Мотт талларехь дерриге а ду мехала

Нохчийн литературин меттан лард кхоллаяларехь хIоьттинчу  хьолан системни гIалат

 

Литературин мотт къоман юкъара дахар кхиоран, цуьнан материальни а, син-мехаллин прогрессан а коьрта гIирс бу, халкъо социальни нийсо хIотторан некъахь бечу къийсаман а, халкъ кхетош-кхиорехь а, иза культурин а, техникин а, Iилманан а хиллачу баххьашка доккху гIирс а бу, – яздо оьрсийн гIараваьлла вевзаш волчу меттан Iилманчас В.В.Виноградовс.

Iилманан барамца дуьстича, халкъан литературин мотт кхоллабалар масех муьре декъалуш ду. Хьалхара мур оцу халкъо шечул а прогрессивни болу йозан литературин мотт лелабар ду. Масала, Европехь иштта мотт латински хилла, Азехь, ширачу хенахь, – чинойн (китайски), Къилба-Азехь Iарбийн мотт хилла, иштта кх.дI. Вайн махкахь а лелла цхьана хенахь Iарбийн мотт,  йозанан литературин меттан декхарш кхочушдеш.

ШолгIа мур халкъан меттан диалекташ юкъахь цхьана диалектан политически а, культурно-экономически а хьал вукхарел  жигардаларцав  боьзна бу. Диалектан жигаралла алсамъяларан коьртачу бахьанех ду оцу диалектехь къамел ден халкъан дакъа вукхарел дуккха а доккха хилар, экономически гIолечу хьолехь хилар, кхечу къаьмнашца йолу культурни зIенаш а, уьйраш а алсам хилар, кх. дI. а.

Нохчийн хIинцалера литературин мотт кхоллабаларан шолгIа болу мур вайн къоман уггаре а даккхий тайпанаш  Нашхара Нохчмахка  сехьа а девлла (Нажи-Юьртан, Веданан, Курчалойн, Гуьмсан, Шелан кIошташ), цигахь шолгIа а чIагIделла, дахаховшарца боьзна бу. И мур Х-чу бIешарера ХVІІ-чу бIешаре кхаччалц бахло цхьадолчу тептаршца дуьстича. Нохчмохк шен ландшафтни хьолаца а (ялта а, даьхни а кхио аьтто хиларца), гуонаха дехачу къаьмнийн латтаца долу доза деха хиларца а (цуьнца дуьстина, цаьрца йолу уьйраш а) дуккха а гIолечу позицехь ю ламанца йолчу вайн кхечу меттигел. Цундела, кхузахь сихха кхоллало мехкан политически а (мехкан кхиэл гулло Кхеташ корта – ЦIонтарахь), экономически а яккъаш (центарш). И хьелаш бахьана долуш къам диэбаран барам а алсамболу. ХVI-гIа бІешо чекхдолуш, ХVІІ-гIа бIешо долалуш оцу меттигашкахь халкъан лаххара  а 70 процент  дакъа деха. Нохчийн халкъан 70 процент дакъа Нохчмахкахь дехаш хиларе терра, кхузахь буьйцучу меттан (диалектан) фонетически, морфологически, синтаксически нормаш мелла а цхьатера хилар бахьана долуш а, халкъан дукхахйолу барта кхоллараллин говзарш (иллеш, туьйранаш, кицанаш, хIетал-металш) оцу диалектехь хилар бахьана долуш а, оцу диалектан лексически а, грамматически а хьал мелла а туоло.

Нохчийн халкъ юха а мІонголаш а,  тIелатале хьалха шен хиллачу махка юхадоьрзуш (нохчийн аренга), уггаре хьалха оцу аренга юхадерза нохчмахкара адам долало (беной, билтой, гендарганой, гуной, гIоьрдалой, зандакъой, ишхой, сесаной, харачой, цIонтарой, Iаларой, энганой, эрсаной, и.кх.дI.). ХIунда? Цкъа-делахь, адам ломахь дукха гулдаларна, шолгIа-делахь, шайгара нуьцкъаха схьабаьккхина мохк юхаберзо хIинца шайгахь хьал хиларна. Оцу аренга охьадолучу адамах доккхахдолу дакъа хIинцалерчу Нажи-Юьртан а, Веданан а кIошташкара хиларе терра,  цигара диалект нохчийн аренан юкъара мотт а хилла дIахIутту хан нохчийн литературин меттан кхоалгIа мур ларало. Цуьнца дуьстина ала догIу, С.М.Джамирзаевc шен Iилманан кандидатски диссертаци тIехь билгалдоккхург: «Фонетически а, морфологически а, синтаксически а исторически дустаран анализ йича го Нажи-Юьртан мотт, цуьнан статусан хьесап дича, хIинцалерчу литературин а, ламаройн а (чIебарлойн, шаройн, и.кх.дI.) меттанийн юккъера кеп дIалоцуш хилар». Вайн махкахь а, арахьа вевзаш волчу мотт таллархочо К.З.Чокаевс а боху, «Нажи-Юьртан кIоштан мотт арарчу диалектан лард лара мегар ду». Амма, ерриге а диалектах лаьцна аьлча, цуьнан доза цхьана Нажи-Юьртан кIоштаца кхачалуш дац. Веданан а, Нажи-Юьртан а  кIошташкара диалект цхьаъ лара мегар ду оцу меттан синтаксически а, морфологически а, лексически а хормийн анализ йича. Вайна цу юкъахь билгалйовлу башхаллаш кхин дIора классификационни маьIна долуш лара мегар яц, хIунда, ур-аттал  цхьаьна хоттаеллачу шина юьртахь а карайо и тайпа башхаллаш. Цундела, нохчийн литературин меттан лард билгалъеш Iорайолург берриге а нохчмахкахойн диалект ю. Я.З.Ахмадовс шен балха тIехь а чIагIдо иза: «Нохчмохк уггаре а луьста нах бехаш меттиг хилла Нохчийчохь, цу тIе, политически дуьстича, уггаре нуьцкъала. Цхьа шатайпа ­– ахархойн республика. Оцу мехкан бахархоша цхьана нохчмахкахойн диалектехь мотт буьйцу. И мотт нохчийн литературин меттан лард ю».

Кавказан тIом чекх а баьлла, адам, тIеман хенаца дуьстича, мелла а даха маьрша дисича Шелан а, Хьалха-Мартан а кIошташкахь хеневала ломахьчул бегIийла хьал долу дела а, нагахь тIом юха а балахь, лома юха хьала ваха уллехь долу дела а вайн халкъан экономически коьрта центраш оцу шина юьртахь хIуьтту. И бахьана долуш, оцу ярташка а, царна гуонаха а  боллу махкара адамаш кхалха долало. ХIинццалц кхузахь буьйцучу нохчмахкахойн маттана  кхин диалекташкара дешнаш а, церан классификационни цхьацца хорманаш а юкъакхета, амма билгалдаккха деза, оцу юкъакхеттачу меттан гIирсаша ша и нохчмахкахойн диалектан лард хийццал тIеIаткъам бина цахилар. Делахь а, цхьадолчу дешнийн синонимически а, классификационни а варианташ  кхузахь олуш йолчу хорманашца маттахь чIагIло. Масала, нIаьна – боргIал, тезет ду – тезет ю, и. кх. дI. И хан нохчийн литературин меттан боьалгIа мур лара мегар ду.

Советан Iедал а хIоьттина, нохчийн йозанан бух а кхоллабелла, вайн къоман литературин меттан нормаш чІагІъелчахьана (ХХ-чу бIешеран хьалхара дакъа) таханлерчу дийне кхаччалц йолу хан вайн литературин меттан пхоьалгIа мур бу.

Кхузахь ала догIу ХХ-чу бIешеран хьалхарчу декъехь нохчийн лингвистикехь цхьаболчу Iилманчаша (Ю.Д. Дешериев. I963, И.Ю. Алироев. 2001., иштта кхиболчара)   нохчийн литературин мотт «плоскостной» («арара») диалектан буха тIехь кхоллабелла аьлла  юкъаяьккхинчу концепцих лаьцна.

Лингвистикин энциклопедин дошам тIехь диалектан   маьIна иштта до: «Диалект – (желтойн маттара – къамел, алар) цхьана метигца я социальни, я профессиональни уьйрашца хоттаделлачу къоман цхьана декъо буьйцучу (шен башхаллаш а йолуш) маттах олу. Диалект территорица я социальни юкъараллица къасталуш ю.

Меттигца билгалйолучу диалектан башхаллаш хуьлу фонетикехь, грамматикехь, дошкхолладаларехь, лексикехь».

Оцу билгалдаьхначу маьIнашна тIе тевжина хаттарш кхоллало:

  1. ХIун ю и «плоскостной» («арара») диалект?
  2. Нохчийн арарчу муьлхачу территорица билгалдовлу цуьнан дозанаш?
  3. Нохчийн меттан билгалъяьллачу диалектех (нохчмахкахойн, аьккхийн, чIебарлойн, шаройн, шуотойн, маьлхийн) муьлхачу диалектана гергара ю   иза?
  4.  Iилманчаша нохчийн меттан билгалйинчу диалекташна юкъахь (арара, аьккхийн, чIебарлойн, итум-кхаьллан, шаройн,  кистийн  нохчийн къоман литературни  мотт  кхолларан лард а, бух а хилла йолу нохчмахкахойн диалект муха йисина шатайпа диалект ю аьлла,  билгал ца  йоккхуш?
  5. Фонетикин, грамматикин, дошкхолладаларан, лексикин  анализ йича, нохчмахкахойн диалектана а, схьаюьйцучу «арарчу» диалектана а юкъахь вайна билгалйовлий те  «арарчу» диалектан кхечу диалекташца йолу башхаллаш. Масала, «арара» а – аьккхийн а, «арара» а – чIебарлойн а, «арара» а – шаройн а, иштта кхин дI. а.
  6. Нохчмахкахойн а, схьаюьйцучу «арарчу» а диалектех, хенаца дуьстича, шираниг муьлха ю, керлачун лард а, бух а хилла дIахIуттург?
  7. Нохчмахкахойн диалектана а, «арарчу» диалектана а юкъахь фонетикин, грамматикин, дошкхолладаларан, лексикин  анализ йича, кхечу диалекташна юкъахь санна,  яккхий башхаллаш ца хилча, литературин меттан лард а, бух а буьйцучохь «арара» диалект боху термин йогIуш юй те?

Шеко яц арарчу маттана а, нохчмахкахойн маттана а юкъахь цхьацца башхаллаш хиларан. Амма вай лакхахь билгал ма-даккхара, и башхаллаш дIора тIеIаткъам беш яц и мотт шатайпа диалект ю аьлла билгалъян. Цундела, схьахетарехь, нохчийн литературин меттан лард билгалъеш вай къастош ерг «арара» диалект боху термин хила йиш яц цхьана а лингвистикин могIарийн низамца дуьстича. ХIоьттинчу хьолехь нохчийн литературин мотт нохчмахкахойн диалектан «арарчу» бийцаран (плоскостной говор нохчмахкахоевского диалекта) ларда тIехь кхоллабелла аьлча, уггаре а нийса йогIуш термин хир ю.

Стенна оьшу тахана терминех «ловзар», ша хIоьттина хьал ма-дарра Iад ца дуьтуш?

Цкъа-делахь, цхьа а шеко яц, муьлхха а мотт цхьа шатайпа система хилар, цу тIе мотт линейни йоцу (нелинейная) система лоруш ю, цундела  оцу системин хатI дохош долу бахьана нисдар уггаре а коьртачех Iалашо ю.

ШолгIа-делахь, иза уггаре коьртаниг ду, нагахь санна нохчийн мотт системно кхио вайн Iалашо елахь, вай уггаре а хьалха цуьнан структурни низам нисдан деза.

КхоалгIа, системин структурни низам цкъа а нислуш дац, нагахь оцу системин структурни элементаш шайн чулацамца а, мехаллица а,    маьIница а шен-шена йогIучу меттехь уьш дIанисъелла яцахь.

Н.АЛЬБЕКОВ, филологин 1илманийн  кандидат

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: