Яздархо, журналист

«Нохчийн литературина беркате хилла 55 шарахь сов ахь бина кхоллараллин болх. шайн ешархой карийна хьан стихашна, къаьсттина сонетийн кочаршна. Нохчийн литература йовзийтарна юкъа йиллина йоккха хазна ю Нохчийчоьнан яздархойх лаьцна йолу хьан очеркийн книга. Цунах шуьйра пайдаоьцу хьехархоша, телевиденин а, радион а, зорбанан а белхахоша, дешархоша, студенташа, нохчийн литература езачара, йовза луучара, массара а… дала кхин а дуккха а шерашкахь литературехь а, журналистикехь а беркате къахьега могашалла лойла хьуна. тхо тешна ду хьайн керлачу говзаршца ешархошна ахь хийлазза кхаъ боккхург хиларх», – яздора вевзаш волчу нохчийн яздархочун а, журналистан а Кусаев Iадизан кхузткъе пхийтта шо кхачарца иза декъалваран кехата тIехь Нохчийн Республикин яздархойн Союзо.   И дешнаш догIуш аьлла ду цунах, хIунда аьлча, Кусаев Iадиза шен дерриге а дахар литературина, журналистикина дIаделла хиларна. Даима а кхоллараллин лехамехь ву иза. «Сан садууш дерг цхьаъ ду, – боху Iадиза, – суна цкъа а хан ца тоьа, дийнахь а, буса а дейтта сохьтехь болх беш воллушехь: дахарехь гинарг а, лайнарг а, хезнарг а, теллинарг а дукха ду сан ешархошка дийца», – боху Iадиза.   Дахарехь а, кхоллараллехь а беха некъ бина Кусаев Iадиза. Иза вина 1938-чу шеран 3-чу январехь Сесанан районерчу (хIинца Нажи-Юьртан районна чуйогIучу) ширчу нохчийн юьртахь Шоьнахь. Iадизан да КIусин жабраил Шоьнарчу школехь директор хилла. 1944-чу шарахь нохчийн халкъ махках даьккхича, КусаевгIеран доьзал ГIиргIизойн мехкан Ошски областан Ляйлякски районерчу Исфана юьртахь Iийна.    1947-чу шарахь оьрсийн зудчо, хьехархочо Лысенко Екатерина Андреевнас школе вигира Iадиз – хьалхарчу классе. Цо итт класс чекхъяккхалц цуьнан классан куьйгалхо а яра и оьрсийн зуда. Школа тIехдика доьшуш, чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1957-чу шарахь Даймахка цIавирзича, Соьлжа-ГIаларчу статистически техникуме деша вахара. ЦIечу дипломца чекхъяьккхира цо иза. 1959-чу шарахь эскаре гIуллакх дан вахара. Цигара деша хьажийра Тамбовски областан Кирсанов гIаларчу ТIеманавиационно-технически училище. Иза кхиамца чекхъяьккхира 1962-чу шарахь. Эскарера цIавеача, масех шарахь Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь кеманийн, вертолетийн техник волуш болх бира.    жимчохь дуьйна а яздаран корматаллина тIегIерташ хилла волу Кусаев Iадиз 1963-чу шарахь деша вахара  Ростоверчу  университетан журналистикин факультете. Заочно доьшуш, 1969-чу шарахь чекхъяьккхира университет. Цигахь дешна а валале, 1996-чу шарахь Кусаев Iадиз республикерчу радион редакторан балха дIаоьцу. Дукха хан ялале лакхарчу редакторан дарже а воккху. Кхаа-деа шарахь радиохь болх бинчул тIаьхьа «Ленинан некъ» газетан культурин отделан заведующи хIоттаво.    – Ас даима а дозаллица дагахь латтадо, – боху Кусаев Iадиза, – айса

республикин «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетан редакцехь болх бина шераш. Сайна нохчийн мотт кIорггера бовзаран коьрта школа лору ас уьш. ХIетахь редакцехь болх беш бара зеделларг долу нохчийн журналисташ: коьрта редактор Габисов Бийсолта, Хасмагомадов Хьамид, Чалаев Билал, Кагерманов Докка, Магомаев Леча, Мехтиев Зиявди, кхиберш а. Цаьргара Iемара со нохчийн мотт цIена бийца а, нохчийн маттахь яздан а, журналистан говзаллина а. Царах ас даима а дозалла а до, уьш суна даима а дагахь а лаьтта. ХIетахь газетан редакцица хилла йолу уьйр

цкъа а хаьдда яц,  – боху Iадиза.    1972-чу шарахь I.Кусаев юхавоьрзу  Нохч-ГIалгIайн АССР-н телевиденехулий, радиовещанехулий йолчу пачхьалкхан комитетан исбаьхьаллин программийн отделан куьйгалхочун балха. Цул тIаьхьа циггахь коьртачу редакторан даржехь болх бира. 1995–1997-чуй шерашкахь Кусаев Iадиз «Вайнах» телерадиокомпанехь радион директор лаьттина. Цул тIаьхьа  а республикин телерадиокомпанехь коьрта редактор, тIаккха председателан заместитель волуш а, тайптайпана кхечу даржашкахь а белхаш бина. Телерадиокомпанехь болх барца цхьаьна Нохчийн пачхьалкхан университетан журналистикин факультетехь доцентан болх а бина.    Кусаев Iадиза шен дуьххьарлера стихотворени язйина 1954-чу шарахь 8-чу классехь доьшуш волуш. Ткъа 1958-чу шарахь цуьнан стихотворени дуьххьара зорбанехь оьрсийн маттахь араелира республикин кегийрхойн «Комсомольское племя» газетехь. Нохчийн маттахь цуьнан стихотворени зорбатоьхна оццу 1958-чу шарахь «ДоттагIалла» альманахан агIонаш тIехь.    Цул тIаьхьа I.Кусаевн литературин произведенеш арайийлина оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь «Седарчий карахь», «Анайистоша вайга кхойкху», «Новкъахь цхьаьнакхетар», гуларшкахь а: «Орга», «Вайнах», «Ичкерия», «Дон» журналаш тIехь, «Ленинан некъ», «Даймохк», «Грозненский рабочий», «Комсомольское племя»,  «Литературная газета», «Литературная Россия» газетийн агIонаш тIехь а.    Кусаев Iадиза нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь язйо шен поэзин, про

зин произведенеш. Авторан дуьххьарлера книга араяьлла 1968-чу шарахь, «Амал» аьлла цIе а йолуш. Цунна юкъаяхара авторан тоьлашха йолу произведенеш.   Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIалахь, Нальчикехь, Элистахь, Москвахь араяьлла прозин, поэзин, публицистикин, ткъех сов книга. Царах ю «Некъаш», «Цхьаалла», «Ламанан леча», «Амал», кхиерш. Иштта оьрсийн маттахь араевлира цуьнан: «Нохчийчоьнан яздархой» – хьалхара книга (2005-гIа шо), «Къамел до, гойту  «Грозный», «Нохчийн радион, телевиденин истори»,  «Нохчийчоьнан яздархой» – шолгIа книга (2009-гIа шо), «Нохчийчоьнан яздархой» – кхозлагIа книга (2010-гIа шо), «Нохчийчоьнан яздархой» – йоьалгIа книга (2011-гIа шо),

«Соьлжа-ГIала: историн агIонаш», дуккха а кхийолу книгаш.   Iадизан поэзи вайн республикехь лоруш а, езаш а хилла ца Iаш,  дика тIеоьцу регионан дозанал арахьа а. Масала, 1990-чу шарахь Алма-Атахь арахийцира нохчийн яздархойн произведенийн книга. Цу тIехь яра Iадизан стихаш.    I.Кусаевна беркате хилира 2015-гIа шо. Араяьлла цуьнан прозин, поэзин, публицистикин, документийн, цо гочйинчу оьрсийн литературин классикийн, кхечу къомах болчу авторийн керла ши книга. Уьш ю «Иэс» – нохчийн маттахь, «Шоьна юрт» – оьрсийн маттахь. Арахеца кечйина ю «Хилларг» цIе йолу оьрсийн маттахь язйина йоккха книга.   Кусаев Iадизах а, цуьнан кхоллараллех а лаьцна иштта яздо дешар кхиоран институтан директора  Арсанукаев Iабдуллас: «Цуьнан (I.Кусаевн) коьртаниг шен заманхочун лехамаш а, ойланаш а гайтар ду. Оьздангалла ларъяр, халкъана, махкана пайдехь хилар, хьаналчу къинхьегамца вахар чIагIдо поэта. Къинхьегаман стаг ву поэтан коьртачу тидамехь: «Аьчгапхьар», «Монтер», «Белхан хьацар», «Къинхьегаман стаг», «Балха вогIуш», «Кеманхо», «Кеманхойн илли», «Соьца нах бу», дуккха а кхийолчу стихашкахь а автора вазво белхан стаг.   Даймохк, ненан мотт, даймехкан Iалам, адамалла, доттагIалла, безам – адаман дахаран уггаре а еза йолу и мехаллаш ю Кусаев Iадизан поэзехь а, прозехь а кхайкхош ерш. Беркате лаамаш бу поэтан лирически турпалхочун: Лууш ву со кхача  гIо оьшуш долчу, Нийсархой боьхначу, хIиттинчу

холча, Куьг цаьрга кховдийна, Лацийта тешаш. Со Iама лууш ву адмашна эша!    Кусаев Iадизан поэзи жанрашца шуьйра ю: лирически поэмаш, сонеташ. Къаьсттина  ала деза сонетийн кочарех лаьцна. Иза пхийтта сонетах лаьтташ, чолхе, йоккха, шен лехамаш, бехкамаш болуш, язъян Iаламат хала жанр ю. Нохчийн яздархоша хIинццалц зорбатоьхнарш сонетийн 13 кочар бен дац. Царах ялх Кусаев Iадиза яздина: «Иэс», «Нохчийн лаьмнаш», «Нохчийн къам», «Безам», «Къа, «Дайн латта».     Кусаев Iадизан цхьатерра кхиамаш хуьлу поэзехь а, прозехь а. Яздархочун проза коьрта долчунна публицистика ю. Амма цуьнан кхоллараллехь йоккха меттиг дIалоцу дийцарша, повесташа. Пхеа повестан автор ву иза: «Кхоллам», «Бекхам», «Къабел» (нохчийн маттахь), «Муш мел беха буцарх», «Халкъан дагахь латта хьакъ берш» (оьрсийн маттахь).    Поэтан кхоллараллин мехала агIо ю цо дина гочдарш. Цо нохчийн матте яьхна А.С.Пушкинан Ю.М.Лермонтовн стихотворенеш а, «Валарг» поэма а, С.Есенинан, Грибоедовн  произведенеш а. Цо оьрсийн матте гочйина нохчийн ткъе кхойтта поэтан стихаш.    Билгалдаккха деза иштта поэтан стихаш тIехь композиторша цхьа бIе сов йиш кантаташ, оратореш яьхна хилар.     Белхаш бинчу меттигашкахь вевзина ца Iаш,  ерриге а республикехь а, цуьнан дозанал арахьа а дика вевзаш ву Iадиз а,  ткъа иштта цуьнан произведенеш а. Литература ешархоша лаккхара мах хадабо церан. Билгалдоккху уьш ненан а, оьрсийн а меттанаш кIорггера хаарца, дуьне а, дахар а довзарца а, оьзда язйина хилар. Шен гIиллакхашца, шен амалшца, леларца Iадиз ша а ву оьзда, нах безаш, цаьрца дика   юкъаметтигаш лело хууш.  Цундела иза, цуьнан произведенеш а санна, наха лоруш а, сий деш а ву.     Кусаев Iадизан кхоллараллин лаккхара мах хадийна. Цунна елла сийлаллин цIерш: «Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист», «Соьлжа-ГIалин сийлахь гражданин»,   «Балхахь билгалваларна» аьлла йолу Нохчийн Республикин пачхьалкхан знак, «Культурехь кхиамаш бахарна» (Россин Федерацин культурин министерствон), «Культура кхиорна» (Нохчийн Республикин  культурин министерствон) аьлла йолу знакаш. Ткъа дукха хан йоццуш цунна елира «Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» цIе йолу мидал.     Тахана шен кхоллараллин кхиаро уггаре а бIаьрла зазадаккхаре кхаьчна Iадиз. Де-дийне даларца алсамболуш бу цо арахоьцучу, вайн республика кхиарх, цуьнан башхачу халкъах, ненан маттах, гIиллакхех, ламастех лаьцна дуьйцучу книгийн барам, йоккха ю уьш арахецарца нохчийн литература кхиорна цо юкъаюьллу хазна.    Х1окху деношкахь 78 шо кхочу Кусаев 1адиз вина. «Даймохк» газетан белхахойн коллективо винчу денца даггара декъалво шен хилла белхахо, тешаме накъост, яздархо, журналист Iадиз. Лаьа литературехь, журналистикехь цуьнан керла кхиамаш хуьлийла, шен доьзалх воккхавеш, дахарехь ирс-аьтту хуьлуш, могашмаьрша дуккха а шерашкахь вехийла.  Дала декъалвойла хьо, Iадиз.

С.МАГОМАЕВ

№1, кIира, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: