«Дешан бIаьхой»

Иштта яра кху деношкахь зорбанан цIийнан актови залехь йовзийтинчу Нохчийн Республикин хьакъйолчу журналистан Газиева Азин книгин цIе. Цхьаьнакхетар дIахьош яра Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон коьрта говзанча, историн Iилманийн кандидат Хурцаева элиза.    Книга йовзийтарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, цуьнан заместитель Гудаев Лоьма, Нохчийн Республикин журналистийн союзан председатель Хатуев Ислам, бевзаш болу яздархой, журналисташ.   Цхьаьнакхетар дIадолош вистхилира Умаров Джамбулат:    – «журналистика» цIе йолу корматалла атта яц. Дуьнен чохь мичча а вахана,  хьаьнгга хаьттича а, и санна кхераме корматалла, юха а иза яцахь хир ю аьлла ца хета суна. Цундела вовшашка ларам хила беза. ТIамехь кхелхина журналисташ вайн бицбан йиш яц. Церан сий дан деза вай. Уьш хIора а шайх дика дош ала хьакъ ву. И кни

га арахоьцуш Газиева Азас дуккха а къахьегна. Цуьнан мах хадийна вер а вац. Аза, и книга зорбане яккха дагадарна а, кхин мал ца луш цу тIехь къахьегарна а, Дела реза хуьлда хьуна.  Иштта Хатуев Ислама, «Даймохк» газетан коьрта редактора Шамсудинов Бувайсара, яздархочо Айдамирова Машара, евзаш йолчу нохчийн меттан хьехархочо Вагапова Асета а, журналиста Эльдерханова Зайнапа, лаккхара мах хадийра автора бинчу белхан. Ишттачу турпалхойх книга зорбане яккха турпала зудчунна бен дагадогIург цахилар билгалдаьккхира цара. Нохчийн Республикин Х.Нурадиловн цIарахчу драматически театран актера

Сатуев Лоьмас Газиева Азин дешнаш тIехь даьккхина илли аларца, эшаршлакхархочо Янгульбаева  Розас йиш лакхарца ойлане бехира гулбелларш. Цхьаьнакхетар дерзош, книга йовзийтарехь дакъалаьцначарна баркалла а олуш, йистхилира книгин автор.    – Со лара а лерина кхуза дахкарна Дела реза хуьлда шуна. Къаьсттина баркалла ала луур дара хIара книга зорбане йоккхуш гIодинчу Умаров Джамбулатана а, сан гIалаташна тIехь болх беш, къахьегначу журналистана, кху книгин редакторна Дадаев Сайд-Хьасанна а. Суна доккха совгIат ду ас бинчу белхан аш лаккхара мах хадор.

З.САГАЕВА

№1, кIира, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: