КIентий цIаберзаре Кавказ ю хьоьжуш, токхе мор баржийна Кечъелла ю. Хьомечу лаьмнаша баьххьашца къоьжа, КIенташна кечбина Аьхна мотт бу.
Нохчийн гIараваьлла вевзачу поэта Эдилов Хасмохьмада яздина и дешнаш карладовлу сан иэсехь хIора шеран юьххьехь 1957-чу шеран январь беттан хьалхара денош дара вайнахана цIаберза бакъо яьлла бохуш, вайн махкахоша кхаьънаш дохуш дагчу дийшинарш. Со-м дукха жима яра цу хенахь. «ЦIадахар» баккхийчара хьехош цецъюьйлура, кхара хIун цIа дуьйцу-те
олий хетара, тхо чохь Iаш долу цIенош кхузахь хилча. Бакъду, со хаъал хилчахьана дедас, денанас юьйцуш даима цхьа «Капказ» яра. Цара дийцарехь, цигахьчул лекха лаьмнаш цхьанхьа дацара, иштта сийна хьаннаш дуь
нен чохь хилла яцара, ткъа самукъанечу мукъамашца декачу шовданийн хин къурд бина дархо муьлххачу лазарх толой дIавоьдура. Кхин а цхьа тамашийна беркате бошмаш юьйцура тхан дедас, денанас, цара дийцарехь, Iаламат мерза стом бара цу бошмашкахь кхуьуш, ялта ца хиларх доьзал Iаьнах боккхура болуш. ТIаккха кхин цхьа йиш яра тхан денанас даима локхуш.
Тхан да, девежарий цхьанахь балхахь бара. Тхан нана а, девешин зударий а казахашна поппарш хьаха боьлхура. Уьш массо Iуьйранна дIахьавсабой тхан дененана кетIахула догIучу татола йистте охьахуура, йилаеза
пхьегIаш схьагулйой. ГIум, Iаьржа саба леладора денанас яйш къагош, хIинца санна бегIийлаш яцара. ПхьегIаш юьлуш Iачу цуьнан узам болалора: ХIей доьду можа хьоза, Хьан ирс хеташ ялайоллу ТIам тоьхна новкъа даьлча, дегIастана дIакхочий хьо… Суна тIаккха Нанех къахетара. КIентан бераша Нана олура дененах. Дел а, ненал а тхуна гергара, уллера яра
иза. Цунна дукха туьйранаш хаьара. Уьш дийца цкъа а кIорда ца дора цунна. «Можачу хьозанах» цо узам беш, цунна цхьанхьа гена дIаяха лаьа, амма дедас ца йохийту моьттура суна. ХIинца шерийн кочарх чекх юхахьаьжча кхета цуьнан гIийла ойланаш мича уьдуш хилла. Суна дага ца догIу тхаьш цIадахка кечамаш бина. Амма цIадахка новкъа девлча тхаьш Iаш-дехаш хиллачу Уш-Тобера Талды-Кургане кхаьчна дага-м догIу. Цигахь тхайн гергарчу нахехь цхьа буьйса яьккхира. ШолгIачу дийнахь тхо новкъа довлуш, цIерпоштнекъан станце дукха адам деара. Цигахь доккха ловзар хIоттийра. Массо самукъадаьлла вара. Массо а хелха вала лууш, волуш вара. Суна дага ца догIу тхаьш маса дийнахь цIерпошта тIехь Кавказе некъ бина. Бакъду, вагона чохь дукха адам хилар-м дага догIу суна. Хетарехь, иттех доьзал. Вагона чохь маьнгеш дацара, я охьахаа гIант дацара. И бегIийлаш лоьхуш стаг вацара. Шайн сал-пал гулйина, яккхий ларчаш яра массаьргахь. Суьйранна уьш схьайостий дIатовжа меттигаш нисйора зударша. ХIора социйлехь вагона тIера охьаэккхий тхан дас морожнеш оьцура дерриге а берашна, некъан сагIа деза лоруш ду
олий, уьш дIасайоькъура. 1957-чу шеран май баттахь Соьлжа-ГIалахь дара тхо, олий мелла а дозалла деш дIадоладора тхан дас цIадерзарх долу къамел. 1944-чу шеран 23-чу февралехь вайнах махках бохуш тхан деда, денана пхеа кIантах, цхьана йоIах лаьттачу доьзалца Соьлжа-ГIалахь Iаш хилла «Большая» цIе йолчу урамерчу №62 йолчу цIийнехь, и ков-керт шайн долахь долуш. Казахстанехь 13 шо доккхуш а, цIабахка новкъа бевлча а уьш дог тешна хилла оцу цIенош чохь шаьш кхидIайолу хан ирсе йоккхург хиларх. Амма цу цIеношка сан дехой ца битина. Цундела кхин баха меттиг ца хилла, уьш Соьлжехь дIатарбелла. Суна дагадогIу тхайн дуьххьарлера цIенош доьттина. Дийнахь болх беш, нанас буса царна поппар хьехна дагадогIу. Iа тIекхачале бераш чудерзо деза бохуш дас сагатдина дагадогIу. Делахь а иза ирсе зама яра. Махках даьккхина къам цIадирзина, дай баьхначу лаьтта тIехь даха хаар мискачу адамо хаддаза Шега динчу гIийлачу доIанашна Дала жоп даларан къеггина билгало яра. Цунах кхета, хьакъдолчу кепара цуьнан мехалла йовза веза-воккхачу Дала хьекъал, доьналла лойла вайна.
ГАЗИЕВА Аза
№1, кIира, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2016 шо