Кхачам боллуш болх бина республикин МЖКХ-с

ГIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министерство кхоьллина 2015-чу шеран 14-чу июлехь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун №122 йолчу Указца догIуш. Министерствон аппаратехь болх беш 142 а,  цуьнан кIуьйга кIел йолчу ведомствошкахь 3 066 а белхахо ву. Министерство пачхьалкхан политика кхочушъяран Iалашонца кхоьллина а йолуш, Нохчийн Республикин Iедал  орган ю. Цо республикин хIусамийнкоммунальни декъехь болчу пачхьалкхан бахамна Iуналла до.   2015-гIа шо финансийн декъехь хала хиллехь а, министерствос боккха болх бина. «Нохчийн Республикин ширачу хIусамийн фондера бахархой керлачу цIенош чу дIакхалхар» подпрограмма кхочушъярца доьзна, Соьлжа-ГIалахь 7 гIат йолу петарийн 3 цIа дина, уьш кху деношкахь схьадиллина. Берриге а белхаш дIабирзинчул тIаьхьа, оцу цIеношна чуьра петарш дIалур ю Соьлжа-ГIаларчу ширачу 30 цIийнан бахархошна.   Веданан а, Шуьйтан а, Шелковски а районашкарчу петарийн 15 цIийнан юкъарчу бахамна капитальни ремонт яран белхаш а бу дIахьош (7 085,3 м2). И белхаш Нохчийн Республикин Правительствон 2015-чу шеран 15-чу апрелехьлера №83 йолчу сацамца  богIуш бу.   «Федеральни законодательствос къастийначу бахархойн категорешна хIусамаш латторан декъехь пачхьалкхан декхарш кхочушдар» программица доьзна а долуш, 52,9 млн. соьман барамехь 10 вахархочунна пачхьалкхан хIусамийн сертификаташ делла.    «Нохчийн Республикехь хIусамийн ипотекин кредитованин система кхиор» подпрограмма кхочушъярхьама, «Нохчийн Республикин хIусамийн ипотекин кредитованин агентство» пачхьалкхан унитарни предприятис чохь 168

петар йолу цIа даран белхаш бу дIахьош. Бахархошна оцу  чуьра петарш лур ю, хIусамийн ипотекин кредитованех пайда а оьцуш.   Районийн Iедалшца бертахь, «Россихойн доьзална – хIусам»  программица догIуш а долуш, 58 725 м² хIусамийн комплексаш ю еш (848 петар). 2015-чу шеран 1-чу сентябрерчу хаамашца «Россихойн доьзална – хIусам» программехь дакъалаца лууш 90 стаг ву. Оцу программица доьзна, Нохчийн Республикин Правительствос тIелаьцна хилла долу декхарш 36,9 процент кхочушдина.   Шахьарийн урамашкара хьал тодарца доьзна  244,9 эзар м³ нехаш дIаяьхна урамашкара. Лаьттах йоьхкинчу нехийн барам 310,5 эзар м³ (царна юкъахь даханчу шарахь гулйина хилла йолу нехаш а ю) бу.   Хи латторан декъехь уггаре а дукха белхаш дина. ДIадаьккхина 8 917 биргIан хадар, 17,27 км керла биргIанаш а тийсина, 294 насос а хуьйцуш, 124 насос а тойина. 113,27 км хикховсаран сеташ меттахIиттийна. 66 яйна а, 84 «Рожновскин» бIаьвнна а ремонт йина. 564 гIу тойина, 1 173 гIу цIан а йина.   Хи дIаоьхуьйтучу объекташка кхоччуш болх байтархьама, 3 014 канализацин гIу а яссош, 353,8 км канализацин сеташ цIанйина. Иштта, 4,4 км канализацин сеташна а, 701 канализацин гIуна а ремонт йина.   ГIишлош йохъечу муьранна кечамаш бархьама, 94 Iаьнаран яй а, 218,4 км йовхонан сеташ а кечйина. Иштта, 703,6 км канализацин сеть а, канализаци цIанъяран 20 гIишло а кечйина. Цул сов, 6 584,4 км. хикховсаран сеташ а, 33 насосан станци а кечйина.

И.ХАСАХАНОВ

Суьрта тIехь: ГIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министерствон гIишло

№1, кIира, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: