар, аьшнашбар, сийсазбар. Кхечу вирдашкахь болчу вайн вежаршца кIеда-мерза
хила, хьагI ма хила цаьрца, шайл уьш оьшуш ма хета, царна тIехь кхачамбацарш лоьхуш, гIийбаташ ма гулде, бохура цо. Даима а тIеман кIуьрлахь яьллина Кавказ оцу хьехамашка ладегIа йолаелира. ГIалгIашца цхьаьна, Кунта-Хьаьжин байракха кIел хIуьттура чергазий, Дагестанан дукхахдолу халкъаш. Цуьнан хьекъале дош кхочура массанхьа а Кунта-Хьаьжица уллора гергарло лелош волу стаг санна цIе яьккхина ву Теркайистерчу БенаЮьртара ГIушмазукъаХьаьжа. Шайхан векалш бу аьлла, билгалбаьхна хIара нах: Кхачкхалин кIоштан ЦIоьнтара юьртара Бенойн Илес, Гиртаев Насур, Гелдагана юьртара Гадиев Олхазар, Итаев Яшуркъа, Цоцин-Эвлара Iаббас, Шелара Хамзатханов Ахматхан, Эвтарара Арсангириев Дада,
Мескар-Эвлара Цацарипов Улубай, Йоккхачу Чечанара Батакх, БердакIелара Iела, Котар-Юьртара Пайзулла, ШаIми-Юьртара Хапта, Котар-Юьртара Хьаьжин Еса, КотIар-Юьртара ТIаршу, Шалажара Хамаев Чага, Шалажара Пицоев Шатукъа, Шалажера Хушта, Батагов Маджа, ВаларгтIера Элаев Эда, ВаларгтIера молла Къасим, ВаларгтIера Гашбулатов Джамболат, Керлачу Адлера Цишков Эло, Iалхан-Юьртара Тутгиреев Абусалам, IалханЮьртара Мусаев Салам, Iалхан-Юьртара Мусаев Ломак, ГIуларера Ману-ТIайб, Гихтара Таиев Ковранакъа, Гихтара Евраев Мухаш, Хьалха-МартантIера Халид, Хьалха-МартантIера Инаркъа, Хьалха-МартантIера Курнай, Хьалха-ИартантIера Таркхи-молла, Шелара Къахьарма-Хьаьжа, МахкатIера Юсуп-Хьаьжа, Iаьндара Iумар-Хьаьжа, кхиберш. Карзахе, тIахъаьлла волчу 11 стагах билгалвоккхуш ву Кунта-Хьаьжина улло озийна волу Баматгира. 1864чу шеран 14-чу февралехь хIоттийначу могашаллин
хьокъехь долчу тоьшаллина тIехь хьахийна ву Таумурзаев Чин-Мирза. ХIетахь Соьлжа-гIопан набахтехь хилла иза. В.Акаевс далош долчу документашна юккъехь вайна карадо иштаниг а: Кунта-Хьаьжина тIаьхьахIиттинчу нехан хIара терахьаш. Масала, ЦIоьнтарара – 57 стаг, Гелдаганара – 130 стаг, ЦоцинЭвлара – 100 стаг, Эвтарара – 400 стаг, Мескер-Эвлара – 54 стаг, Шелара – 800 стаг, жимачу АтагIара – 420 стаг, Йоккхачу Чечанара – 200 стаг, БердакIелара – 50 стаг, Котар-Юьртара – 370 стаг, ТIехьа-МартантIера – 335 стаг, Шалажара – 440 стаг, ВаларгтIера – 490 стаг, Iалхан-Юьртара – 300 стаг, ГIуларара – 50 стаг, БIачи-Юьртара – 330 стаг, Гихтара – 790 стаг, ХьалхаМартантIера – 375 стаг. Цхьаьнатоьхна хьесап дича, и терахь дIакхочу 5588 стаге. Цо гойту Кунта-Хьаьжин мурдаш ерриге а Нохчийчухула баьржина хилар. Аьллачунна тIетоха догIу и терахь дуьззина цахилар, цо чу ца лоцуш йисина нохчийн дуккха а ярташ, къаьсттина лаьмнашца ерш (Ведана, Шуьйта, Итум-Кхаьлла), аренашца ерш (Теркайист). Кунта-Хьаьжин мурдийн могIарш стамдала дуьйладелча, устазан цIе шуьйра яьржича, нахана юккъехь болу цуьнан сий-ларам лакхабаьлча, паччахьан хьаькамаш боьхна хьаьвзира. Зуькарш дечеран тоба Нохчийчохь кхоллаелира Кавказехь марсабаьлла боьдуш тIом а болуш. Эзарнаш ламанхой бара гIазотан байракхна кIела паччахьан Iедална дуьхьал къийсам дIахьош. Имаман Шемалан политика дукхах болчеран ойланехь шех тешам байна яра. КIезиг нах бара гIазотан гIуллакх толамца доьрзур ду бохучух, хьалха санна, дог токх. Мелхо а, паччахьан Iедалца цхьабосса бIаьрг беддера Шемалан имаматах а, хIунда аьлча цигахь а, кхузахь а бала ловш берш, тIамо дIахьоькхуш берш миска нах бара. «Хих веддарг хьера кIела иккхина», бохург дара нохчашна хуьлуш дерг. Нахана товр долуш хIуманаш дацара Шемала лелийнарш: тIом дIабахьа хIора доьзална тIера ял яккхар; хIора юьртан цIарах шайн чоьтах бIаьхой кечбар (таро елахь а, яцахь а); дайх дисина гIиллакхаш емалдар (пондар лакхар, хелхарш дехкар, иштта дIа кхин а); низамах воьхначунна сийсазвеш долу таIзарш дар Оцу дерригено а чIогIа резадацарш кхуллура халкъана юккъехь. Резабоцучеран тидам КунтаХьаьжина (Дала къайле тойойла цуьнан) тIебирзира. Цуьнан шен бахьанаш а дара. Уггаре а хьалха нахана товш дерг, цара къобалдеш дерг устазан амалца доьзна дара. Цуьнан нахе болу къинхетам, комаьршалла, тайна хилар ца гуш, хьакъ боллу мах ца хадош дуьсийла дацара. Ша мискачу нахах схьаваьлла хиларе терра, оцу мискачу нехан даге хьаьжна вара иза. Цо кхойкхура гIийлачеран гIо лацаре. ХьаьжцIа боьдучу новкъахь цо леррина теллинчух тера дара дуьненаюккъера хьал, оцу я кхечу пачхьалкхаша лелош долу маьIна, церан бакъ долу а, багахь кхайкхош долу а хьашташ. Цундела, дуккха а ойланаш йинчул тIаьхьа, хьесапаш динчул тIаьхьа, гинчун, хезначун барамбустам баьккхинчул тIаьхьа цо юьхьарлоцу халкъ паргIатдаккхаран тIамца боцу некъ. Оцу новкъахь коьрта декхар паччахьан Iедална туьраца-тоьпаца дуьхьало яр дац, цуьнца барт а лоьхуш, маслаIатан дийцарш а деш, халкъана шена юккъера айпе хIуманаш, дерташ, кхачамбацарш дIадахар ду – иштта Iалашо хIоттийра устаза шен мурдашна хьалха. Тайпанашка-тукхамашка декъаделла долу, вирдашна юккъехь цхьа барт боцу, ойланаш яьржина долу,
хаддаза бечу тIемаша гIелдина долу нохчийн халкъ гIора долуш дацара хIетахь кхайкхош хиллачу яккхийчу Iалашонашка кхача. Хетарехь, и бакъдерг тидаме а оьцуш, беха белахь а, керла белахь а, и некъ хаьржина Кунта-Хьаьжас нохчийн къам шена хьакъ йолчу метте дIахIоттийта. Паччахьан Iедалца девне ма хила бохург оцу Iедална хьалха гуора вожа бохург дац. Оьрсашца барт лаха беза бохург, хьайн къоман гIиллакхаш, Iадаташ дIа а тасий, царех тарло бохург дац. Вай цхьаьна даха Iама деза, хIораммо а шен хатI, шен амат а лардеш, вовшашца ларам а болуш, ваьшна юккъехь оьгуш долу цакхетарш, галморзахаллаш ницкъаца, герзаца дIадаха а ца гIерташ, дийцаре а дохкуш, ший а агIо реза хир йолу некъаш а лохуш уьш къасторхьама. 150 шо даьлча Кунта-Хьаьжин векалан Илесан тIаьхьенах волчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!) оцу буха тIехь хьалахIоттор ю нохчийн пач
хьалкхан гIишло а, нохчийн Iедалан кеп а. Иза вайна юккъера дIаваьлча, нохчийн къоман гIуллакх шен кара оьцур ду Кадыров Рамзана, Ахьмад-Хьаьжин кIанта. 1859-чу шарахь устаз шозлагIа ХьаьжцIа – Макка вахара. Цхьана юкъана цигахь соцу иза, цIахь бисинчу шен гергарчаьрга а, мурдашка а кехаташ яздеш.
Царна тIехь цо юха а дагадоуьйту бухахь бисинчарна Далла Iамал ян езаш хилар а, зуькарш дан дезаш хилар а, бертахь Iен дезаш хилар а… Масех шо Гергарчу Малхбалехь доккху цо (цхьадолчу хьесапашца, 3–4 шо, вукху хьесапашца – 2–3 шо). Цуьнан цIа верзар а шина кепара чIагIдеш ду. Мухха делахь а, къуьйсийла йоццуш бакъдерг цхьаъ ду: шозлагIа ХьаьжцIа а вахана юхавирзича, Кунта-Хьаьжин цIе а, цо арадаьккхина гIуллакх а керлачу, лаккхарчу тIегIана тIе долу. Шен хьехамашкахь Кунта-Хьаьжас коьрта тидам тIебохуьйту адам цIиндала а, цIандала а дезаш хиларна, Къематде гена цахиларна, вовшашца
йолу уьйр-марзонаш чIагIъян езарна,тIемаш, мостагIаллаш юккъера дIадаха дезарна. Цо дуьйцушдерг, кхайкхош дерг дахарца герггара зIе йолуш, хIора стагах хьакхалуш, цара сатуьйсучуьнца цхьаьнадогIуш, царна замано хьалхахIитточу чолхечу хаттаршна шера, чулацаме жоьпаш луш хуьлура.
Дерриге а халкъан ойла цунна тIейирзинера. Цо нах ца боькъура тайпанашкий, вирдашкий. Цхьабосса ларам бара берриге а устазашка, эвлаяашка, царна тIаьхьахIиттинчаьрга. Цо терго йора гIийламискачеран. Нахе де бохург хьалхаша дора. Хьанал вара, нийсонна тIехь лаьттара, бакъдерг бен цадуьйцура,
куралла хIун ю хууш вацара. Олаллин политикехь кхечу кепара хила йиш а яцара. ХIунда аьлча, муьлххачу а империс шен политика дIахьо коьртачу цхьана лехамна тIе а доьгIна: «Элийлай», «тоьлларг-эшнарг». Оцу дозанашна чудогIуш доцург церан хьекъало, церан кхетамо схьалоцуш дац. Кунта-Хьаьжина (Дала къайле тойойла цуьнан) гуонаха дукха адам гулделлера, халкъалахь боккхачу сий-лараме кхаьчнера. Халкъан верас хIоьттинера иза. Нохчийн махкахь нохчийн гIиллакхаш лелийта гIертара, нохчийн гIуллакх доьжначуьра хьаладаккха лаам болуш вара, соьмах, даржах Iеха а ца лора, шен некъа тIера
юхавер волуш а вацара. И тоъаш дара, цунах «политически зуламхо» а вина, лаца а лаьцна, Сийначу Сибрех иза вахийта. Кестта цара шаьш дагалаьцнарг кхочуш а дира. 1864-чу шеран 3-чу январехь паччахьан Iедало лоцу Кунта-Хьаьжа, цуьнан ваша Мовсар, цхьамогIа мурдаш. Билггал цу хенахь устаз ла
цар ларамаза а дац. Нагахь нохчашна цхьа дуьхьало ян дагадагIахь а, царна хала хир дара и кхочушдан: шело, некъаш цахилар, дIалачкъа меттиг цахилар, иштта дIа кхин а. Паччахьан талламхошаисторикаша къайле ца йо шайна хьалха лаьттинчу коьртачу декхарх: «нохчашна юккъера зуькар дIадаккхар»; «бисинчу Iаьнан шина бат
тахь нохчашна юккъера уггаре а карзахбуьйлуш болу, халкъ ир-карахIиттош болу нах дIабахар». Сиржа-Эвла-Шела-Буьрса гIап (Грозный) – иштта некъ бан безаш хуьлу лаьцначу Кунта-Хьаьжин, Мовсаран а, кхечеран а. Чечанарчу Батакъан аьтто болу Соьлжа-ГIалин набахтера вада. 6-чу январехь биснарш Соьлжа-ГIалара Владикавказе дIабуьгу. Кхузахь Кунта-Хьаьжина йовзуьйту паччахьан суьдан кхиэл: Росси дIакхалхор. Хетарехь, бухахь бисинчарна юккъехь гIаттам хиларх шекболчу хьаькамаша цуьнга кехат яздойту Iеламнахе, шен векалшка, шайхашка. Цу тIехь устаза хьехар до нохчаша ша
лаьцнера, аьлла, карзах ма дийла, шен дуьхьа, бохуш, хIумнаш ма леладе, бохуш. Новочеркасск гIала уьш дIабига сацам хуьлу Устазца цхьаьна цуьнан ваша Мовсар, Ковранакъ, кхиберш хуьлу. Штабс-капитан Фон-Шаке коьртахь волчу гIароло тутмакхаш Новочеркасске буьгу, Змейская, Прохладная, Георгиевская, Ставрополь, Екатеринодар цIерш йолчу станицашкахулий, гIаланашкахулий чекх а бохуш. И таIзар а кIезиг хетара царна. Новочеркасскехь уьш бита дагахь а бацара Iедалан векалш. Ша императора Александр II-чо омра дира Кунта-Хьаьжа гуттаренна а йолчу сылке Новгородски губерни хьажо. Цул сов, устаз шен накъостех, гергарчарех дIакъасто сацам а бо цара. Аьллачунна тIе а доьгIна, Россин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствос 1864-чу шеран 2-чу мартехь сацам арахоьцу «О поселении сосланного с Кавказа жителя Чеченского округа Ших-Кунты под надзором полиции в Новгородскую губернию без срока». Билгалъяьккхина меттиг – уездан жима гIала Устюжно. Кунта-Хьаьжин накъостийн кхоллам а чIогIа луьра бара. 1964-чу шеран 23-чу апрелехь тIеэцначу сацамца устазан мурдаш Iабдусалам Къарнай, ТIалиб ссылке хьажийра Смоленски губерни «без срока». Мелла а «къинхетам» бинера устазан векалийн вешин Мовсаран, ГIушмазукъаХьаьжин, Таркхо-Къедин – уьш Выборгске лецна нах болчу роташка хьовсийра, 5 шо хан а тухуш, цул тIаьхьа… гуттаренна Сибрехахь баха охьа а ховшор болуш. Ша цхьаъ висинчу КунтаХьаьжас чIогIа хала лов сылка. Тамбов-гIалахь, накъостех хаьдда а волуш, ши бутт боккху цо. Iаламат чолхе хьал кхоллало цунна гуонаха. Юучунна-молучунна схьахоьцуш ерг ерриге а 3 кепек бен яцара. Шен дахарехь зингат дийна а воцу устаз паччахьан Iедална новкъа вара цIий Iенийна волчу имамал. Шемална паччахьа Александр II-чо шарнадиллинарг 15 эзар сом дара, Кунта-Хьаьжина дийнахь-бусий хIоттийнарг – 6 кепек, я баттахь –1 сом 89 кепек. Чолхе нисбелла устазан доьзалан кхоллам. Паччахьан Iедалан меттигерчу хьаькамаша харцонаш лелор бахьана долуш махках бовлу кIентий Мовла, Мухьмад. Цигахь уьш кегий болуш кхалха а кхелха. ЙоI Эсет Хонкарахь маре йоьду. Ваша МовсарХонкарахь кхелхина, цигахь дIаверзийна ву. Дукха хан йоццуш цуьнан коша тIе а хIоьттина, цигахь дан оьшуш дерг дерриге дан а дайтина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.А.Кадыровс. ХIара къамел дерзош дало лаьа Кадыров АхьмадХьаьжас аьлла дешнаш: «Йист йоцу хIорд санна шуьйра, бух боцу гIу санна кIорга ду Иласхан-Юьртарчу Хьаьжин дахар а, Iилма а».
(Пайдаэцна «Кишин воI Кунта-Хьаьжа» жайнах)
Зорбане кечйинарг – С.ХАСАНОВ
№1, кIира, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2016 шо