Хьомсара вежарий, йижарий! 1964-чу шеран 3-чу январехь нохчийн халкъан оьмарехь уггаре а гIайгIане, сингаттаме бохам хилира. Оцу дийнахь махках ваьккхира устаз Кишин Кунта-Хьаьжа. Иза воккха эвлаяъ вара, АллахIах чIогIа тешарца, Цунна Iамал-Iибадат доггаха дарца адамаша шен сий-ларам баре, царна ша везаре кхаьчна волу. Оцу адамийн гIайгIа, бала, сингаттам байбан лууш вара шайх. Кишин Кунта-Хьаьжас адамашка даима а кхайкхамаш бора вовшашца бертахь, къинхетаме хилар, хьанал къахьегар доьхуш. Лекхаволчун бакъдош халкъе дIакхачадора цо. Иза адамийн иэсехь а, исторехь а висина воккха эвлаяъ, Iеламстаг санна. Ша деш долу и дика гIуллакхаш бахьанехь Кишин Кунта-Хьаьжа цавезавелира паччахьан Iедална. Оцу Iедало шена хьалха хIоттийнера нохчийн халкъах цуьнан берриге а Iеламнах, устазаш, эвлаяаш, шайхаш дIакъасторан декхар. Шеко йоццуш, Кунта-Хьаьжа махках ваккхар политикин доккха гIалат дара. Машаре, бертахь дахаре, къепене кхойкхуш волчу, дерриге а халкъо къобалвеш, сий-ларам беш волчу эвлаяан гIолацаран метта, Iедало иза хийрачу махка дIахьажийра. И дарца Iедало эзарнаш адамийн дегнашкахь оьгIазалла а, цабезам а кхоьллира. Амма эвлаяан хьехамаш тахана а халкъа юкъахь лелаш бу, церан мехалла дIаялаза ю. Кхузаманахь хIуьттуш долчу дуккха а хаттаршна жоьпаш карадо оцу хьехамашкахь. Халкъан иэсехь даима а вехар ву иза а, цуьнан хьехамаш а, цо дина дика гIуллакхаш а. Дала Шен барх кхачор боцу къинхетам бойла вайх массарах а.
№1, кIира, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2016 шо